ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Google компанино шен гочдаре дехкина нохчийн, суьйлийн, хIирийн меттанаш


Соьлжа-ГIала, гайтаман сурт
Соьлжа-ГIала, гайтаман сурт

Керла 110 мотт тIетоьхна Google Translate-на – хIинца цуьнан гIоьнца гочйан аьтто бу нохчийн, суьйлийн, хIирийн меттанашка тексташ, документаш, сайташ. Цунах лаьцна аьлла ду компанин дIахьедарехь.

"Оцу керлачу меттанашкахь, кантонан диалектера кекчина тIекхаччалц, 614 миллион стаг ву къамел деш, цо аьтто боккху дуьненан 8 процент гергга бахархой гочбан. Царех цхьадерш дуьненан коьрта меттанаш ду, цу меттанашкахь къамел до 100 миллион сов стага. Кхечу меттанашкахь дуьйцу хьалха дуьйна даьхначу къаьмнийн кегийчу йукъараллаша, цхьаболчийн банне а бац шайн моттт буьйцурш, амма жигара къахьоьгу цара мотт йухаденбеш", - хаамбина Google-хь.

"Искусственный интеллектан" таронаш тIехь хир ду гочдар дар, компанино кхин дIа а болх бийр бу гочдар тодеш лингвистийн гIоьнца. Къилбаседа Кавказан республикийн меттанаш доцург а, карладаьхна гочдаро гIезалойн, гIирмахойн-гIезалойн, удмуртхойн, башкирхойн, бурятийн, чувашийн меттанаш а.

Къилбаседа Кавказехь меттанаш шина тобане доькъуш ду: малхбузера кавказхойн доьзал, цунах иштта олу абхазийн- (адыгийн, абхазхой, абазинхойн). Малхбален кавказхойн доьзал шайлахь нахийн (нохчийн, гIалгIайн, бацбийцийн) а, дагестанхойн а меттанаш долуш, - берриг а ткъе итт гергга мотт бу.

  • Хьалхо кавказхойн меттанех лаьцна дийцарш дира историко Вачагаев Майрбека филологин Iилманийн докторца, лингвистаца, Кавказ толлучу Чухуа Мерабца.
  • ЮНЕСКО-н зерашца дуьненара ши эзар ах эзар гергга меттанаш дIадовла кхерам болуш ду, церан тептарехь бу абхазхойн, адыгийн, джухурийн, гIалгIайн, кхарачойн-балкхаройн, нохчийн, хIирийн, Дагестанан халкъийн меттанаш а. Стенна ду кавказхойн меттанаш дIадовчу меттанашлахь? Кегийчу къаьмнийн меттанаш "йукъарадохуш" политика йуй-те Оьрсийчоьно лелориг? Цунах лаьцна ду Кавказ.Реалии сайтан материалехь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG