ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ГIарайевлла кхелаш а, гайтаме таIзарш а: Къилбаседа Кавказера 2023-чу шарахь хилла бехкзуламан гIуллакхаш


 Талбиев Кемал, Ризванов Абубакар, Гаджиев Iабдулмумин
Талбиев Кемал, Ризванов Абубакар, Гаджиев Iабдулмумин

Дагестанхойн журналистан Гаджиев Iабдулмуминан а, нохчийн оппозиционерийн ненан Мусаева Заремин а кхелаш йирзира 2023-чу шарахь. Дечкен-баттахь Нохчийчохь хатта долийра Журавель Никитин дов – КъорIан дагорна бехкево иза. Нах лечкъор, царна йеттар, тоьшаллаш тергал цадар - Кавказ.Реалии сайто карладоккху, дахначу шарахь Къилбаседа Кавказехь муха ийдора бехкзуламан гIуллакхаш, йа муха луьстура гIарадийлина бехктакхаман гIуллакхаш.

"ХIаваан" кхел йар

Гезгамашин-баттахь дерзийра, деа шарахь сов лаьттина журналистан Гаджиев Iабдулмуминан довхаттар. Цунна 17 шо тоьхна шогачу хьелашкара колонихь даккха. Кхело хьесап дина, кхечу таIзаре хIиттийначаьрца цхьаьна - Москвара бизнесхочуьнца Тамбиев Кемальца а, "Ансар" фонд йиллина хиллачу Ризванов Абубакарца а- террорхойн организацешна ахчанаш латтийна аьлла.

Талламна хетарехь, ахча гулдан волавеллера Гаджиев 2009-чу шарера схьа дуьйна Ахмеднабиевн тIедилларца (динан хьехамча Саситлинский Абу Iумар), карарчу заманчохь Оьрсийчохь лехамашкахь ву иза. Талламо чIагIдарехь, бакъо йоцуш вовшахтоьхначу тобанан хьашташна дерриг а цара дIахьийтинарг ду 204 эзар долларш а, туркойн 48 эзар лира а.

Публикацешкахь терроризмаца зIе хилар ца гина кхаа лингвистийн экспертизана, билгалдоккху цуьнан адвокаташа а, белхан накъосташа а. Артиклаш теллинчу эксперташна цигахь къаьстинарг ду, ша шена тIехь болх а беш, стаг кхиамашка кхача веза аьлла кхайкхамаш хилар. Царна массарна а 19 шераш тоха аьлла, дехар деш пренешкахь прокурор вистхиллачул тIаьхьа, журналисто йаздира социалан машанашкахь: "Дикаллин пропаганда" бен оцу артиклашкахь кхин хIуммаъ дац боху экперт, куьйга эашарехь кхетон гIертара шен дешнаш ца хезаш санна Iен прокурор".

Жигара шайн бехк цахиларх тешон хьийзара таIзаре хIиттийнарш кхелан къестораш доьлхучу заманчохь. "ХIаваан хилла а ца Iа кхайкхийна таIзар. Оцу кепара бехк а биллина, хан тоххал шайгара кхоьллина а (теоретикехь) бахьанаш дацара", - йаздира Гаджиевс кхел кхайкхийначул тIаьхьа. СИЗО-ра йаздо журналисто шен а, шеца цхьаьна чохь бахкочийн а бехкзуламан гIулакхех тексташ. Уьш зорбане йоху цуьнан гергарчара социалан машанашкахь.

Бекхаман бен гIирс

Кху шеран товбеца-баттахь дирзира федералан кхелахо лаьттинчу Янгулбаев Сайдин а, нохчийн жигархойн ненан Мусаева Заремин довхаттар. 2022-чу шеран дечкен-баттахь шен хIусамдеца Лаха Новгородехь йехаш хилла 53 шо долу Мусаева кадыровхвоша лачкъийна Нохчийчу дIайигира, теше санна кхелехь цуьнга хетарш дан аьлла. ХIара хIума хилале хьалха пачхьалкхера дIабахара цуьнан кIентий, Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана кхерамаш тийсарна шайн синош довдийна.

Цуьнан берашна бекхам бан хьийза Нохчийчуьра Iедалхой оцу кепашца

Мусаева бехкейина полисхочунна ницкъбина аьлла. "полисхойн декъехь хиллачу белхахошка боьха мотт лебарна", "агресси гойтуш, уьш сийсазбеш, оьздангаллех йаьлла" бохуш, бехкаш дохкура цунна. Ткъа полисхочо шегара бехк баьккхича, талламхойн версица, Мусаева цунах лета йолайелира, мIараш а туьйсуш.

Нохчийчохь луьстуш дара оппозиционерийн ненан гIуллакх. Цунна таIзар кхайкхочу дийнахь тIелетар дира "Новая газетин" журналистана Милашина Еленина а, адвокатна Немов Александрна а. Соьлжа-ГIалара аэропортана гергахь туьтмIаьжгаш йоьхкина, герзашца болчу наха такси чуьра арадаьккхина, къиза йиттинера цу шинна. Милашинин корта а баьшна, баьццара коьчал йоьттинера тIе. Адвокатан когах урс тоьхнера, "цхьа Iалаш ма ве кхузахь" бохуш. Хиллачун "маса йистйаккха йеза" элира Кремлехь, делахь а, талламаш барх цхьана а кепара жамIаш дац хIинца а.

Эххар а пхи шой, ахшой туьхийра Мусаевана. Оццул хан йехнера цунна прокуратуро ТIаьхьо кхело таIзар кIад дира пхеа баттана лахдеш, цуьнан могушаллица дуьйзира бахьана.

"Аса дина дац зулам, йа сан гIора а дацара", - элира Мусаевас кхелехь. ГIуран-баттахь кхел дуьхьал хилира хенал а хьалха иза арайаккха. Мусаева Заремин кIенташна дуьхьал – ИбрахIимна а, БойсагIарна а – терроризмана кхайкхамаш барна а, экстремистийн организацица болх барна а гIуллакхаш даьхна.

"Авторитетна" велла дIаваллалц хан тохар

Стохка гезгамашин баттахь кхело велла дIаваллалц хан йаккха набахте хьажийра "Оьрсийчоьнан коьрта киллер" Гагиев Аслан, зуламхойн гонашкахь Джако аьлча вевза иза. Йеххачу заманчохь махкал арахьа вехаш вара Гагиев лечкъина. 2018-чу шарахь Австрино Оьрсийчоьне дIавелира иза. Зуламхойн тоба вовшахтохарна а, нах байарна а бехкевира иза. Талламан версица, Къилбаседа ХIирийчохь бандитийн тобанийн маша кхоьллинера цо. Гагиевн куьйгакIел болчара 60 стаг хIаллаквира республикехь, Москвахь, Подмосковьехь, бара царлахь – ницкъахой, махкара лаккхара даржхой, чIагIдо талламо.

Хьалхарчу кхеташонашкахь Гагиевс бакъдира Къилбаседа ХIирийчоьнан вице-премьер Пагиев Казбек ша вер, и тIедиллинарг "Цхьааллин Оьрсийчоь" партин цIарах пачхьалкхан думехь хилла депутат Макиев Зураб вара аьлла. "Гагиевн бандера" 24 декъашхочунна бекхам бина, ворхI лаца кхайкхийна ву, кхин а ворхI – вийна шайн тобанан йукъахь девнаш дийлина. Кхайкхийна долу зуламаш даран бахьанаш бух боцуш дара элира цо таIзар кхайкхийначул тIаьхьа.

Журавель карахь ву

Лахьан-баттахь йолийна Журавель Никитина тIехь кхел – Волгоградера маьждигна хьалха КъорIан дагорна бехкевина иза. Ницкъахоша дIахьедира, "СБУ-н" тIедилларца дина дара цо и, шена 10 эзар сом лур ду аьлча. Журавель бехкехиларх коьрта тоьшалла ду - лаьцначо ша дина мукIарло. Лаьцна ши де даьлча Талламан комитетан куьйгалхочо Бастрыкин Александра Журавелян гIуллакх Нохчийчу дIаделира. Регионера дуккхаъчу наха шаьш волайнхой лерина аьлла.

Журавелян таIзар, и гIуллакх а санна, гайтаме хила тарло

Волайнхо ву аьллачу кхаа имаме хеттарш дина талламхоша. Цара чIагIдора, Журавель Никитас шегара далийтинчо шайн сина зен дина аьлла. Верриг а 13 имам ву оцу гIуллакхехула волайнхо.

Марсхьокху-баттахь Соьлжа-ГIалара СИЗО-хь Кадыровн Рамзанан 15 шо долчу кIанта йиттира Журавельна. Ша Журавеля бинчу латкъамехула хиира цунах лаьцна, Оьрсийчохь адамийн бакъонаш Iалашйан векал йинчу Москалькова Татьяне дIахаийтинера цо. СИЗО-хь цунна билггал йиттина аьлла, тIечIагIдира Нохчийчоьнан куьйгалхойн бIанакъосташа. Цхьа бутт баьллачу хенахь мехкан урхалхочо шен канале хIоттийра, цунна йетташ дIайазйина видео. Ша"дозалла до" элира шен кIантах. Оьрсийчоьнан бакъонашларйархошлахь гIовгIа эккхийтина ца Iаш, пропагандисташа а цхьаьна дуьйцура цунах лаьцна. Бакъду, Кадыров Адамна дуьхьал бехкзуламан гIуллакх доккхучу меттана, совгIаташ тIеэгийра цунна, цуьнан хене хьаьжча, цхьадерш цунна дала йиш йацара.

Гаджиев а, Мусаева а, Журавель а политикан тумакхаш лерина бакъоларйархоша. Церан кхоллам, Кавказ.Реалии сайто хеттарш динчу эксперташа бахарехь, боьзна бу Iедалхойн лаамах. Гаджиевх дерг аьлча, иза маьршавоккхур ву аьлла, тешам ло, таIзар кхайкхочу кхаа суьдхочух цхьаннан "къаьстина хетарг" хиларна, аьлла хета политикан обзорхочунна Магомедов Магомедна. И бохург ду, кхелахо реза цахилар кхайкхийначу таIзарна, цунна и бух боцуш хетар. Къамелдинчунна хетарехь, оцу нюансо апелляцин кхеле сацам йухаэцийта тарло.

Ткъа Журавелян гIуллакх, Магомедовна хетарехь, динан буха тIехь сийсазаллаш лелорца доьзна зуламаш совцон хьажийна ду.

"Журавеля КъорIан дагийна, амма хIара дуьххьара хилла хIума дац КъорIан дагош. Хетарехь, ницкъаллин структурашна кхул а гIолехь долу хIума дага ца деана, нагахь санна, ахьа КъорIан дагадахь, хьоьца вон болчу нахана йукъахь хьуна таIзар дийр ду аьлла, дIагайтар доцург", - билгалдаьккхира Магомедовс, цунна ден таIзар а гайтаме хила тарло, и гIуллакх ша а санна аьлла.

Мусаеван гIуллакхехь иза набахтехь хIунда нисйелла массарна а хууш ду, билгалдаьккхира редакцица къамелехь "Iазапашна дуьхьал Командин" цхьахволчу бакъоларйархочо (цуьнан кхерамзалла ларйеш, цIе къайлайаьхьна). Цунна хетарехь, ма-дарра аьлча Мусаева политикан тутмакх йац, хиламийн волайнхо йу иза.

"Кадыровх лаьцна шайна хетарг диллина дIаолучу цуьнан доьзалхошна оцу кепара цуьнан бекхам беш бу Нохчийчоьнан Iедалхой. Кадыровн аьтто бу бекхам бан, цундела доькхуш ву иза. Цуьнан доьзална ша бекхам бина аьлла, Кадыровна хеттачу хенахь бен маьршайоккхур йац Мусаева", - билгалдаьккхира КПП-н белхахочо.

  • Бакъоларйархоша билгалдоккху, "меттигерчу Iедалхойн критикаш ма-луъу лоьцу, бертаза къайлабоху, ша хIуммаъ а дийр доций хууш". Цунна тоьшалла до Тепсуркаев Салманан масало. 1АДАТ оппозицин телеграм-каналан чатан модератор вара иза, кадыровхоша лачкъийна, тIехь ницкъбина, вийна боху иза. Ишта бакъоларйархочун Янгулабев Абубакаран нана Мусаева Заремин масало а, кадыровхоша Лаха Новгородехь лачкъийна, Соьлжа-ГIала дIайигина, полисхочунна тIелатар дина аьлла бехкейина
  • Къайлах набахтеш республикехь йац бохуш, чIагIдо Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана. Доккхачу декъанна, цо дIахьедира, шен шахьаран дозана тIехь бакъо йоцуш лецнарш чохь латтон лармаш йац аьлла. Оцу йукъанна "Новая газето" а, бакъоларйаран "Комитет за гражданские права" организацино а масийттазза хаамаш бира Нохчийчуьра къайлахчу набахтешкахь республикехь лачкъийна нах бу латтош аьалла. "Оппозицин блогеро Янгулбаев ИбрахIима дийцира, ша чохь валлийначу къайлахчу набахтех лаьцна, дийцира иштта Кадыровс дакъалацарх ницкъбеш.
  • Нохчийчохь белхаш бечу бакъоларйархошна кест-кеста кхерамаш туьйсу: гIадужу-баттахь Къилбаседа Кавказера "Iазапашна дуьхьал Командин" юристана Аламов Мохьмадна кхерамаш тийсира 28 шо долчу Яндиева Маринина цо гIо дина аьлла. ГIалгIайчохь тIехаийна Минеральные Воды гIала дIайигинера цо иза шен машенахь. Доьзалехь ницкъ бора шена аьлла йоIа гIо дехнера "СК SOS" тобане, ткъа цара КПП-ра шайн доттагIчуьнга орца дийхира. Яндиеван доьзало ультиматум хIоттийра: цхьана кIиранчохь Марина цIа йогIу, йа Мохьмад а, цуьнан гергарнаш а шаьш бойур бу аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG