ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ГIебарта-Балкхаройчохь камера хьалха хIиттийна йуьхьйаьхна кхиазхойн КъорIан сийсаздарна


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

ГIебарта-Балкхаройчуьра кхаа кхиазхочуьнан йуьхьйаьхна КъорIан сийсазден къамелаш дарна – цхьахволчу дешархочо, шен дас а санна, массарна а гуш-хезаш къинтIера довлар дехна. "Бакъонехь тIаьхье" хир йу аьлла цуьнга.

ХIун дина кхиазхоша, Динан урхаллехь хоуьйтуш дац. Цара дIайазйина ролик карийна йац цхьана а йиллинчу хьасташкахь.

Iеламчашца хиллачу цхьанакхетарехь регионера Динан урхаллин куьйгалхочо Дзасежев Хазраталийс дIахьедина, КъорIанах лаьцна берийн цхьадолу аларш – "эрчо йу", бусалба нехан уммера а, республикера а хьал талхон тарло цара. Кхиазхошкара даьллачух бехк цабиллар дехна ГIебарта-Балкхаройчуьра месхетой-туркойн йукъараллин куьйгалхочо Пашалиев Ильяза, цо а тоьшалла до и бераш оцу йукъараллера хилар.

Дешархочо гечдар доьхуш, шегара даьлларг "маьттаза хIума" ду аьлла. Цуьнан дас дIахьедина, шен берана тIехь "кхачам боллуш терго" ца йина ша, кхул тIаьхьа оцу кепарниг долуьйтур дац ша аьлла, дош делла.

"Хьан дохковалр оха тIеоьцу. Бакъонан майданахь хьуна дан догIу таIзар дийр ду хьуна", - аьлла кхиазхочуьнга Дзасежевс. Вукху шинга а кхайкхамбина цо, дохковалий гечдар деха аьлла. Бехк ца биллар доьхуш дIайазйина церан роликаш йац, берийн йаххьаш хьулйина йара видео тIехь.

  • 19 шо долчу Волгоградера вахархочунна Журавель Никитина йеш кхел йу Нохчийчохь. Иза бехкевина делах тешачийн дог-ойла сийсазйарна, камерана хьалха дIа а хIоьттина цо КъорIан дагийначул тIаьхьа. ГIуллакх мича буха тIехь вовшахтоьхна ду, хууш дац. СИЗОхь йиттира лаьцначунна Кадыров Рамзанан жимахволчу кIанта Адама. ТIаьххьарчу кхелан кхеташонехь Журавеля мукIарло дира, вевзаш воцчу цхьана стеган тIедилларца, цо мах лур бу аьлла, цхьа могIа тIедахкарш цуьнан кхочушдира ша аьлла.
  • Нохчийчоьнан урхалхочо Кадыров Рамзана хьийхира, Оьрсийчоьнан парламентан депутат Матвеев Михаил "аратаса" аьлла, цо динна дуьхьал къамелаш дарна. Цхьа сахьт ахсахьт даьллачу хенахь парламентхочо гечдар доьхуш дIайазйина видео хIоттийра, ша буьйцурш радикалан хьежамаш болу нах бара аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG