ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Цакхетам боьлла жуьгташний, немцошний юкъа


Германи -- Нобелан литературан лауреат Грасс Гюнтер шен БехIлендорф-гIаларчу цIа чохь, 05Оха2012
Германи -- Нобелан литературан лауреат Грасс Гюнтер шен БехIлендорф-гIаларчу цIа чохь, 05Оха2012

Шатайпа экаме ду немцошна тахана жуьгташка муьлхачу а дахаран агIонца доьзна бехкбакккхар, церан пачхьалкх йийцаре яр - иштта бу Германис Холокост бахьанехь токхуш долчу декхаран мах. Амма и дерриг а ца лоьруш, Израил ГIажарийчоьнна тIелата дагахь ю бохург дийцаре диллина шен махкахь немцочо Нобелан совгIатан лауреата поэта Грасс Гюнтера. Цо шаьш емал барна реза бац жуьгтий...



Со хIунда Iа вист ца хуьлуш,
ма деха лечкъадо ас гаррехь дерг,
хийлаза ловзар санна Iамийнадерг,
цу ловзаран чаккхенехь вайх массарех а,
вай дийна дисахь,
цхьа гIийла гIаларташ денъерг.

И ю иза, и цара чIагIдрехь,
хьалха тIелата йолу бакъо,
цхьана весачу хабарчано охьа а таIийна,
шен лаамехь доцу гIажарийн халкъ
хIаллакдеш, дIахьакха йолу бакъо.

Амма со хIунда ца ваьхьа теша и важа пачхьалкх,
цуьнан цIе а йоккхуш, дIакхайкхон,
цигахь дуккхаъ шерашкахь дуьйна -
къайлах делахь а - амма
де дийне мел долу алсам йолуш йолу
зарратийн потенциал йоллушехь,
цхьаммо а зуьйш а йоцуш,
цхьаммо а тергам беш а йоцуш,
хIунда аьлча, цара цхьа а зер тIе ца дуьтуш хиларна.

Цхьаммо а хьахо ца хIуттуш латтош долу и хIума а,
со а вара-кх цу вистцахиларан декъахь,
амма соьга кхин дIа иза ца лало,
хIунда аьлча, суна иза сайна гIело еш болу аьшпаш санна го,
сайна ницкъ бар санна го, цхьаъ цу хьокъехь вистхилахь,
оцу сохьта гIуда тоха там бу боху кхерам хилар -
„антисемитизм“ боху вердикт тIе тоха кийча лаьтташ ма юй...

И байташ Нобелан совгIатан лауреат волчу Грасс Гюнтера немцойн уггаре а доккхачех долчу "Зюддойче цайтунг" газетехь зорбане яьхна. Царна чохь йийцаре еш Израилан, ГIажарийчоьнан зарратийн бомбанаш елахь а, амма шаьш байташа а, олуш ма-хиллара, бомба иккхича санна болу тIеIаткъам бина Германехь. ХIунда аьлча, шозлагIа дуьненан тIом дIабаьллачул тIаьхьа йолчу исторехь дуьххьара цу тайпа гаррехь Израил-пачхьалкхан агIор иштта ира критика ян хIоьттинчарех хьалхарниг ву Грасс Гюнтер.

Немцойн юкъараллехь чIогIа экама ду жуьгтийн къомаца а, Израил пачхьалкхаца а доьзна долу хIума. Наци режим Iедалехь йолчу хенахь миллионаш жуьгтий байъарна а, холокост кхолларна а бехке йолу Германи тахана а и бехк текхна яьлла яц. Миллиардашкахь компенсацеш еллехь а, доллучу дуьнентIера немцойн махкахь баха луучу жуьгташна тховкIело еллехь а, Израил пачхьалкх кхуллуш, кога-ира хIуттуш доккха дакъа лаьцнехь а.

Юкъараллехь я хаамийн гIирсашкахь Израиль критике ян ца хIуьтту я политикаш а, я исбаьхьаллин векалш а, шайна антисемит боху цIе кхолларна коьруш. Цу хьокъехь Гамбургерчу университетехь машар талларан профессор волчу Цоьлнер Фольфганга иштта дуьйцу:

Цоьлнер: „Фашизман заманчохь оха тхаьш дакхийчу зуламашна бехке дина хиларна, дукхохболчарна хета, шайн Израилан агIор цкъа а цхьа критика ян бакъо яц аьлла. Бакъду, суна хетарехь, хIинцалераниг санна долчу хьолехь - Израил ГIажарийчоьнна тIеман тIелатар дан кечлучу хьолехь, - иштта дIа кхин лелон йиш йолуш хIума дац. Цу хьолан хьокъехь дерриге а ма -дарра дуьйцуш йолу дискусси ца хилча ер яц“.
Германи -- Холокостан музей, Берлин, 18ГIу2008
Германи -- Холокостан музей, Берлин, 18ГIу2008

Изза ду хIинца немцойн карарчу хенахь уггаре а сийлахьчу яздархочо Грасс Гюнтера дийцаре динарг. Амма иштта изза ду цо шен байташ зорбане йоххушехь царна гонаха иккхинчу гIовгIанан бухахь а. „Цабезаман панфлет“, „хьеравалар“, „мотт хьекхаран театр“ - и тайпа комментареш йира Германерчу жуьгтийн юкъараллийн векалша а, немцойн цхьаццаболчу политикаша а и байташ араевлла месех сахьт а далале.

„Со Iадийначехь висна, - элира журналисташка Германерачу жуьгтийн коьртачу кхеташонан президента Грауманн Дитера. - Грасс Гюнтера язйинарг байт яц, политикан панфлет ю“. Грауманна дийцарехь, цу байто гойту дика яздархочух даима дика политикан эксперт хуьлуш воцийла.
Амма кхин ойла ерш а бу Германехь. Немцойн ПЕН-клубан президент волчу Штрассер Йоханна дуккха а шерашкахь дика вевзаш ву Грасс Гюнтер. Цо аьттехьа а ца дуьту яздархо антисемит хилар.

Штрассер Йоханн: „Иза-м вац антисемит. Цо Израилан куьйгаллин политикана критика йина. Нагахь санна иза антисемитизм елахь, тIаккха Израилехь бехаш болу шовткъе итт процент жуьгтий а антисемиташ хила беза-кх, хIунда аьлча, цара а йо-кх шайн куьйгаллийна критика“.

Немцойн пачхьалкхан куьйгалло Грасс Гюнтеран скандалан поэзин кхолларалла бахьана долуш шаьш шек ца хилар гайтира. Меркель Ангелин векал волчу Зайберт Штефана цу хьокъехь билгалдаьккхира, Германехь исбаьхьаллин а, дешан а маршо хилар.

Иштта шена тIе тидам бохуьйтуш ду Германехь уггаре а воккха литературан критика лоруш волчу, меттигерчу хаамийн гIирсашкахь „Критикан Дела“ олий бен шен цIе йоккхуш а воцчу Райх-Раницки Марсела ша Грассан байта хьокъехь хIумма а эр дац, аьлла, дIахьедар дар. Райх-Раницки Марсел ша бер долучу хенахь Освенцимерчу концлагерехь дийна висина ву, цуьнан боллу доьзал бен а бийна. Цундела цо хIун олу теша байтийн хьокъехь аьлла, ладоьгIуш дукха а нах бара Германехь.

Ткъа цу юкъана Грасс Гюнтера немцойн телевизионна ша еллачу интервьюхь билгалдаьккхира, шен байташ бахьана долуш йолийна гIовгIа, цу байтийн чулацамна тIера тидам дIа а баьккхина, мелхо а, авторан тIелатарш дарехь, цу байташкахь айъина долу мехала хаттарш бег а даьхна, мехаха даха Iалашо йолуш гIаттийна, аьлла.
XS
SM
MD
LG