ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Гуьмсера "спецназан университете" дIайазло бохуш бахархошака кхайкхамаш бо "Госуслуги" портало


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

"Госуслуги" портало пачхьалкхан бахархошка дIасакхоьхьуьйтучу хаамашкахь хьехна, Кадыров Рамзанца йоьзначу, Гуьмсера "спецназан Оьрсийчоьнан университетехь" Iаморашкахула чекхдовла аьлла. Оцу хааман тергойина The Insider гIирсо а, Twitter-ан агIонашка йазбеллачара а.

Юьйцучу "университето" маьхза Iамораш ду дIахьош, Украинана дуьхьал болийначу тIамехь дакъалацийта нах кечбо цигахь. Бахархошна хьоьху "оьшуш йолу, керла говзалла карайеразор", "дахаран эвсара таронаш", "кхачам боллуш, лакхарчу тIегIанехь ахча а".

"Спецназан университетах" лаьцна аьхка сюжет гайтира федералан телехьожийлехь, ткъа цунна реклама йеш билбордаш хIиттийра Оьрсийчоьнан кеп-кепарчу гIаланашкахь.

  • 2022-чу шеран йуьххьера 2023-чу шеран бIаьстене кхачччалц, Украинерчу тIамехь дакъа лаца "лаамхой" олурш кечбечу Гуьмсера "спецназан университето" 980 миллион сом дайина. Оцу ахчанан ах дакъа кхаьчнера нохчийн совдегаран, мехкан урхалхочун Кадыров Рамзанан йуьртахо волчу Альвиев Мовсадин бизнес-структурашкара.
  • Доллу 2022-чу шарахь оцу университетан базехь эскархой кечбеш бара Украинерчу тIаме хьийсон Iалашонца.
  • Университетан статус шеконехь йуьсу: юридикехь спортан-кхийсархойн клуб йу иза. Кехаташца, РУС – коммерцица йоьзна йоцу профессионалан дешаран автономин организаци йу. Нохчийчуьра дешаран, Iилманан министраллин лицензи йу клубан. Делахь а, цхьана а ницкъаллин хьукматна муьтIахь йац и.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG