"Амир Магас" санна вевзаш волчу ГIалгIайчуьрчу вахархочунна Тазиев Iелина велла дIаваллалц къаьсттинчу рожан колонехь йаккха хан тоьхна. Къилбан тIеман гонан Ростов-на-Дону гIалин кхело бина иштта сацам. Полисхошна а, ГIалгIайчоьнан бахархошна а 2009-2010-чу шерашкахь тIелатар дарна бехке лаьрра иза, йаздо ТАСС-о.
2010-чу шарахь ша дIалацалц вевзаш волу буьйранча вара Тазиев. "Вилайят Галгайче" (Экстремистийн "Имарат Кавказан" чоьтехь йолу "Кавказан фронтан гIалгIайн сектор") тоба кхолларна бехкево иза. Талламна хетарехь, шариIатан низамаш а лелаш, йозуш йоцу пачхьалкх кхолларан Iалашонашца 2007-чу шарахь цуьнан куьйгалхо хIоьттира Тазиев.
ГIалгIайн гIаттамхойн хилла волчу буьйранчана кхоалгIа валлалц тоьхна хан йу и. Хьалхара сацам 2013-чу шарахь бира масех бехкаца, пассажирийн автобус эккхийтарна, ГIалгIайчоьнан куьйгалхо Евкуров Юнус-Бек вен гIортарна, Несарарчу РОВД-н дозанехь теракт йарна а бехкаш дара царлахь.
ШолгIа валлалц хан туьйхира Тазиевна 2015-чу шарахь – официалерчу версица, 2004-чу шарахь Басаев Шемалан тобанах дIа а кхетта, "Оьрсийн Федерацин дозанан цхьаалла хийцоран Iалашонца" теракт кечйарехь дакъалаца гIоьртина хиллера иза.
- 2021-чу шарахь Тазиевн гIуллакх тешаме векалш а болуш таллийта дуьхьало йира. 2013-чу а, 2015-чу а шерашкахь шозза шена хан тоьхна йолчу Къилбан тIеман гонан кхеле шен тешам цахиларца доьзна ду бохура цо шен дехар.
- Дуьненахь дош лелачу бусулбачу нехан тептаре шозза кхечира Тазиев: 2009-чу а, 2010-чу а шерашкахь. Урдунан паччахьан талламан центран рейтингехь цунах "политик" олу, цо лелочух "Оьрсийчоьнан Къилберчу дозанехь маьрша исламан пачхьалкх кхоллар" санна дуьйцура цара.