ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ГIаззера арабуьйлурш тIеэца кийча хиларх дIахьедина Нохчийчохь а, Дагестанехь а


ГIаззан къилбехь Израила дина тохар, 2023 шо лахьан-беттан 21-ра
ГIаззан къилбехь Израила дина тохар, 2023 шо лахьан-беттан 21-ра

Нохчийчоьнан а, Дагестанан а Iедалхоша дIахаийтина, ГIазза секторера ца бевллачу денна арабуьйлу нах тIеэца регионаш кийча хиларх – хаамашкахь "Палестинера мухIажарш" олу царах. Нохчийчохь дIахьедина, 250 стаг дIатарван йиш йу шайн аьлла, Дагестанехь – 200, хьалхара 50 стагах лаьтта тоба кху кIиранах ларйеш йу.

Нохчийчохь кечамаш бу беш Оьрсийчоьнан бахархой тIелаца, хаамбира регионалан чолхечу хьолан министралло, кхоьллина оцу гIуллакхна белхан тоба. "Грозный" ЧГТРК-но билгалдоккху, 250 стаг дIатарван сацам тIеэцна мухIажаршца болх бечу Федералан штабо аьлла. Шела кIоштара Эвтарахь йолчу могушалла тайен "Горный ключ" лагерехь охьаховшор бу уьш.

Иштта "Палестинера мухIажарш" тIелацар дийцаредира Дагестанан министрийн кабинетан кхеташонехь а. Цуьнан куьйгалхочо Абдулмуслимов Iабдулмуслима дIахьедина, 200 гергга стаг дIатарван аьтто бу республикин Карабудахкентан кIоштара "Леззет" санаторихь а, ХIинжа-ГIалара "Дельфин" хьешан хIусамийн комплексехь а. Цо чIагIдо хьалхара мухIажарийн 50 стагах йолу тоба хIара кIира чекхдалале схьакхочуш йу. Хьукматашна тIедиллина царна транспорт вовшахтохар а, нахана лоьрийн гIо латтор а, зIе, уггар а хьалха оьшу хIума нисйар а. Оцу Iалашонашна Iедалхоша кхоьллина белхан тоба йу.

Дагестанера официалан хаамашкахь къастийна дац, буьйцурш Оьрсийчоьнан бахархой буй, амма царна улло бевлла гочдархой бу аьлла хьахорехь, хила тарло царлахь Iарбойн бахархой а.

Цул совнах, 250 "Палестинера мухIажар" тIеоьцуш хиларх хаийтина Башкортостанан Iедалша а, хаамбо пачхьалкхан ТАСС агенталло, - Оьрсийчоьнан МЧС-н куьйгалхочуьнца Куренков Александрца хиллачу кхеташонехь тIеэцначу сацамашна тIетуьйжу уьш. Иштта де хьалха хаамбира, ца бевллачу денна ГIазза секторан дозанашкара арабевлла 130 бахархой Калуган кIоштахь дIатарбийр бу аьлла.

  • Израиль Iалашйечу армино кхин а дIахьош йу лаьттахула операци ГIазза секторехь. И йолийра цара радикалан исламистийн, Американ Цхьаьнатоьхначу Штаташкахь а, Евробертан мехкашкахь а террорхойн организаци леринчу ХЬАМАС тобано Израилан къилбехь гIадужу-беттан 7-чохь тIелатар динчул тIаьхьа. ХIетахь 1200 стаг велира, 240 гергга, масех иттаннашкахь арахьарчу мехкашкара нах а цхьаьна, джихIадхоша йийсаре эцна, ГIаззе дIабигира.
  • Палестинхойн агIоно бехкаш дохку Израилан тIемалошна маьрша нах байарна. ХЬАМАСан Iуналла дечу ГIаззера могушалла Iалашйаран министралло чIагIдо, гIадужу-беттан 7-чохь секторехь 12 эзар адам делла бохуш. Царех дукхахберш зударий а, бераш а ду бохура. Бозуш боцчу хьасташкара тоьшаллаш дац оцу хаамна.
  • Израилан агIоно чIагIдо, шаьш ХЬАМАСан тIеман гIишлошна бен тохарш деш дац, иштта церан бахархойн инфраструктурина йукъарчу гIишлошна а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG