Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана ша тIаьхьаваьлла лелар ву аннекси йинчу ГIирман бусулбачу нехан динан Урхаллин куьйгалхочунна Рустемов Айдерна – ишта реакци йина цо йийсаре лаьцна болчу нохчийн эскархошца цо къамелдарна. Политико дIахьедина, йийсархой Оьрсийчу кхачахь, уьш оцу сохьтехь тIаме йухаберза беза, Рустемовна дIадекъархьама.
Дечкен-беттан чакхенгахь украинхойн блогеран Золкин Владимиран каналехь видео арахийцира, шайлахь пхи нохчо волчу йийсархойн тобанца Киево къобалвинчу муфтис къамел деш. Рустемовс дуьйцура, Украинина дуьхьал болу тIом зуламе хIунда бу, цунахь джихIад (сийлахь тIом) ала стенна ца мега а – Нохчийчуьрчу Iедало гуттара а олу цунах ишта. Йийсаре лаьцна болчу бусулбачу нахаца муфтин шолгIа цхьанакхетар дара иза, хьалхарниг хилира дайначу шеран марсхьокху-баттахь.
СВО (ишта олу Оьрсийчохь Украинерчу тIамах, "тIом" боху дош лелорна административан, йа бекхтакхаман гIуллакх доладо, - Билг.) дIайахьаран регионерчу оперативан штабан кхеташонехь Кадыров Рамзана йемалваран кепехь дIахьедира, ГIирман муфтий йийсархой сийсазбан гIоьртина, цара хаьржина некъ а.
"Хьо миччахь валахь а, хьоьгара жоп доьхур ду ас… Нагахь санна, [йийсархой] йухаберзахь, уьш оцу сахьтехь тIаме баха беза хьо лахархьама. Ас массо эскархочуьнга кхайкхам бо, оцу кепарчу шалхончана (муфтий Рустемов ву вуьйцург – Билг.) таIзар дар. ХIоранна а хаьа, ша кара герз оьцучу хенахь иза вала везаш вуйла, зуламхой байъа а безаш вуйла… Дала совгIат санна белла некъ бу иза вайна. Хазахетарца и лело беза вай", - аьлла Кадыровс.
Цо тIетоьхна, "тIехьажийна герз" хиларна, украинхойн динан гIуллакххочо дуьйцучунна реза хила декхаре хилла нохчий.
Оцу йукъанна, Нохчийчоьнан куьйгалхочо шен резиденцехь украинхойн эскархошца къамел дина – масех стага лаьцна валийра, хьаькаман бераш Украине дахначул тIаьхьа. Кадыровс чIагIдора, Киеверчу Iедало шайна хьалхара балийта пайдаоьцуш хилла мобилизаци йинчу украинхойх бохуш. Шайн тIамехь дакъалацар маьIне дацара аьлла вукхара жоп делла, иштта хазийна цара оьрсийн пропагандо хьалхатоьтту тезисаш а.
- Марсхьокху-баттахь Кадыров Рамзан вистхилира Украина Iалашъйечу къобалйазчу Ичкерин агIончашка - чIир хьехийира цо, ша велла дIаваллалц царна тIаьхьаваьлла лелар ву ша аьлла, чIагIо йеш.
- Зазадоккху-баттахь Украинан президенте Зеленский Владимире вирзира иза, "низамехь волчу президенте Янукович Викторе" Iедал дIало аьлла кхайкхам а беш. Цо яздира, ша Путинера Украинан таханалерчу президентана лерина тховкIело еха кийча ву, тIаккха вукхуьнан аьтто хир бу "жимма мукъане а шегарчу бехкех цIанвала". Зеленскийна "юхатоха йиш йоцучу тIаьхьалонашца", чIирца кхерамаш тасса а ларийра Кадыров, иштта цо дош делира цуьнан хьехамчан Арестович Алексейн "неIаре пIелг тоха".
- Кху шеран чиллан-баттахь Нохчийчоьнан куьйгалхочо дIахьедира, Польшина "денацификаци а, демилитаризаци а" йан дагахь хилар, Украинера тIом дIабирзича.
- Кавказ.Реалиина еллачу интервьюхь украинхойн блогеро Золкин Владимира дийцира, шен роликийн турпалхойх хиллачух, кадыровхойх уггар лакхара мах стенна хIоттийна а, Оьрсийчоьнан салташца Украинера муфтий цхьаьна хIунда кхеттера а.