ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ГIебарта Балкхаройчохь таIзар дийр ду берийн дайшна-наношна гимн локхуш хьала ца гIовттарна


UKRAINE, YALTA – celebration of the Day of the Russian flag, 22Aug2019
UKRAINE, YALTA – celebration of the Day of the Russian flag, 22Aug2019

ГIебарта-Балкхаройчоьнан Нальчикера номер 33 йолчу школехь Оьрсийчоьнан гимн локхучу хенахь хьала ца гӀаьттина массех стаг дIаваьккхина – оцу хиламех йаьхна видеош интернетехь яржийначул тӀаьхьа, Пачхьалкхан Думан депутато Гурулев Андрейс кхайкхам бина низамхошка, "гимне лерам цахилар" гайтарна царна таӀзар де аьлла.

Видео яьккхина йу иссалгӀа класс чекхйоккхуш хIоттийначу барамехь. Mash Gor-н хаамехь, гимн локхучу хенахь дӀа ца хӀоьттинчу йалх баккхийчарна йуккъахь хилла Оьрсийчоьнан уггаре а йоккхачу энергетикан "РусГидр" компанин цхьана декъан куьйгалхо а, Оьрсийчоьнан дзюдо тобанан коьртачу тренеран хӀусамнана а – и дарж дӀалоцуш ву ГIебарта-Балкхаройчуьра спортан сийлахь мастер Таов Хасанби.

"Русгидро" компанехь тӀечӀагӀдина шен белхахо оцу гIуллакхана гунахь хиларна. Цара дӀахьедира, ГӀебарта-Балкхаройчоьнан декъан белхахочо - цуьнан дарж билгал а ца доккхуш - "компани йуьхьӀаьржа хӀоттийна, ворхӀ эзар стагах лаьтта энергетикан тоба сийсазйина" аьлла, хӀинца иза "бехказвала" вала везаш ву массарна а хезаш. Дзюдон федерацино комментари ца йира хиллачух лаьцна.

Инцидент хиллачул тӀаьхьа низамхошка дехар дахьийтина Пачхьалкхан Думан депутато Гурулев Андрейс. Товбеца-беттан 7-чу дийнахь Ӏуьйранна цо дӀахьедира, шен кхайкхамашна "сихонца жоп делла" аьлла. ТӀечӀагӀбина боцчу хаамашца, видео тӀехь болучарна гӀуданаш тоьхна Оьрсийчоьнан гимнах пайдаэцаран кеп йохийна аьлла – Нальчик гӀалин кхелан картотеки тIе кхочийла дац карарчу хенахь. Билггал маса стаг жоьпе озийна цкъачунна хууш дац.

  • Нохчийчуьрчу тӀамехь дакъалаьцна хиллачу травести-артисто Нечаев Сергейс къинтӀера довлар дехна Киберсиси Бомбан суьртехь бес-бесара беснаш долу байракх карахь а йолуш Оьрсийчоьнан гимн аларна. "Оьрсийн халкъан" хьалха ницкъах къинтӀера валийтира иза, Екатеринбургерчу "Консервативан Оьрсийчоь" олучу ультра аьтто агӀор болчу боламан декъашхоша.
  • Нацизман реабилитаци йарна аьлла кхел йина Самарера блогер Агафонова Алена политикан тутмакх лерира "Мемориало". Оьрсийчу йуха йирзина дукха хан йалале дIалецира иза цо йаьккхинчу забаре "Даймохк-нанас кхойкху!" ролик бахьана долуш, МВД-хь цунна гIуллакх дIакъовла дуьхьал хилира цо къинтIера довлар доьхуш видео зорбане йаьккхиншехь а.
  • Кисловодскехь кхело лаьцна меттигера вахархо, Даима йогучу цӀарна хьалха хIоттийна йолу кочар йагорна. "Оьрсийчоьнан тӀеман сийлаллин" объектана зен дарх аьллачу артиклца а догӀуш, набахтехь йаккха 5 шо хан тоха тарло цунна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG