ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ГIалмакхойчохь сталинхойн репрессешна хIолам хIоттийна


Шин-Мер эвлахь Сталинан махках баьхначарна лерина хIолам хIоттор. Кетченеровскан кIоштан администрацин официалан телеграм-каналера схьаэцна сурт
Шин-Мер эвлахь Сталинан махках баьхначарна лерина хIолам хIоттор. Кетченеровскан кIоштан администрацин официалан телеграм-каналера схьаэцна сурт

ГIалмакхойчоьнан Шин-Мер Кетченеровск кIоштан йуьртахь 1943-чу шарахь махках баьхначу Багшин-Шебенеров цIийнахчу меттигерчу бахархошна лерина хIолам хIоттийна.

"1943-1957 чу шерашкахь Сибрехан латта тIехь сталинхойн репрессийн Iазапаш лайначу Багшин-Шебенеровхошна" аьлла йаздина ду Иэсан тIулга тIехь. Амма меттигерчу Iедалан телеграм-каналехь хIоттийначу хаамехь гIалмакхой арабахарна бехкечеран цIераш йохуш йац.

Iедалхоша дийцарехь, хIоллам хIоттон дагадеънарг меттигера совдегар Поваев Владимир ву. ХIоламан автор Элиста гIалан хилла коьрта архитектор Шалаев Сергей волуш. ХIолам гучубоккхучу церемонехь дакъалецира меттигерчу Iедалан векалша а, тIеман министралло йукъабаьккхинчу "Юнармия" тIеман-патриотийн боламо а.

2012-чу шарахь динчу зерашца лерича, Шин-Мер йуьртахь дехаш 304 адам ду. Махках баьхначу гIалмакхошна кхузахь хIоттийна хIара хIолам Кетченеровск кIоштахь дуьххьарлера бу.

"Улусы"лерина операци аьлла цIе тиллина, Сталинан омраца НКВД-но цIерабехира гIалмакхахой. 1943-чу шарахь гIуран-беттан 27-хь СССР-н лаккхарчу кхеташонан президиумо омра дира "ГIалмакхахойн АССР дIайохош, РСФСР -на йуккъе Астраханан мохк балор" аьлла. ГIуран-беттан 28-хь Молотов В.М. куьг йаздира ГIалмакхахойн АССР дIайохорна а, гIалмакхой Сибреха а, Йуккъерчу Ази дIабохорна а. 1989-чу шарахь лахьан-беттан 14-хь СССР-н лаккхарчу кхеташоно гIалмакхахой а, кхиндолу СССР-н къаьмнаш дIадохор "сталинхойн рожан къиза акци" хиларан даредира. 1991-чу шарахь охан-беттан 26-хь арадаьллачу РСФСР-н "Репрессеш хиллачу къаьмнийн реабилитаци" аьллачу низамехь билгалдаьккхина ду цу къаьмнашна йинарг "геноцид хилла" аьлла.

1943-чу шарахь, гIуран беттан 28-29 чу деношкахь ГIалмакхойчуьра йерриге кIошташкара бахархой аьчка-некъашна улло дIагулдеш, вагонашна чубоьхкира. Вовшахкхеттарг 46 шалон йара. Царна чохь цIерадоккхуш 93 эзар адам (26 эзар доьзал). Алтайск, Красноярск, Омск, Новосибирск мехкашка дIабигира гIалмакхой. Депортаци йинчу денна, 1946-чу шеран охан-баттана йуккъехь велла лоруш вара 14 343 гIалмакхахо. Тайпа-тайпачу хаамашца, 97-98 эзар цIераваьккхинчу гIалмакхахочух 1943 -1950 шерашкахь кхелхина лоруш ву 40 эзар сов стаг.

2022-чу шеран дечкен-баттахь ГIалмакхахойчохь шуьйрра дийцаре дира "Йист йалар а, и ЦIаберзар" цIе йолу сталинхойн репрессешна лерина иэсан хIолам - вагон-музей хIоттор. И вагон ларйийриг ша цу чохь Iаш вара, десачу шишанех, нехех иза йаьккхина йолуш. Элиста гIалан бахархоша иза лартIехь дац аьлла йемалдира, Iедалхоша хIолам пайден ца лерира.

2022-чу шарахь ГIалмакхойчохь къам цIерадаккхаран 79 шо кхачарна лерина барамаш дIабаьхьира. Церан декъахоша а, республикерчу Iедалхоша репрессешна бехкечеран цIераш ца йехира.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG