Хьалхарчу буса ницкъахоша Гуьмсехь байина нах муьлш бу хиъна шайна, аьлла дIахьедарш дира нохчийн оппозиционерийн каналаша. Официал-хаамаша бахарехь, и нах бара ницкъахошна тIелеттарш.
Оппозицерчу блогеро Абдурахманов Тумсос шен Нохчийчуьра хаамчашкара дуьйцу, вийначех цхьаъ Гуьмсара вахархо Руслан ву олий. Niyso телеграм-канало цуьнан сурт хIоттош, шоллагIниг - Русланан вешин кIант ву, цIе Зелим йу олий, хаам бо. Жигархойн хаамашца, вийначу шинна а, ницкъахошна а йуккъехь хилла герз дIасатохар, кадыровхошна Зелим дIавига лаарна тIехула доладелира.
ТIелатам бинчул тIаьхьа Зелиман гергара нах лачкъийна дIабигна, билггал долу терахь хууш дац, дийцира боламан декъахоша.
Вийначу шиннах хаамаш цхьацдолчунна тIехь бен богIуш бац нохчийн ницкъахойн официал - хаамашца. ШолгIачара и байинарш Гуьмсара бахархой бу элира. 1963, 1989 - чу шерашкахь бина, вовшашлахь гергарло долуш а. Талламийн комитетан урхаллехь церан цIераш ца йийцира. Iедалхоша дийцарехь, бакъо йоцуш герз лелочеран лорахула бахча, цхьана цIенна уллохь цу шина стага ницкъахошна тIелатам бира.
Хьалхо Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана дIахьедира, герзан кхийссарша йа ницкъахойх, йа меттигерчу нахах а цхьа лазийна вац аьлла. Амма зазадоккху-беттан 29-хь Baza а, ASTRA а телеграм-каналаша шайн хьостанийн хаамашна тIетовжарца, йаздира, Кадыровн цIарах йолчу спезназ полкера виъ белхало лазийна хиларх.
Кадыровс дийцарехь, тIелатамхоша ницкъахошна граната кхоьссира. Амма и хаам талламхойн комитетехо харцбира - тIелеттачара лелийнарг долун герз дара аьлла, билгал а даьккхира цара.
- Хьалхо оппозицин блогеран Абдурахманов Тумсон хиллачу информацица, тIелатар дина хила тарло цхьа де хьалха ГIалгIайчоьнан а, Къилбаседа ХIирийчоьнан дозанехь полисхойн постана тIелатар диначара. Делахь а, тIаьхьо Абдурахмановс а, NIYSO телеграм-канало а йаздира, меттигера бахархой хила а мега уьш аьлла.
- Стомара, буьйса йуккъе йахначу хенахь, муьлш бу цахуучу наха ГIалгIайчоьнан а, Къилбаседа ХIирийчоьнан а дозанерчу Кантышево эвлана гергахь полицин постана тIе герзаш диттира, цул тIаьхьа къайлабевлира зуламхой. ТIечIагIбазчу хаамашца, мел лахара а кхоъ хилла тIелеттарг, автомат хилла цаьргахь, детин басахь йолчу ВАЗ-21099 машенахь а хилла уьш. Оцу тIелатарехь ши полисхо лазийра – дарбанан цIийнехь ву и шиъ.
- Хьалхо зазадокху-беттан 27-чохь, The Magas Times телеграм-канало а, ГIалгIайчуьра МВД-н урхалло а лаца кхайкхийра, терроризмана бехкевина махкара кхо вахархо, царех шиъ – Кантышево эвлара ву. Ориентировки тIехь билгалдаьккхинера, уьш детин басахь йолчу ВАЗ-21099 машенахь бу, цаьргахь герз хила а тарло аьлла. Шайна хетарехь и хаам бакъ бира ницкъахошца йоьзначу "Розыск Ингушетия" телеграм-канало а.