ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ГIебарта-Балкхаройчохь тутмакхаша бунт гIаттийнера колонихь


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

ГIебарта-Балкхаройчуьра Каменка эвлара номер 3 йолчу колонира йалх тутмакхо бунт гIаттийнера, шаьш гIуданан изоляторчу (ШИЗО) дохкарна дуьхьал. Дуьххьара цунах лаьцна хаамашкахь дийцира масех телеграм-каналаша, тIаьхьо информаци тIечIагIйира Iедалхошкахьа йолчу "РИА Новости" агенталло.

ШИЗО-н шина камеричуьра тутмакхаша дечкен-беттан 9-чохь гоьнаш йагийнера – цуьнан тидам хилира колонин белхахойн, йаздо SHOT канало. Цара тIедожийра, шаьш чохь латточу камеричуьра хьелаш жимма аттачу дахар. Цхьа а ца лазош дирзина гIуллакх, чIагIдарехь.

Протестхой хилла талораш, къоланаш дарна, нах байина таIзар дина 22 шарера 33 шаре кхаччалц болу тутмакхаш. Карарчу хенахь колонихь беш таллам бу, лецнарш дуьхьал хилла мукIарло дан, хаамбина Mash Gor телеграм-канало.

Масех сахьт даьллачу хенахь ГIебарта-Балкхаройчуьра федералан таIзар кхочушдаран урхаллехь (ФСИН) бакъдира колонихь цIе таса гIортар, хаамбира "РИА Новости" агенталло. Iедалхошкахьа йолчу агенталлин хаамашца, штатан рожехь болх беш йу колони кху заманчохь. Оцу йукъанна УФСИН дуьхьал хилла оцу инцидентах бунт ала.

Масех тутмакх гоьнаш йагон хьоьвзинера колонихь, цхьа а лазийна вац, штатан рожехь болх беш йу колони, дийцира Новости хьастана УФСИН-н белхахоша.

Республикера ФСИН-н векалша а, прокуратуро а дуьйцуш дац тутмакхаша бунт гIаттийнера бохучу хаамах лаьцна. Кавказ.Реалиин редакцин аьтто ца белира Каменкера номер 3 йолчу колонин а, меттигерчу йукъараллин тергамчийн комиссин белхахошца а зIе таса.

Тоххара Каменка эвларчу колонина латкъамбинера. Къоман билгалонца шен хIусамдена Раджабов Мурадана а, Азербайджанера а, Дагестанера а кхин а шина тутмакхна а тIехь сийсазаллаш лелорах хаамбира 2016-чу шарахь Алиева Халисас. Зудчун дешнашца, тутмакхашна йиттинера колонин белхахоша. Раджабовн йуьхьа тIехь чевнаш йоллушехь, ОНК-хь дIахьедира, йиттина бохург бакъ дац аьлла.

  • ГIуран-беттан 29-чохь Сочира Адлеран кIоштара изоляторехь бунт гIаттийнера лецначара, цхьаболчара шайна тIехь зенаш динера. Информаци тIе ца чIагIйира официалехь. Лаьцна валийна 47 стаг Армавирера СИЗО шаьш дIадуьгуш дуй хиъча бунте бевлла бохура. 22 стаг дьухьал ваьллера, шаьш керлачу шарна изоляторехь дитахьара аьлла дехар динера цара.
  • ГIуран-баттахь Ангарскера колонихь бунт гIатторца доьзначу гIуллакхехула бехкевинчу Нохчийчуьра Хайдаев Хьумида мацалла кхайкхийра Иркутскера номер 1 йолчу СИЗО-хь. Бахьана хиллера изоляторан администрацино дискриминаци лелор – лаьцначунна кхоьхьуш хиллера бусалба нахана магийна йоцу йуург. ХIара истори нахала йаьллачул тIаьхьа, колонин администрацино йистйаьккхира оцу хаттаран. Хайдаевс йукъахйаьккхира кхайкхийна хилла мацалла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG