ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ГIалмакхойчуьра набахтехь террорхойн гIуллакхехула кхин а веанна таIзар дина


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

Ростов-на-Дону гIаларчу Къилбан гонийн тIеман кхело бехкевина Магомедов Магомед, Шкиптан Михаил, Хидиев Рустам, Осканов Тимерлан а ГIалмакхойчуьра колонихь кхоьллинчу террорхойн юкъараллица воьзна хилла аьлла. Цигахь таIзар токхуш бара хьалхо кхайкхийначу кхелашца, ткъа хIинца царна кхачийна шогачу рожехь йолчу колонихь ворхI шарна тIера итт шаре кхаччалц хенаш.

Террорхойн йукъараллехь дакъалаьцна ву аьлла таIзар дина веанна, Оскановна и доцург а бехкедиллина терроризмана кхайкхамаш бар, хаамбо кхелан официалан телеграм-каналехь.

Бехкбуьллучийн версица, тутмакхаша "Iарбойн мотт Iамош, идеологин кечамаш беш хилла, террорхойн йукъараллин декъашхоша хIитточу лекцишка а лелаш". Дийцарехь, Оскановс дIахьош хилла иштта лекцеш, цо гойтуш хилла террорхойн "Исламан пачхьалкх" шайх олучу тобанхойн идеологаша хьехамаш бен видеош. Цул совнах, таIзарца а догIуш, Шкиптана гулдеш хилла "террорхойн йукъаралло" лехьон ахчанаш, доккхачу декъанна, цунна карош хилла шайн машенаш лечкъорах а, йайначу хIуманех а дIахьедеш болу бахархой, ша церан йайна хIуманаш йухалур а бохуш, цаьргара ахчанаш дохуш хилла цо.

Кхелан информаци тIехь билгалдаьккхина дац, йуьйцург муьлха колони йу, амма 2013-чу шарахь йуьйцу йукъаралла кхоьллина хиларца, иза йу Яшкуль эвлара номер 2 йолу колони.

  • Ницкъахойн версица, 2013-гIа шо йуккъе даьллачу хенахь, герз оьцуш-духкуш лелорна тоьхна хан цигахь токхучу Дагестанерчу вахархочо Гасанов Шахбана вовшахтоьхнера и юкъаралла. 2015-чу шарахь ша маьршаваьккхинчул тIаьхьа, Дагестанехь лелаш хиллачу низамехь йоцуш вовшахтоьхначу "Кизляран сектор" тобанан амир ву ша аьлла, дIакхайкхийра цо. 2015-чу шеран зазадокху-беттан 31-чохь вийра иза. Талламан комитето чIагIдарца, Гасановн лорах баха буьйлира бIе тутмакхаш. "ТаIзар токхучу нахана йукъахь радикалан исламан идеологи йаржайора, терроризм а, террорхойн йукъараллин лелар массарна а гуш-хезаш бакъдора" цара. Цул совнах шайн тобане ийзабора керла декъашхой, уьш Iама а бора.
  • Верриг а террорхойн бенца боьзна 40 гергга стаг ву ИК-2 колонихь. Ву царлахь – колонин хилла хьаькам Батаев Павел а, цуьнан хилла гIовс Цамаев Артур а.
  • Кавказ.Реалиин редакцин аьтто хилира оцу гIуллакхна бехкевечу, СИЗО-хь латточу цхьаьнца къамелдан. Рамазанов Магомедалис боху и доллу гIуллакх шайггара кхоьллина ду, ша "набахтерчу джамаIатехь" хилар а, оцу кепара "гара" хилар а тIе а ца дуьтуш.
  • 2022-чу шеран мангал-беттан 6-чохь номер 2 йолчу колонера тутмакхаш тIелетира оцу набахтен белхалошна. ФСИН-н цхьа белхахо вийра, ворхIанна чевнаш йира. Тутмакхаша бахарехь, колонихь церан бакъонаш ца лорура динан билгалонца. ТаIзар токхучу Дагестанера Атимагомедов Магомеда а, Курмагомедов Дауда а дIахьедира, шайн тIехь къизаллаш лелайора аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG