ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Госуслуги" портало реклама йина Нохчийчуьра "спецназан университетана" – "Медиазона"


Гуьмсера "Спецназан университет", архивера сурт
Гуьмсера "Спецназан университет", архивера сурт

"Оьрсийчоьнан спецназан университете" (РУС) деша кхойкхуш реклама кхаьчна "Госуслуги" сервисе йазбеллачарна, цу тIехь хьахийна дац, Украинерчу тIаме хьийсон йолахой кечбен долара организаци и хилар а, Оьрсийчоьнан армица иза йоьзна цахилар а.

Реклама дIасакхехьийтарх хаамбина "Медиазона" гIирсо. "Госуслуги" порталан кехата тIехь хьоьху "Оьрсийчоьнан ТIеман гIирсийн элитех дIакхета", "шайн пачхьалкхана гIо деш", оцу гIуллакхана – маьхза РУС-ера Iаморашка дуьйла аьлла. "Доьшучу меттиге схьабогIуш йина харж меттахIоттон" а, Iамораш дерззалц "хан йаккха эвсара хьелаш хIиттон" а, "лаккхарчу тIегIанехь ахча" латтон а тIелаьцна. РУС-х лаьцна рекламехь цхьа а информаци йац.

Мел нахана дIакхачийна и хаам, муьлхачу регионашкахь и даьржина ду а, "Медиазоно" къастийна дац.

Телефонан книгаш тIехь номер муха дIайазйина йу гучудоккхучу GetContact сервисан информацица, бинчу хаамехь билгалйаьккхинчу кхаа телефонан номерех цхьаъ йу "Ахмат Чвк Спецназ" аьлла дIайазйина.

РУС-хь гIирсана бинчу хаамца, "Госуслуги" порталера реклама – "Соьлжа-ГIалин мэрин цIарах дIасакхехьийтина хаамаш бу", цара билгалдаьккхина, маьхза Iаморашкахь хир бу "тIаьхьа СВО ("леррина тIеман операци" – ишта олу Оьрсийчоьнан Iедалхоша Украинана тIелатарх. – Редакцин билгалдаккхар) йоьдучу меттиге а хьийсон берш. Дешаран программех лаьцна шайга хаьттича Соьлжа-ГIалин мэри хьовсийна.

  • "Оьрсийчоьнан спецназан университет" цхьана а ницкъаллин хьукматийн куьйгакIел йац. Документашца и йу коммерцица йоьзна йоцу автономин дешаран организаци – спортан-кхийсархойн "РУС" клуб. Оцу клубан Нохчийчуьра дешаран министраллин лицензи йу.
  • Гуьмсехь Iаморашкахь ду "Ахматан" дакъош. Иштта цигахь Iаморашкахь хуьлу Росгвардин а, ОМОНан а белхахой.
  • 2022-чу шарахь "РУС" клубана "лаамерчу гIоьнан кепехь" 349 млн сом делла - шо хьалха деллачул пхоьазза дукха. Цхьаьнакхетаралло ахчанца бахьа пайда кхузза лакхабаьлла, цунах дуьйцу Федералан йасакхан хьукматан сайте хIоттийначу чоьтехь.
  • Украинерчу тIаме хьийсо йолахой Iамочу Гуьмсерчу "Оьрсийчоьнан спецназан университетана" (РУС) хIинца официалехь Оьрсийчоьнан президентан Путин Владимиран цIе тиллина. Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана цунах лаьцна хьалхо чиллан-баттахь дIакхайкхийнера, амма йукъаралло хIинца цIе кехаташ тIехь а цхьана хийцина.
  • Оханан-баттахь Нрхчийчоьнан урхалхочо Кадыров Рамзана шен 16 шо долу кIант Адам хIоттийра РУС-н куратор. Стохка СИЗО-хь лаьцна латточу Журавель Никитина йиттиинчул тIаьхьа Кадыров Адамна цхьа могIа лаккхара пачхьалкхан совгIаташ делира, ишта цуьнга делира Шейх Мансуран цIарахчу батальонан кураторан дарж а. Спецназан университетехь Кадыровс-жимахволчо хIун лелор ду - хууш дац.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG