ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчаша шайн махка балийначу некъах баккхий ца бе гуьржий


Архивера сурт.
Архивера сурт.

Кху деношкахь Нохчийчохь Iедалехь айдина дуккха а шерашкахь дийцина долу гIуллакх. Кадыров Рамзана меттигерчу премьер-министарца Эдильгереев Абубакарца шен хиллачу цхьаьнакхетарехь юха а дийцаре даьккхина Нохчийчуьра Гуьржийчу некъ бан безаш хилар. И проект некъаш дахкаран коьрта еанна юккъахь хилар билгалдаьккхина оцу цхьаьнакхетарехь.

Амма кхийолу 3 чоьхьара ерг кхочушъян йолор елахь а, луларчу пачхьалкхе некъ биллархерг маца кхочушйийр ю ца хаьа. И проект йийцаре еш ю, аьлла Эдильгереевс.

Гуьржийчу некъ байта ца лууш нах хилахь тамаш бу Нохчийчохь. Атта хир дара цига ваха-ван. Уьйраш а чIагIлур яра цигахь бехачу кистошца. Проектаца и некъ биллахь а, ПIаьнказ чIожаехь Iуьллучу Ахметан кIошта арабера бу.

Цуьнах пайда хир бу шина а къомана аьлла, хета журналистана Садулаев Мусана: «ШолгIа тIом балале Гуьржийчу боьду некъ буьллуш хиларна самукъадолура сан. Цига кест-кестта воьдура со, цигара меттигашка а хьожуш. ТIаккха, хIара тIом а баьлла, иза юкъахбели. ХIинца юха а буьллур бу аьлла дуьйцуш ду. Цуьнах а самукъадаьлла ву со. Дала мукъ лахь, и некъ биллича, Нохчийчуьра вай гуьржий болчу а боьлхуш, уьш вай долчу а богIуш вайн гергарло лелор ду-кх вай».

Дуьххьара айдеш дац Кавказан дукъехула Гуьржийчу некъаш дахка деза боху къамелаш. Масех шо хьалха цхьана дийнахь ала мегар долуш Дагестано а, Нохчиийчоьно а, ГIалгIайчоьно а иштта дIахьедарш дира шаьш а Гуьржийчу доьлху цIерпоштийн а, машенийн а некъаш дан лерина ду аьлла. ХIета цунна комментареш йира гуьржийн Iедалхоша, шайна хууш а, я шайца дагадевлла деш хIума дац иза аьлла. Тахана-м изза а ца аьлла гуьржийн даржахоша.

Иштта дуьйцу цуьнах журналиста Орегвелидзе Ираклийс: «Ма-дарра дийцича, Нохчийчоьнан президента аьллачунна цхьана а кепара реакци ца хили. Цунна терго ца йира Iедалша а, оппозицино а, я коьрта хаамийн гIирсаша а. Цуьнах хаам «Эхо Кавказан» агIон тIехь бен ца хилира».

Шаьш гуьржий, схьагарехь, реза бац Оьрсийчуьра иштта некъаш шаьш долчу дукха хила мега бохучунна. Цу некъа тIехула маьрша нах лелла ца Iаш, танкаш а лелар ю, аьлла комментари язйо цхьаболчара интернетехь. Нохчийн юкъаралхочунна Шабазов Зиявдина хетарехь, церан бехк бац цуьнах саготта хилча.

Гуьржий кхоьру шайн маршо дIаяккхарх, элира цо: «Гуьржийчу и некъ дуьххьара бина Шира Рим йолчу хенахь. Вайнехан тайпанаш а хилла цигахь иза беш. Амма тахана кхолладеллачу хьолана уьш саготта хиларх со кхета. Шаьш тахана дIахьочу некъах шаьш хадорна кхоьру уьш. ГIазскийн пачхьалкх эскаран а, тIеман а агIор чIагIлуш ю. Ткъа царна Европица а, Iамеркца а хила лаьа».

Нохчийчуьра Гуьржийчу боьду некъ 2000 шо тIекхачале болуш бара. Яккхий машенаш бен ца яхалора цигахула. Дукха нах тIамах бевдда кIелхьарабевллера цигахула. Оьрсийн дозанхоша дIакъевлинчул тIаьхьа и некъ болх беш бац. Иза схьабелла дага дагIахь а цигахула бен аьтто а бац иза дан, ткъа, тахана 50 чаккхарма оцу дозане дIакхачале мил-мила а стаг вохуьйтуш вац цу агIор, нохчийн ширачу ярташка а, бIаьвнашка хьажа а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG