ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ГIебарта-Балкхаройчохь балкархой цIерабахар дагалоцуш барамаш хIиттийра


Юшаев Султанан "С родной земли" олу сурт
Юшаев Султанан "С родной земли" олу сурт

Зазадоккху-беттан 8-хь 79 шо кхочу советийн Iедало балкхарой Йуккъерчу Ази дIахьовсийна - ГIебарта-Балкхаройчохь и дагалоцуш барамаш хIиттийра.

ГIебарта-Балкхаройчоьнан пачхьалкхан университетехь дIаяьхьира Отаровн цIарах йолчу культуран йукъаралло кечйина концерт, йаздо РИА ГIебарта-Балкхаройчоь гIирсо. "ГIебарта-Балкхархойчоь" ГТРК-н гIирсаша дийцира Кенже цIе йолчу йуьртахь къаношца а, администрацин хьаькамашца а дешархойн хиллачу цхьаьнакхетарех - депортацех а, цо къоманна тIехь йитинчу ларх а лаьцна дийцира царна. Республикан куьйгалхочо Коков Казбека шен телеграм-каналехь балкархой цIерабахар дерриге къомана геноцид йар ду элира.

1944-чу шеран зазадоккху-беттан 8-чохь СССР-н чоьхьарчу гIуллакхийн коммисаро Берия Лаврентийс омра кхайкхира, 37 эзар балкхархошна Йуккъерчу Ази депортаци йар тIедожош. Германица болчу тIамехь мостагIчуьнгхьа озабезам беш, мостагIчунна гIодеш гIарадаьлла аьлла, и бехк тIе а йазбина, къам махках даьккхира.

Официалан терахьца аьлча, 1944-чу шеран оханан-беттан 1-чу дийнахь дуьйна схьа 1946-чу шеран гезгмашан-батте кхаччалц йолчу йуккъанна Казахстанехь, Киргизехь дIакхелхира 4 849 балкархо - аьлча а, хIора бархIаллгIаниг.

ЦIерабаьхна 13 даьлча магийра балкархошна даймахка йухаберза. И зазадоккху-беттан 28-гIа де ГIебарта-Балкархойчохь къам йухадендаларан Де лерина ду. Цул тIаьхьа кхин а 30 шо даьлча йукъаделира "репрессех чекхбевллачеран реабилитаци" олу закон.

  • Депортацехь дIадахначу шерех а, балкархойн тIемлойх а, къам даймахка йухадерзарах а Кавказ.Реалии сайтана дийцира филологин Iилманан доктор а, КБР Iилманан хьакъйолу белхало а йолчу Биттирова Тамарас.
  • 1944-чу шарахь чиллин-беттан 23-хь Иосиф Сталина деллачу омраца, нохчий а, гIалгIай а Совет-Iедална йамарт хилла аьлла, шайн махках баьхна, нуьцкъаха Йуккъерчу Ази дIахьовсийра. "Чечевица" цIе тиллинчу цу операцехь ах миллион адам даймахках хадийра. 2004-чу шарахь евро-парламенто сацам бира, нохчий, гIалгIай цIерабахар геноцид лоруш.
  • Советан заманахь депортаци йира миллионаш наханна, амма шайн къоман билгалонца буьззинчу барамехь махках даьккхира II къам: немцой, полякаш, финнаш- ингерманландцаш, кхарачой, нохчий, гIалгIай, балкхарой, ГIирман гIезалой, туркой-месхетхой, гIалмакххой, корейцаш. "Репрессех чекхдевллачу къаьмнашна реабилитаци" олу низам СССР йухучу 1991 шарахь бен тIеэцна дац.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG