ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"ГIазотехь дIакхалхор бу вай уьш". Кадыров Рамзана гулбеш бу тIамах уьдурш


Нохчийчуьра эскархой. Гайтаман сурт
Нохчийчуьра эскархой. Гайтаман сурт

Мобилизацих къехкаш берш лоьху Нохчийчохь: оцу категори юкъахь бу, дукха хан йоццуш арахьарчу мехкашкахь лела паспорт даккха кехаташ чуделларш а, шаьш бехачу меттиган адрес хийца гIертарш а, иштта мобилизацина дуьхьалболчийн гергарнаш а. Уггар хьалха дIахьийсабо и бахархой – дукха хьолахь буьйцурш бу тIекхайкха хан йоцу нах.

ХIокху тIаьххьарчу дуккхаъчу шерашкахь меттигерчу Iедалхошна дуьхьал гезгамашин -беттан 21-чохь дуьххьара митинг хилира – масех иттанашкахь зударий бевллера Соьлжа-ГIаларчу майдане, шайн хIусамашкара божарий тIаме хьийсор сацадар тIедожош.

Протесте бевллачийн кхолламах ма-дарра хууш хIума дац хIинца а. Оппозицин 1АДАТ боламан информацица, гулбелларш гIалин мэрин гIишло чу бигира берриш, цигахь латтийнера, цаьрца "къамелдан" Кадыров схьакхаччалц. Iедалшна резабоцчу зударийн гергарчарна тIаьхьабовларх лаьцна оппозицин блогершкара а кхочура тIечIагIбаза хаамаш. ДIахьедора, Украинерчу тIаме цхьахйолчу зудчун 19 шо долу доьзалхо а вахийтина бохуш.

И хаам бакъбан йа харцбан редакцин аьтто ца хилира. Хьалхо Кавказ.Реалиин хеттаршна жоьпаш делла протестан декъашхо дуьхьалъелира акци хиллачу дийнахь юха а йистхила, доцца дIахадийра цо: "Дерриг а дика ду".

"ДIакхалхош гIо дийр ду, йа меттабалор бу"

Нохчийчоьнан куьйгалхочо буьрса реакци йира дуьхьалонан акцина, резабоцчаьрга боьха багалейира цо, бехкаш дохкуш. Оцу дийннехь оьрсийн маттахь дIахьедира Кадыровс, акцехь дакъалоцуш 15-20 зуда хиллера аьлла, ткъа ницкъахошца хиллачу кхеташонехь нохчийн маттахь элира, 30 гергга зуда яра цигахь. Политикан дешнашца, Малхбузенан тIедилларца арабевллера зударий, ткъа царлахь болчу зударех марехь йолу цхьаъ шена "керла майра лаха араяьллера, кечъйелла" – оцу маьттазчу кепаца нохчийн нанойн дуьхьалонан акцина дискредитаци ян гIоьртира регионан куьйгалла.

Царех вай нах бийр бу. Йа гIазотехь дIакхалхор бу, йа меттабалор бу

Иштта Кадыров Рамзана дIахьедира, тIамтIе хьийсоран план 254 процентана махкахь тIехкхочушйина, цундела кхин а тIе мобилизаци кхийкхо оьшуш дац аьлла. Амма митинге бевллачу зударийн доьзалашкара божарий царна хаийтархьама Iаморашка хьийсийнера кхин дIа тIамехь "хьалхарчу могIаршкахь" дакъалацийта, элира хьаькамо. Иштта цо тIедиллира, республикера ара а буьйлуш, кхечу меттигашкахь регистрациш ян хьийзачу нахана а тIаьхьадовла аьлла.

"ХIинццалц схьа [кIелхьаравийла гIертарг] алапа а оьцуш, цIахь вижина Iийна, ткъа гIо оьшучу заманчохь, автомат охьа а тесна, водур ву? Со хууш вац, уьш хIун ю. Кхера а белла, арабуьйлуш бу [республикера], тIамтIе ца баха. Пайденна боцу, бевддарш дукха бу вайн. Вай нах бийр бу царех. ГIазотехь кхалхийтур бу, йа меттабалор бу", - аьлла Нохчийчоьнан куьйгалхочо.

ТIаьхьо билгалдаларца, тIамах бовда гIертачарех дIатуьйхира иштта арахьара паспорт даккха кехаташ чуделларш а цхьаьна.

"Ас хьоьга боху хьуна, кIелхьаравийла гIертарг. Кеп-кепара бехказлонаш леха мегар ду ахь. ТIеман идей а, герзан концепци а хьайна хийра ю, ницкъабр а дезаш вац бохуш, туьйранаш дийца мегар ду ахь. Амма дIахаалахь, хьо кIилло ю, ямартхо а, шолгIа сортан стаг а ву. Хьайн пхьагалан синан лай ву хьо, гергара нах, доттагIий, бевза-безарш, хIусам, гIала дIатосуш ву хьо…", - яздина Кадыровс телеграмехь.

Мобилизацих Туркойчу бевдда бахнарш юхаберзоран некъаш дийцаредо махкахь

Нохчийчоьнан куьйгалхочо ницкъахошца дIаяьхьначу кхеташонера сюжет зорбане яккхале хьалха дуьйна а хаамашбора, Iедалхой тIаьхьабевлла лелачу нахана мобилизаци йеш ю бохуш. Цхьа могIа оппозицин телеграм-каналаша яздора, гIалийн, кIоштийн МВД-н дакъошкахь божарий сецош хиларх чуделлачу кехатийн хьокъехь дерг дуьйцуьйтуш. Цул тIаьхьа, чIагIдарца, хьалха дIайоьдучу тобанашца Украинан малхбалерчу дозанашка хьийсон тарлора уьш. Мел лахара а, ишттачу цхьаннах хиира Кавказ.Реалиина гезгамашин-беттан 25-чохь.

"Вешин кIант тIекхайкхинера, хиттинера, стенна оьшу цунна арахьара паспорт, цхьанхьа а ваха билеташ эцний цо бохуш. Бехкевора, вада дагахь ву хьо бохуш. Цхьана кехатана куьйг таIийначул тIаьхьа, дIахецнера, ладоьгIуш Iе аьлла. Паспорт схьалахь а, суна хетарехь, дIавахалур вац иза. Росгвардин могIаршкахь лоруш ву иза хIинца, мичча хенахь а Iаморашка дIавига там бу иза, тIаккха тIаме а", - дийцира къамелдинчо, шен цIе а ца йоккхуш.

Нохчийчуьра миграцин урхаллехь хIинца а къастаза дуьссу, арахьара паспорташ ца дала хIун бахьана хьовзор дара цахаарна: юьхьанца техника галъяьлла бехира, цул тIаьхьа Кавказ.Реалиица хиллачу къамелехь урхаллин белхахочо тIечIагIдира, военкоматера кехат дар хIинцца бен тIедожийна дац, Украинехь долчуьнца доьзна а ду аьлла. Гезгамашин-баттахь дIакхайкхийра, военкоматера кехат даим а оьшуш дара паспорт доккхуш аьлла, амма редакцица къамелдинчу дуккхаъчийн тоьшаллашца, и бакъ дац.

Бакъоларъярхоша масийттазза дIахьедора, цхьанадекъана мобилизаци кхайкхаяле хьалха дуьйна регионехь кегийрхой бертаза "лаамхой" болуш санна, тIаме баха декхаребарх, дукха хьолахь, бехктакхаман гIуллакхаш дуьхьалдохур ду а бохуш. Оцу бахьанаца тергал дира республикехь бахархой тIетаьIIина дIабоьлхуш хилар – туркойн Стамбуле а, Антали а.

Кавказ.Реалиин Нохчийчуьра бакъоларъяран органашкарчу хьастийн хаамашца, махкахь "дийцарш долийна, Туркойчу бевддарш [мобилизацих] цIа балон некъех". И дан гIуртур бу, цхьана "официалан дехаршца", йа гергарчарна Iаткъам бина. Ткъа тIекхойкху кехаташ, цо дийцарехь, дIакхоьхьуьйту "бен-башха а доцуш".

ГIад дайна хьал

Бертаза мобилизаци буха нисбеллачарна хала хир ду тIамехь дакъа ца лоцуш, кIелхьарабийла, билгалдоккху "Фонд Ронделин" (Тбилиси) Iилманан белхахочо, историко Квахадзе Алекос.

"Бертаза тIекхайкхинчу [сепаратистийн] "ДНР-ра" а, "ЛНР-ра" а масалша гайтина, царех [дезертирех] къаьстина дакъош ца кхуллуш хилар, царех доккхачу декъанна дIадузу, эшамаш хилла тIеман дакъош. Зеделларг долчу тIеман гIуллакхдархойн куьйгакIел бу уьш, цхьаьна болуш санна болх а бо. Цхьана а декъехь уьдурш дукха ца хуьлу. Мобилизаци йиначаьрца дакъош вовшахтохаро кхин дIоггара яккхий проблемаш йохур яц, амма чолхе йохур ю тIелатаран [Украинан] операциш. Мобилизаци йинчеран дог-ойла гIаттаме яцахь а, уьш дукха хилар эвсара ду", - дийцина къамелдечо.

Цо бахарехь, Къилбаседа Кавказан регионашкара тIекхайкхинчеран мотиваци а, тIамехь дакъалаца бахьанаш а кIезиг ду, хIунда аьлча, церан цаторийла яц Украинан дозанаш дIалеца.

Украинхойн агIоно карадахкар хьоьху, лаамза мобилизаци йиначаьрга. И олий кхайкхамбо гуттар а пачхьалкхан президенто Зеленский Владимира а. Дийнахь-бусий саццаза болх бечу организациша хьоьху, хьалххе шех лаьцна хаамаш бовзийтар, цул тIаьхьа паргIат вукху агIонна герз охьадиллийта. Амма практикехь ма моьтту атта ца хуьлу, боху Квахадзес, ширачу дакъойн могIаршкахь болчу керла тIеэцначарна бакъо ца ло оцу меттигера арабовла.

"Мобилизаци йинарш тIамтIе а кхаьчна, шайн позицешкахь латтош белахь, царна хала хир ду карабаха. Спецназехь хилла, зеделларг долчун бен аьтто хир бац и дан. Гуттар хуьлу артиллерин тохарш, вукху агIор болчарна тIегIоьртина меттиг нислахь, цара герз тухур ду дуьхьал. Цундела тIеман аренгара вада гIортахь, цунна зен хила тарло. Шайн лаамехь карабогIу берш тIелаца украинхойн агIо кийча елахь а, ша и дехьаваларан процесс Iаламат чолхе ю", - дерзийра Квахадзес.

Гезгамашин-беттан 27-чохь Нохчийчоьнан куьйгалхочун пресс-секретаро Вахидов Iильмана дIахьедира, мобилизаци юхаяккхарх Кадыровс аьлла дешнаш харцахьа даьхнера "оппозицигахьа бирзинчу гIирсаша а, телеграм-каналаша а". Республикехь болу ницкъаш тоаме бу бохург дара и цуьнан аьлла.

Нохчийчохь тIекхайкхар сацийна бохучунна реза вац оппозицин блогер, юкъаралхо Масхадов Анзор. Иза тешна ву, Кремлна гергахь мел а план "тIехкхочушъярхьама" Кадыров юхавериг цахиларх массарна а бертаза мобилизаци ечуьра.

"Тахана цо (Кадыровс) нохчийн къомах пайдаоьцу шен Iалашонийн дуьхьа – царна тIаьхьаваьлла лела, чIираш кхийкхайо, дакъош нохчех дузархьама йийсаре лоьцу хIусамнаной, гергарнаш. Шайн ма-хуьллу мобилизацих бовда хьийза нах. Уьш уьду, мах лой а, кIелхьарабуьйлу, лечкъа. Оцу доллучо а гойту, мел гIад дайна хьал ду оккупаци йинчу Ичкерихь Оьрсийчоьнан оккупанташкахь", - дийцира Кавказ.Реалиица къамелдинчо.

Оьрсийчохь цхьанадекъана мобилизаци кхайкхийна президенто Путин Владимира. Цунах долчу указна куьйгъяздина, дIахьедира цо гезгамашин-беттан 21-чохь халкъе бинчу кхайкхамехь. Запасехь болу бахархой а, тIеман гIуллакхехула чекхбевлларш а бара тIекхуьйкхучийн могIарехь, тIаме хьийсабале хьалха кхин тIе а Iаморашкахула чекхбохур бу уьш, чIагIдора пачхьалкхан урхалхочо.

  • Махкара "1995-2002-чу шерашкара бахархой 2022-чу шеран гуьйренца эскаре гIуллакхдан тIекхайкхарх" омрана Кадыров Рамзана гезгамашин-беттан 14-чохь куьйгъяздира. Кавказ.Реалиино хеттарш динчу бакъонашларъярхоша а, политологаша а дIахьедо, махкара кегийрхой лаххьийна эскаре бахийта тарло – хIокху дуккхаъчу шерашкахь дуьххьара.
  • Кавказ.Реалиино хьалхе яздира, Къилбера а, Къилбаседа Кавказан регионашкара а дукха хьолахь дуьхьал хиларх Украинехь тIом бан, уьш юхабогIу – оцу тIехула Оьрсийчохь дукха хьолахь дIабоху уьш "тIеман гIуллакхна гунахь бац" олий. Оцу хьолехь виссира, масала, ГIебарта-Балкхаройчуьра 115 Росгвардин белхахо а, БуьрийтIера 50 контрактхо а, Краснодар-махкара "Пластун" ОМОН-н ротан белхахой а. Кхин а Къилба ХIирийчоь аьлла, шаьш шайна суверенитет йкхийначу махкара Оьрсийчоьнан базера 300 эскархо а велира, шайн лаамехь Украинера цIабахкарна, таIзарх.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG