Жигархошка а, хьалхо политикан тутмакхаш хиллачаьрга а хеттарш дан буьйлабелла ГIалгIайчуьра экстремизмана дуьхьало латточу Центрехь (ЦПЭ). Нохчийчоьнна а, ГIалгIайчоьнна а йукъара дозанаш хуьйцуш, 2019-чу шарахь хиллачу бертана дуьхьал Магасехь митинге бевлларш тергоне эцна ницкъахоша, шана дина таIзар текхна уьш боллушехь.
Хьастана тIетевжина "Фортанго" йаздо, жигархой ЦПЭ тIекхайкхинера, цигахь кара кехаташ делла царна, Iедалхошца дагабевлла йоцчу акцишкахь дакъалаца мегарг цахиларх. Политик Навальный Алексей колонихь валарца доьзна протесташка бовла кхерам хиларна дина хIума хила а тарло.
Масех сахьт даьллачул тIаьхьа кехаташ кара мел делларш йуха а тIекхайкхинера кхин цкъа а цаьрга хеттарш дан. Телефонехула зIене бовла аьтто ца хиллачеран цIа ихна полицин белхахой.
Ресурсан хьасто чIагIдо, Магасехь митинг вовшахтохарх гIуллакхан гурашкахь ден хеттарш ду уьш бохуш, ницкъахоша гойтура протестан декъашхойн суьрташ, уьш муьлш бу дийца бохуш.
Дахначу кIиранах "Фортанго" хаамбора, Магасера ЦПЭ Центре 20 гергга "гIалгIайн гIуллакхехула" таIзарш текхна нах тIекхайкхинера аьлла – царах талламбира, мехкан хиллачу урхалхчун Евкуров Юнус-Бекан вешин Евкуров Юсупан цIенна тIе герзаш деттарна бехке буй хьовсуш. Керлачу шеран буса муьлш бу ца хуучу наха герзаш тоьхнера Евкуров Юсупан цIенна тIе, цхьа а вийна-лазийна вац.
- 2018-чу шеран гезгамашин-баттахь ГIалгIайчоьнан а, Нохчийчоьнан а Iедалхоша бертан куьйгаш йаздира мехкашна йукъара доза хуьйцуш. Цо протесташ гIаттийра ГIалгIайчохь. 2019-чу шеран зазадокху-беттан 26-27-чу деношкахь Магасехь кхин а цхьа митинг хIоттийра, цул тIаьхьа ницкъахошна а, дуьхьалончашна а йукъахь тийсадаларш хилира.
- 2021-чу шеран гIуран-баттахь Ессентукера хьалхарчу инстанцин кхело ворхI жигархо бехке лерира ницкъахошна дуьхьа ницкъ баккхарна а, экстремистийн йукъаралла вовшахтохарна а, цу йукъахь дакъалацарна а. ВорхI шарна а эхашарна а тIера исс шаре кхаччалц хенаш йиттира царна шогачу хьелашкарчу колонихь даккха. Стохка товбеца-баттахь Ставрополь-мехкан кхело апелляцин инстанцихь кхин а тIе чIагIдира таIзар, уьш маьршабаьхначул тIаьахьа церан маршонна доза тухуш.
- Зазадокху-беттан 27-чохь митингах хIоттийначу гIуллакхехь верриг а бехкевийриг ву ву 52 стаг, билгалдоккху ОВД-инфо гIирсо. Бакъоларйаран "Мемориал" центро "гIалгIайн гIуллакха" йукъара нах политикан тутмакхаш лаьрра.