ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ГIалмакхойчохь колонин белхахошна тIелетта Дагестанера тутмакхаш. Царна тIехь ницкъбеш хилла


ГIалмакхойчуьра ИК-2
ГIалмакхойчуьра ИК-2

ГIалмакхойчуьра кхело таIзар кхайкхийна номер 2 йолчу колонихь хан токхуш хиллачу шинна, цхьа белхахо а вуьйш, колонихь бунт гIатторна. ТаIзар динчу цхьанна 25 шо хан тоьхна, вукхунна – велла дIаваллалц. Хетарехь, буьйцурш бу дагестанхой Атимагомедов Магомед а, Купамагомедов Дауд а – къизаллица гIело латтош хилла цу шинна тIехь.

Динчу таIзарх лаьцна хаамбина республикера Талламан комитетан урхаллин пресс-гIуллакххоша. Комитетан версица, тутмакхаша, "шайн куьйга ирйинчу палстух а, дагарца куьйга кечйинчу арматурица а пайдаоьцуш" тIелатар динера колонин белхахошна. Йинчу чевнех велла колонин цхьа белхахо, шолгIачунна вон чевнаш йина. Ишта Талламан комитето чIагIдарца, цхьахволу тутмакх вен а гIоьртина хилла уьш, цул тIаьхьа ницкъбина колонин кхин а йалх белхахочунна.

Тутмакхийн цIераш йаьхна йац, амма, дийцарехь духе кхиъна, вуьйцург, хьалхо къола дарна кхаа шарна а, эхашарна а таIзар дина хилла Атимагомедов Магомед а, стаг верна 15 шо хан тоьхна хилла Курамагомедов Дауд хиларна.

Шогачу хьелашкара колонихь хан токхур йу шиммо а, иштта хIоранна а тIедожийна миллион сом компенсаци волайнхошна дIадала.

2022-чу шеран марсхьокху-беттан 5-чохь дина ду тIелатар. Дукха ца Iаш Атимагомедовн адвокато Алиева Азас а, Курамагомедовн адвокато Мунтян Снежанас а дийцира бехкебечарна тIехь къизаллица Iазапа лелорах.

"Цунна йиттина, тIехь ницкъбина, чайник чу ьра кхихкина хи тIедиттина, верриг а ваьгна ву иза", - дийцира ша Iалашвечух Алиевас. Иштта хьийза а вина иза.

Мунтяна дIахьедина, Курмагомедовн дегIа тIехь ницкъбина лараш йу: "чевнаш, Iаржъйелла меттигаш доллу дегIа тIехь", гIоьмаш йиттина лараш йу куьйгийн даьIахкаш тIехь жижигаш тIе кхаччалц, бIаьргийн гонаш Iаьржа. Курмагомедовс дийцарехь, хьатI тIедиттина цунна, Атимагомедовна санна цIий дина хи а, цу тIе Iазапаш хьегна талламхо чохь а волуш.

  • 2022-чу шеран марсхьокху-беттан 18-чохь дийца даьккхира бехкзуламан гIуллакх айдарх номер 2 йолчу колонира тутмакхашна тIехь гIело латторна. Атимагомедов а, Курамагомедов в воцург, кхин а бархI волайнхо вара оцу гIуллакхехь, делахь а масех бутт баьлча шаьш дина аьрзнаш йухаийцира цара. Стохка зазадокху-баттахь колонин шина белхахочунна дуьхьал бехктакхаман гIуллакх долийра, хьаштагI цIанйечу щеткица цара Атимагомедов хьийзийна хиларна.
  • Атимагомедовн гергарчара дийцира Кавказ.Реалии сайте, колонихь цуьнан "кочаэхарх, масийттаза ламазан куза схьабоккхий, дIакхосарх". Ишта Атимагомедовн вешин дешнашца, исс баттана луьра хьелаш долчу дехьаваьккхинера иза, цхьа а бахьана а ца дуьйцуш. Цуьнан дешнашца, бусалбанашка ламазаш дойтуш ца хиллера цхьаьний дIахIиттина, ткъа цхьацца дIахIоьттина ламаз дечу хенахь титанаш лелийнера тIехьа а хIиттина.
  • "Оцу колонихь цкъа мацах хан йаьккхина клиенташ бу сан, цара а бохура, бусалбанашца харцо лелош, гIело хьоьгуьйтуш хиларца дика йевзаш йу и набахте. Цхьа а бахьана доцуш гIуллакхаш дуьхьалдоху терроризмана а, экстремизмана а бехкебеш, бусалбанашна дихкина динца доьзна гIуллакх лелор, экстремизм йу и а бохуш", - дийцира адвокато Мунтян Снежанас номер 2 йолчу колоних лаьцна.
  • Террорхойн "ДжамаIат" йукъаралла кхолларх гIуллакх долийра ГIалмакхойчохь йолчу ИК-2 набахтерчу тутмакхашна дуьхьал. Талламна хетарехь, 2013 шарахь Гасанов Шахбан кхоьллина и тоба – цигахь хан текхна боху оцу цо, низамехь доцуш герз дохкарна. 2015 шарахь Гасанов Хасавйуьртахь вийра. ГIуллакхехула 100 гергга стаг ву бехкевеш, шайлахь оцу набахтин куьйгалхо, цуьнан гIовс волуш – терроран тобанна Iуналла дарна бехкево и шиъ.
  • Кавказ.Реалиин редакцин аьтто хилира хьалхо цхьахволчу таIзар динчуьнца къамел дан – Рамазанов Магомедалица. И гIуллакх шайггара кхоьллина ду цара бохура цо, бакъ ца дора "набахтен джамаIатехь" ша хилар а, и гара ду бохург а.
  • Стохка мангал-баттахь бакъоларйаран "Йукъараллин вердикт" организацино дехар дира Талламан комитете, номер 2 йолчу колонира тутмаккхо ВИЧ-инфекци лазар кхетийтина шех аьлла, дIахьедар динчул тIаьхьа. Бераллехь дуьйна заьIапхо ву ша, дIахьединера цо, бакъоларйархойн тоьшаллица, наркотикех воьзна а вац иза.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG