Баксан гIалахь чуьйрашца инфекци хилла аьлла билгалваьлла 212 стаг, царах дарбан цIийне кхачийна -70, царна йуккъехь – 56 жима бер а, кхиозхой а бу. Iедалхоша таллам болийна молуш долчу хин дикалла зуьйш.
Республикин прокуратурин хаамашца, стационарашкахь лоьрийн гIо кхачийна 63 стагана, шайлахь 56 кхиазхо а волуш. Оцу йукъанна ГӀебарта-Балкхаройчоьнан могушаллин министралло йаздо дарбан цӀийне кхачийначу 70 стагах лаьцна, ткъа "Интерфаксо" регионерчу Талламан комитетана тӀе а тевжаш, дуьйцу, царна йукъахь 27 бер ду аьлла.
Могушаллин министралло бинчу хаамца, дарбан цӀийне кхачийначу нехан хьал йуккъерачу барамехь ду аьлла, ишта реанимацера йукъарчу палати чу дехьаваьккхина цхьа кхиазхо. Цуьнца цхьаьна Mash Gor телеграм-канало, хьасташна тIе а ца тийжаш, йаздо 230 сов стаг цомгаш хилла, царех шиъ реанимацехь ву бохуш.
ДӀовш даларан бахьана ду аьлла, официалехь тӀечӀагӀдина дац, амма эпидемиологаша толлуш йу хин дикалла. Бахархошна хьехар дина шишан чохь долу хи, йа кхехкийнарг бен ма мала аьлла. Меттигерчу хи латточу компанино хлор тухуш йу нахана дIакхачош долчу хих.
ГӀебарта-Балкхаройчоьнан куьйгалхочо Коков Казбека шен телеграм-каналехь чӀагӀдо, Строительный кӀоштан бахархой бен цомгаш хилла бац бохуш; цо хаам бира меттигашкахь нахана молу хи латтош хиларх лаьцна.
ГӀалахь шина школийн болх сацийна, шина берийн бешан а, цхьана колледжан а. Прокуратурано таллам дӀахьош бу, кхерамазаллин тIедахкаршца догӀуш доцу хьелаш хIиттор аьллачу артиклца бехктакхаман гӀуллакх долийна республикан Талламан комитето.
- Мангал -баттахь Дагестанерчу Буйнакскехь меттигера 270 вахархочунна кранан хица дӀовш даьллера. Хица хаайеллера дизентери а, ротавирус а, норовирус а. КӀоштан куьйгалхочо дIахьедира хин биргӀанийн талхар 70–80% барамехь ду альлла. Цул тӀаьхьа ши кӀира даьлча шен дарж дитира цо.
- Стигалкъекъа-бутт болалуш Роспотребнадзоро дӀакхайкхийра ХIинжа-ГIалин къилбаседан кӀошташкара а, цунна йистехь долу хи а мала кхераме ду аьлла. Дагестанера хаддаза хаамаш бу дIовшан цамгарех лаьцна, и доьзна ду дукхаахьолахь биргIанашчуьра охьадогIу хи дика цахиларца.
- Стохка гезгмашан-баттахь Кхарачой-Чергазийчоьнан Усть-Джегутинскан кӀоштахь чуьйрашца инфекци йаржар бахьана долуш 151 стаг цомгаш хиллера, царех 17 шо кхачанза дара 125 бер. Хи бахьана долуш дIовше цамгарш кхетаран бахьана билгалдаьккхира Роспотребнадзоро - хи латточу системехь зене бактереш хилар ду аьлла, ткъа цуьнан бахьана ду бохура -хинан биргIанаш тишйелла хилар.