Нохчийчуьра вахархо Мовлаев Мансур баттана чохь вуьтуш сацам бина Бишкекера Первомайскан кIоштан кхело. ГIиргIазойн Iедалша бехкевина иза бакъо йоцуш шайн доза хадорна а, Шемара радикалан исламистийн йукъараллашца уьйраш хиларна а. Мовлаев веддера Оьрсийчуьра кадыровхоша лачкъийначул тIаьхьа.
Кавказ.Реалиин сайтана процессехь дакъалаьцначу адвокато Автандил Бакыта дийцарехь, карарчу хенахь Нохчийчуьра вахархочунна бехк биллина цкъачунна шайн дозанехула дехьаваларна. Талламан тIедожорца къоман кхерамзаллин Пачхьалкхан комитетан СИЗО хьажийна иза кхело гIадужу-беттан 20-чу дийне кхаччалц.
"Сайн практикехь дуьххьара реза хилира со талламхоша аса Iалашван тIелаьцнарг лаьцна вуьтуш бинчу сацамна. Тхуна хетарехь, ГIиргIазойчохь лаьцна витар цуьнгахьа долуш ду, Оьрсийчу иза дIахьажочул а. Процесс йолайалале дуьйцуш хабарш дара, цIахь лаьцна вуьтуш сацам бан тарло, цул тIаьхьа харцонца пачхьалкхера ара а воккхуш, бохуш. Амма и бакъ ца хиллера", - дийцира Автандила.
Зорбанан гIирсашкахь информаци гучуйелира, боху адвокато, Мовлаев аэропортехь лаьцна вац, Бостери цIе йолчу эвлахь лаьцна аьлла. Юриста бахарехь, иза лоцучу заманчохь ницкъбина а хиллера цунна – хьалхо иза а харц динера.
Бакъоларйаран "Бир дуйно Кыргызстан" боламан куьйгалхочо Исмаилова Толекана Кавказ.Реалиин сайтана йеллачу комментарихь дийцира, Мовлаев Мансуран хьокъехь дуьненайукъара бахархойн бакъонийн йоллу процедураш йукъайалон лерина бу меттигера бакъоларйархой. Иштта Iалашо йу церан омбудсмене дIахаийта а, Iазапашна дуьхьал йолчу Центре бовла а. Бакъоларйаран организацеша гIо а деш, йукъараллин таллам бу дIахьур болуш, иштта луьстур ду, иза лоцуш цунна ницкъбар низамехь хиллий а.
Хьалхо ГIиргIазойчоьнан бакъоларйаран органаша дIахьедира, шайн информацица, Мовлаев Мансур "хьалхо таIзар текхначу террорхойн тобанера нахаца" хилла– динца доьзна радикалан хьежамийн агIончаш. ГКНБ-хь дIакхайкхийра, оцу гаранан декъашхойн Iалашо хиллера ГIиргIазойчуьра хьал долчу нахана тIелатарш дан, ткъа цаьргара даьхна ахчанаш дуьненайукъарчу террорхойн организацешна латтон".
VC.RU сайтан информацица, 28 шо долу Мовлаев Мансур тхэквандон спортан мастер ву. 2018-чу шарахь инженер болх беш вара иза "Чеченэнерго" компанихь. Цхьадолчу зорбанаша а, иштта нохчийн оппозиционераша а хаамбарехь, 2020-чу шарахь кхо шо тоьхнера цунна меттигерчу Iедална критика йарна. Делахь а, муьлхачу артиклехула цунна таIазар динера - кхелийн сайта тIехь оцу кепара бина сацам бац.
Хаамбо, Мовлаев хенал а хьалха 2022-чу шарахь маьршаваккхарх, амма марсхьокху-баттахь йуха а лачкъийра иза Нохчийчуьра Шела кIоштан ОВД-н белхахоша. Цхьахйолчу къайлахчу набахти чохь латтийнера Мовлаев, амма цуьунан ка йелира къайлах вада. ГIиргIазойчу кхечира иза карахь кехат а доцуш, стохка дуьйна цигахь вара иза, йаздо 24.kg сайто. Оьрсийчохь Мовлаев лехамашка велла, экстремизмех гIуллакх долош.
- Нохчийн жигархойн хаамашца, де хьалха кадыровхоша лечкъийна бигина, Йоккхачу АтагIахь бехаш болу Мовлаевн боллу гергарнаш. Карарчу хенахь Шеларчу полицин декъехь латтош бу уьш. Официалехь хIара информаци бакъйина йац.
- Украинана дуьхьал тIом болийчхьана бакъоларйархоша а, Кавказ.Реалиин сайтан хьасташа а дуьйцура, дукха хьолахь республикера ницкъахоша лечкъийна нах тIаме хьийсорах. Царех цхьаболучарна ультиматум хIоттайора, йа тIаме доьлху шу, йа Iазапаш хьоьгу, цул тIаьхьа шаьш айдинчу гIуллакхца набахте а доьлхуш олий.
- Нохчийчохь салтий бо доккхачу декъанна нохчийн оппозиционерийн гергарнаш. Масала, товбеца-баттахь политикан Закаев Ахьмадан вешин кIант Хьасан тIаме хьажийна хиларх хиира. Марсхьокху-беттан йуьххьехь Нохчийчуьра ЯнгулбаевгIеран вежарийн виъ гергара стаг нуьцкъаха тIаме хьажийра – церан ден ваша а, ден агIора кхоъ шича а. ЯнгулбаевгIеран вежарий Кадыров Рамзанан рожан критикаш бу. Абубакар бакъоларйархо ву, ИбрахIим, Бойсхар оппозицин IADAT телеграм-каналаца воьзна ву.