ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ГIелонах йедда, Нохчийчу дIайеллачу йоьIан кхолламах хууш доцу ши кIира а ду


Исмаилова Селимас
Исмаилова Селимас

Доьзалехь ницкъ бора шена тIехь аьлла, цIера йеддачул тIаьхьа Москвахь лаьцна, нохчийн полисхошка дIайеллачу Нохчийчуьра 20 шо долчу йахархочун Исмаилова Селимин кхолламах цхьа а кост доцу ши кIира а ду – мангал-беттан 13-чуьра дуьйна.

Оцу хеначохь адвокатийн аьтто ца хилира цуьнца зIе таса а, цо къола дина хиллера аьлла, цунна дуьхьал даьккхинчу гIуллакхан материалаш йовза а. Гергарчара бехкейина Исмаилова курхаллина – оцу бахьанаца лаца а лецира иза, хаамбо "СК SOS" кризисан тобано. Бакъоларйархошна хетарехь, Нохчийчуьра полисхоша цуьнан гергарчу нахе дIайелла хила а тарло иза.

Доьзалехь гIело хьоьгучарна гIо латточу бакъоларйархочо Попова Аленас петици хIоттийна Исмаилова Селима йолу меттиг катоххий схьабийца, цо къола дина аьлла, гIаттийна гIуллакх таллийта Москвага дIало аьлла, тIедожош. Иштта петици тIехь Оьрсийчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министрна Колокольцев Владимирна тIедиллина, и гIуллакх хьайн куьгакIел эца аьлла. Пхеа дийнахь петицина куйгаш йаздина 24 эзар стага.

  • Исмаилова шен 12 шо долчу хенахь деца-ненаца, вежаршца, йижаршца Германи дIайахара. Цигахь ненаца девнаш хилар бахьана долуш, цунна таIзарш деш хилла. 2021-чу шеран аьхка иза ТIехьа-МартантIерчу шен ден нене дIайелла. Германера цIавеъначу дас цунна йиттина. Йуьйр йу ша аьлла, кхерам тесна. Бакъоларйархоша республикера арайала гIо дина Исмаилова Селимина, масех баттахь, кехаташ кечдаллалц, иза Москвахь къайлайаьккхина латтийна цара.
  • Йаржийна зорбанашкахь Селимин дас, "заьIапхойн гIудалкх чу хаор ю", йа йуьйр йу хьо, Iедалехь шена бевзаш нах бу, хьо йийнийла цхьанна а хуур дац бохуш, шен йоIана кхерамаш туьйсуш, цуьнга кхехьийтина хилла аудиош. "Аса йоллу меженаш кегйийр йу хьан, хьуна хаа хаьа, аса иза дийр дуйла…Ахьа аьлларг дийр делахь, дацахь, хьайна гIаж йетта йолийча, ладогIа Iемар йу хьо", - боху дас цхьахболчу хаамехь.
  • Москварчу "Внуково" аэропортехь Оьрсийчуьра дIайаха арайаьлла Исмаилова дIалецира мангал-беттан 12-хь. Исмаилова лацаран бахьана цуьнан гергарчара полицехь цо къола дина аьлла дина дIахьедар ду. Къилбаседа Кавказера доьзалерчу Iазапах уьдучу мехкаршна церан цIерачара изза бахьана хIоттадо.
  • Мангал-беттан 13-хь Iуьйранна Исмаилова Нохчийчуьра схьабаьхкинчу полисхошка дIайелира. Бакъоларйархойн хаамашца, оцу дийнахь Москвара Соьла-ГIала доьдучу кемана хаа йина регистраци йара цуьнан, цу тIехь дIа а йигина иза. Нохчийчуьра ТIехьа-Мартанара полицин декъе йига йезаш йара иза, амма цигарчу белхахоша бахарехь, йоI цига йалийна йац. Полисхойна декъа хьалха буьйса йуккъе йаллалц лаьттинера адвокат, иза ларйеш, амма йоI хаайелла йац цунна.
  • Исмаилова Селимица Iоттаделларг - дуьххьара дац, шеконе бехктакхаман гIуллакх дуьхьал а дохуш, махкара веддарг кадыровхошка дIалуш. Эксперташна хетарехь, оцу кепарчу механизмех ницкъахоша кест-кеста пайдаоьцу.
  • Доьзалехь ницкъабр – Къилбаседа Кавказехь сих-сиха хуьлуш хIума ду. Меттигерчу бахархошна тIехь гIело латтайо хIусамдайша а, доьзалера кхинболчара а. Даим а санна, полицино тергамза дуьту оцу кепара хIума, нагахь бехктакхаман гIуллакх дуьхьал даккхахь а, лаххара хенаш туху.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG