ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ГIирмера "Кавказ" портехь ракетано тIелатар а дина хи чу дахна цIерпоштан хIордан кема.


Краснодар-махкахь "Кавказ" портехь ракета тоьхна цIе йаьлча 30 цистерна йагориг чохь йолуш, хи чу дахна хинкема. Хаам бо, цу тIехь 19 стаг хиларх, царах 17 стаг кIелхьарваьккхина аьлла - хаамаш бира, йеаридийнахь Москвара хенаца 17 сахьт даьлча.

Хаамийн гIирсаша а, телеграм -каналаша а зорбане даьхна цIе, буькъа кIур а гойтуш долу суьрташ, видеош а.

Дукха хан йалале цIе йалар тIечагIдира Краснодаран кIоштан оперативан штабо "Киевн Iедалан" терроран тIелатар "дан гIоьртар” ду аьлла. ГIирман тIай тIехь некъаш дIакъевлира.

Украинхойн "Крымский ветер" теллеграм- канало а, Оьрсийчоьнан "Baza" канало а бинчу хаамца "Конро Трейдер" (хьалха "Акватрейдер") кеманна тIелатар динера. Кремлехьа йолчу "Shot" телеграм-канало дIахьедира хьастана тIетовжуш, украинхойн "Нептун" ракета хила мегаш йу тохар динарг аьлла, амма Mash канало дийцарехь, йуьйцург йу Storm Shadow ракета.

18 сахьт 20 минот йаьлча пачхьалкан РИА "Новости" агенталло, орцан сервишна тIе а тевжаш, хаамбира, хинкеман тIехь пхи стаг хилла аьлла. Темрюкан кIоштан администраци куьйгалхочо Бабенков Федора дIахьедира, хIордан кеман чохь 30 цистерна йагорг йара.

Москварчу хенаца 18 сахьт 40 минот йаьллачул тIаьхьа Краснодаран мехкан оперативан штабо хаам бира, паром хи чу дахана, портан территори тIехь цIе йаьлла меттиг бац.

ТIаьхо, 20 сахьт даьлча Краснодаран мехкан губернатора Кондратьев Вениамина дIакхайкхира кемана тIехь хилла экипажан виъ декъашхо кIелхьарваькхина аьлла. Цо бахарехь, "хIинца коьрта декхар ду- бисина нах пароман экипажера кIелхьарбахар".

Цул тIаьха, ах сахьт даьлча Кондратьевс шен телеграм- каналехь керла хаам бира – 17 стаг кIелхьараваькхина, кхин а шиъ лоьхуш ву хIинца а аьлла. Хи тIехула йагорг ца йаржийта барамаш а бу дIахьош.

"Крымский ветер" канало, шайн хьасташна тIе а тевжина, йаздо, дийна виъ стаг дIакхачийна аннекси йинчу ГIирмера Керчан дарбан цIийне, царех цхьаъ Iаламат вочу хьолехь ву аьлла. Официалехь хIара информаци бакъйина йац.

  • Порт “Кавказ” Оьрсийчохь йакхийчех йу, Керчан хидоькъехь йу иза, цунах пайдаоьцу ГIирме нах бахийта а, Украинан дIалаьцначу латтанаш тIера мехкдаьтта а, йалта а дохьуйтуш а.
  • Товбеца -беттан 23-чу дийнахь Кранодаран мехкан губернатор Кондратьев Вениамина хаам бира дронаша "Кавказ" портан тIелатар дарх, цхьаъ стаг вуьйш, пхиъ лаза а веш.
  • И тIелатар динчул тIаьхьа Британин къайлахчу сервиша дIахьедира Оьрсийчоь Керчан тIай тIехула ГIирме гIирсаш дIаса ца кхехьча ца йолу. 2022-чу шарахь Украинехь тIелатар динчул тIаьхьа Керчан тIайх бийлар лахдина дара цара, тIелатарх ларлуш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG