Ростоверчу кхело Къилбаседа Кавказера йалх вахархо бехке лаьрра терроризмана пропаганда йарна, 5 тIера 8 шаре кхачалц хенаш тухуш. Цунах лаьцна Кавказ.Реалиин сайте дийцина кхелана уллорчу хьасто.
Сацамца а догIуш, ГIалмакхойчуьрчу набахтехь кхоьллина йолчу "Исламан пачхьалкхан" тобанна йукъабогIуш хиллера уьш –оцу набахтехь хьалхо хан текхнера цара.
Уггар шога таIзар диначех бу: Тулепов Мурад, Темуркаев А.С., ХIинжа-ГIалин вахархо Омаров Омар. Къаьсттинчу рожан набахтехь даккха 7-8 шераш диттина царна.
Тхагалегов Iеламна, Шехбузов Рустамна, С.Д. Джамаловна кхело 5-6 шераш дидиттина шогачу рожан набахтехь даккха.
"Радикалан исламан кхетам баржош, терроризм а, терроран йукъараллаша лелориг бакъдеш, экстремизман, терроризман чулацам болу материалаш йаржош" лелла боху и нах, талламхоша чIагIдарехь.
Цара массара шайна дехкина бехкаш харцдо, тIаккха и гIуллакх харц бух тIехь долийна хиларх дIахьедо.
"Набахтин джамаIатан" хьокъехь кхин а цхьа сацам бира стигалкъекъа а, мангалан а беттанашкахь ИК-2 набахтин тутмакхашна дуьхьал – хIетахь царна 24 шаре кхачалц хенаш йиттира.
Оцу кепара "ДжамаIат" кхолларна аьлла гIуллакх долийра ГIалмакхойчохь йолчу ИК-2 набахтерчу тутмакхашна дуьхьал. Талламна хетарехь, 20I3 шарахь цхьа хьенехан Гасанов Шахбан бохучу стага кхоьллина и тоба – цигахь хан текхна боху оцу стага, низамехь доцуш герз дохкарна. 20I5 шарахь Гасанов Хасавйуьртахь вийра. ГIуллакхехула I00 гергга стаг ву бехкевеш, шайлахь оцу набахтин куьйгалхо, цуьнан гIовс волуш – терроран тобанна Iуналла дарна бехкево и шиъ.
Оцу гIуллакхехула бехкаш бехкина волчу СИЗО чохь латточух цхьаьнца къамелдан аьтто хилира Кавказ.Реалиин редакцин. Рамазанов Магомедалис бахарехь, и гIуллакх дерриг харц бух тIехь долийна ду, ша оцу "набахтин джамаIатехь" дакъа лаьцна хилар, йа ур-атталла и "тоба" оцу набахтехь хилар а бакъ дац боху цо.
- Дагестанерчу № 7 йолчу колонехь "набахтин джамаIат" кхоьллина боху гIуллакх Ростов-на-Дону гIаларчу Къилбан гонан тIеман кхелехь луьстуш ду. Набахти чохь терроран йукъараллехь дакъа лацарна бехкебо иттанашкахь нах – итт шаре кхачалц хенаш йетта тарло царна. ГIуллакхехула кийтарлонаш Iаткъам барца, Iехорца йаьхна йу бохура адвокаташа, бакъоларйархоша а, тIаккха и бехктакхаман гIуллакхаш "лартIахь дац" аьлла цара.
- 2022-чу шеран Марсхьокху-баттахь украинхойн экспертийн "Сова" тобанан а, иштта адамийн бакъонаш Iалашйечу "Мемориалан" а бакъонашларйархоша дийцира Кавказ.Реалиига, дуккхаъчу "террорхойн" гIуллакхашна шаьш тIе дуьтуш дац, цундела дохку бехкаш бух болуш дуй хьовса таро ца хуьлу шайн аьлла. Ткъа информаци шайн каракхаьчча, гучудолу дуккха а низамаш талхийна а, харцонаш лелийна а меттигаш.