ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Гуттар хуьлу гIуллакх: Кавказ а, къилба а муха йоьлла Украинана духьал тIамехь эшамаш хиларх


Украинхойн криминалисто гойту Оьрсийчоьнан салтичун дегIа тIехь карийначу асанех. Гайтаман сурт
Украинхойн криминалисто гойту Оьрсийчоьнан салтичун дегIа тIехь карийначу асанех. Гайтаман сурт

Шуьйрачу тIамца Украинана чугIоьртина ши шо гергга зама йу, оцу йоллу хенахь тIамехь хIаллакбо Оьрсийчоьнан къилбера а, Къилбаседа Кавказера а схьабевлла нах. Кавказ.Реалии сайтан корреспонденто къастийра, муха хийцабелла го тIеман эшамаш 2023-чу шарахь.

ТIом болабеллачул тIаьхьа Кавказ.Реалии редакцино йолийра шен эшамех болчу хаамийн мониторинг. Оьрсийчоьнан къилбера а, Къилбаседа Кавказера а байинчу нахах Кавказ.Реалиин редакцино цIерашца хIоттийначу тептарехь 2023-чу шеран жамIашца ву 5942 стаг – ЧВК "Вагнеран" йолахойх Кубанехь дIавоьллина 850 гергга ца лерича. Дечкен-баттахь йалх эзарал совдаьлла беллачийн терахь. Делахь а, хIорш дуьззина терахьаш дац – билггал болу эшамаш кхин а лакхара хила йиш йолуш бу.

Къаьмнийн республикашкара бахархой боккха тIом балале хьалха контрактаца гIуллакх дан лууш хуьлура

2022-чу шеран жамIашца редакцина хууш ду 2582 стаг кхалхарх – баттахь 215 гергга валар хуьлу и; 2023-чу шарахь Украинехь вийна кхин а мел лахара а 3360 Оьрсийчоьнан къилбера а, Къилбаседа Кавказера а вахархо. И хуьлу йуккъерчу барамехь схьаэцча – хIора баттахь 280 стаг.

ТIеман аналитикна Шарп Давидана хетарехь, цхьана декъана билгалбаьхна эшамаш кхиар кхетадо, тIом болабеллачу хьалхарчу беттанашкахь тIамехь жигара пайдаоьцуш хиларх "ДНР", "ЛНР" олучу дакъошкара мобилизаци йинчех, уьш леш хиларца а. Уьш бац официалехь доцчу зерашкахь лерина а.

Цуьнца цхьаьна 2023-чу шарахь Оьрсийчоьно жигара тIемаш бира: ду и тIелеташ операцеш дIайахьар а, къаьсттина Бахмутехь а, Авдеевкехь а, иштта оккупаци йина дозанаш лардар а.

"Украинхоша контртIелатар динчу беттанашкахь тхан аьтто хилира дIагайта Оьрсийчоьнан агIор тIеман техникаца хилла эшамаш – уьш чIогIа дукха бу эскархошлахь а", - билгалдоккху Шарпа.

Регионийн йекъарехь Оьрсийчоьнан къилбехь а, Къилбаседа Кавказехь а шо доьрзуш хилла эшамаш иштта бара:

  • Краснодар-мохк – 1421 стаг;
  • Волгоградан кIошт – 916 стаг;
  • Ростовн кIошт – 866 стаг;
  • Дагестан – 816 стаг;
  • Ставрополь-мохк – 494 стаг;
  • Къилбаседа ХIирийчоь – 431 стаг;
  • Астрахань-мохк – 318 стаг;
  • Нохчийчоь – 252 стаг;
  • ГIебарта-Балкхаройчоь – 114 стаг;
  • Адыгей – 105 стаг;
  • ГIалмакхойчоь – 102 стаг;
  • ГIалгIайчоь – 57 стаг;
  • Кхарачой-Чергазийчоь – 50 стаг. Бахархойн терахьаллига хьаьжча къаьсттина дукха эшамаш хилла мел лахара а тIаьххьарчу эхашарахь Къилбаседа ХIирийчохь, кIезиг ду баларш – Кхарачой-Чергазийчохь; оцу йукъанна ХIирийчуьра беллачийн дакъа алсам ду, Кхарачой-Чергазийчохь а, 5,9-зза – и пропорци хийцайаланза йуьсу гIадужу-баттахь дуьйна.

Оьрсий боцурш "оьрсийн дуьненахь"

Ма-дарра аьлча, къилбехь а, Кавказехь а, йуккъерчу барамехь схьаэцча Оьрсийчохь а санна, 2023-чу шарахь байинчех гIарадаьлла терахь лакхара ду, 2022-чу шарахь хиллачул а. Къаьмнийн республикашкахь мелхо а бIостане ду. Масала, Дагестанехь, бу уьш 391 а, 425 а, Нохчийчохь 82 а, 170 а, ГIалгIайчохь – 19 а, 38 а. Йукъахь йац – ГIалмакхойчоь а, Къилбаседа ХIирийчоь а. Оцу кепара, аналитикаша тIом болабеллачу хьалхарчу беттанашкахь билгалйаьккхина диспропорци лакхара йара. Къаьмнийн регионашлара схьабевллачийн дакъа беллачарлахь барам боцуш лакхара дара, 2023-чу шарахь лахделира, Кавказехь муххале а.

"Къаьмнийн мехкашкара схьабевлларш, масала, Дагестанера, боккха тIом балале контрактаца гIуллакх дан баха луурш алсам хуьлура, "оьрсийн регионашкарчул" а. Цундела Оьрсийчоь тIаме йаьлла, диллинчу эскарехь барам боцуш церан дакъа долчу, цу тIе могIарерчу декъана йукъахь тIемаш бечу дакъошлахь",- кхетадо Шарп Давида

Оцу заманчохь тIамехь кегийчу къаьмнийн векалш балар къайладаьхьна хила тарло. Масала, Астрахань-махкара бевзаш болчу 318 беллачех 155 оьрси вац, казахийн, гIезалойн цIераш а, фамилеш а йу церан.

Кавказ.Реалиина шо чекхдолуш беллачех хиъна терахь ду 220 стаг, уьш хиллера колонешкара тIаме ийзийна нах; мобилизаци йина – 520 стаг; "лааамхой" (ишта ала тарло тIеман министраллина йукъа догIуш доцчу дакъошкара эскархой, иштта армица контракт динарш а) – 338, цхьа салти а.

Эпсаран чинехь вацара царех вийна 497 стаг – ву царлахь ши инарла, 23 полковник, 45 подполковник, 72 майор.

ТIамехь беллачийн дукхахболчийн хьалха а санна 33 шераш ду. Редакцина вийна хуучех веаннан 18 шераш дара, 19 шераш долуш вара 42 стаг, 20 шо долуш -66.

50 шо, йа кхин а лакхара хан йолуш ву 184 стаг, 60 сов шераш долуш – 17 стаг.

Хууш йу иштта йийначу шина зудчун цIераш а: Вогоградера ефрейтор Савицкая Анастасия а, Роствон кIоштара лор Садкова Елена.

Дитташна тIехьа хьун лачкъор

Оьрсийчоьнан Iедалхойн эшамех хьулдаран политика йолийра Украинана шуйрачу тIамца чугIоьртинчул тIаьхьа, тахана а лелош йу и. 2022-чу шарахь официалан терахьашца вийнарг кхоъ ву, тIаьххьара дIахьедар дира тIеман министро Шойгу Сергейс гезгамашин-беттан 21-чохь. ХIетахь дIакхайкхийра цо 5937 стаг ву велларг аьлла.

И терахь бакъ дац: оьрсийн Би-би-си, "Медиазона" хьасташа далийначу лараршца, 40 эхар эскархо кхалхар цIерашца тIечIагIдина ду.

Беллачех лаьцна йоллу информаци къайлайахьа таро йац Iедалхойн, цундела эхаллин тактика йу хаьржинарг: царех лаьцна къаьстина дIахьедан мегаш ду (масала, 2023-чу шеран гIуран-баттахь Волгоградан VI02.ru ресурсо толам баьккхира, эскархойн некрологаш зорбане йахар дехка аьлла, тIеман прокуратуро чукховдийначу апелляцихь), амма шордина эшамех дийца могуьйтуш дац.

Наношна шайн берийн иэс дита лаьа, цхьанхьа церан цIераш йа суьрташ зорбане йаьхна

Публикацеш гулйан а, царна зорба тохар а дехка долийра 2022-чу шарахь, хIетахь кхело йихкина материал йу элира Псковн кIоштара беллачех тептар, информаци пачхьалкхан къайле йу аьлла. Цул тIаьхьа кхинйолчу интернет-порталаша, Волгоградера VI.ru гIирсо а цхьана шайн тептарш дIадайира.

2023-чу шарахь и политика кхин дIа а йолийра. Зазадокху-баттахь Буьри-ГIаларчу тIеман гарнизонан прокуроран искашца дIакъевлира Украинана дуьхьал болийначу тIамехь хиллачу эшамех дуьйцуш хилла йиъ ресурс. Охан-баттахь Оьрсийчуьра дIавахара Краснодарера жигархо Вотановский Виталий, ца ваьллачу денна. Кубанехь а, Адыгейхь а дIабоьхкинчу тIемалойх хаамаш хIиттош вара иза, - оцу тIехула бехктакхаман гIуллакх дуьхьал даккха тарлора цунна.

Лахьан-баттахь Роскомнадзоро дIакъевлира тIамна дуьхьал йолуВолгоградан-кIоштара "Дозор" проект – жигархоша дузу и тIамехь беллачех тептар шаьш нахаладаккхарна ду аьлла. ГIуран-баттахь Саратовн кIоштан прокуратуро, пачхьалкхан къайленах долчу низамна тIе а тевжина, "Свободные новости" гIирсан сайтера беллачех информаци дIайаккхийтира. Иштта гIуран-баттахь дийца даьккхира, "Откровения Минеральных Вод" йукъараллина йукъара телеграмехь цIерашца зорбане даьккхина тептар дIадаккхийтарх. Бахьана хила тарлора – дуккхаъчу наха публикацина латкъамаш дар.

Оцу йукъанна, масала, шен ларарш ду дIахьош Къилбаседа ХIирийчуьра "Крылья" гIирсо а. "Кавказский узел" ресурсо а мониторинг йо йеш къилбера а, Къилбаседа Кавказера а беллачех, амма цара чоьте оьцу администрацеша а, пачхьалкхан организацеша а тIечIагIдина зераш. 2024-чу шеран дечкен-беттан йуьххьехь журналисташа йагарйина оцу кепара 3200 некролог.

Бахархоша талламаш бар

Эскарехь беллачех билггал долу терахьаш вовшахдетташ шайн лаамехь лела жигархой бац Къилбаседа Кавказехь карарчу хенахь. Оьрсийчоьнан къилбехь оцу тайпа ши проект йу.

Краснодар-махкахь а, Адыгейхь а Вотановский Виталийн агIончаш бу тахана а кешнашка лелаш, цигара схьа эскархойн а, йолахойн а кешнийн даьхна суьрташ туьйсуш, уьш зорбане доху "Титушки в Краснодаре" телеграм-каналехь.

Волгоградан кIоштахь ларарш деш йу "Дозор" болам. Цуьнан лидеро Кочегин Евгенийс дийцира Кавказ.Реалии сайте оцу балхах лаьцна. Цо дийцарехь, "Дозоран" тептар вовшахтухуш ду кеп-кепарчу хьасташкара, кешнашка а оьхуш. Оцу дIабохкаршна мониторинг йаро, билгалдоккху Кочегина, схьалоцу Волгоград а, цунна гергара гIаланаш а, амма ца кхочу генарчу йарташка. Волонтерашна тIаьхьабевлла, лецарш хилла меттигаш цкъачунна хаабелла бац, хIунда аьлча, "тапъаьлла, къайлах леларна". Ша Кочегин Оьрсийчуьра дIавахара 2022-чу шеран стигалкъекъа-баттахь.

"Оркашка" санна ца хьоьжу тхо цаьрга

Кешнаш доцурш а, жигархоша хаамаш оьцу официалан хьасташкара а, зорбанан гIирсашкара а, социалан машанашкара а, цхьаболу хаамаш кхачабо анониман агIончаша, цхьа дакъа – байинчийн гергарчара.

Кочегина тидам бо, официалан инстанцеша тергамза церан нах битарна, гергарчара хоуьйту шайн нах тIамтIехь кхалхарх. "Наношна иэс дита лаьа, цхьанхьа сурт, цIе зорбане даьккхина, хIунда аьлча, Iедалхошна гергахь беллачийн меттиг кешнашкахь бу", - дийцира цо.

Оцу йукъанна гергарнаш дукха хьолахь тIекхуьуш а ца хуьлу, "Дозор" – оппозицин а, тIамна дуьхьал а проект хиларна.

"Оха дIа ца гойту, лулара территори схьайаккха бахначу "оркашка" билггал болу хьажам тхайн муха бу. ХIунда аьлча, зуламхойн тептар дац и, беллачийн тептар ду", - дерзийра Кочегина.

  • Хьалхо 2023-чу шеран тIеман коьртачу хиламех лаьцна а Кадыровн дакъалацар алсамдаларх а, дронашца Ростовн а, Краснодаран а кIошташна тIелетарш дарх а дийцира Кавказ.Реалии сайтана тIом зуьйчу америкахойн Институтан ISW) эксперто Степаненко Катеринас.
  • 2023-чу шарахь уггар а коьртачух дара ЧВК "Вагнеран" гIаттар а, йожар а. ТIаьххьарчу масех шарчохь, и тоба хилар бакъ ца деш хиллехь а, йиллина вербовка йан йолийра цо тутмакхашна а, Украинана дуьхьал тIом бан баха луучарна а. Цуьнан куьйгалхочо Пригожин Евгенийс берзийра шен дахаран а, карьеран а некъ тIеман министраллина критика йина ца Iаш, Ростов гIалара Къилба тIеман гонашкара штаб дIа а лоцуш. Кавказ.Реалиино дийцира, болх сацийнашшехь, "Вагнеро" хIинца а Iаткъам бо Къилбаседа Кавказан а, къилбан а регионашна.
  • Кавказ.Реалии сайто тIеман эшамашна йечу мониторинго хьалхе хаа а хууш таро ца ло, билггал болу церан барам хаийта. Цкъа делахь, Iедалхоша беллачех цхьа шовкъ йоцуш дуьйцу, цара новкъарло йо хаамаш гулбан, информаци шорйан. ШолгIа аьлча, беллачийн гергарчарна гуттар а пайда ца оьцу социалан машанех, йа кхечу агIор дIахьедо шайх лаьцна информацин майданахь. КхоалгIа, тIекхача йиш йолчу хаамаша дукха хьолахь вийнарг вовза таро ца ло. Цул совнах, доллу декъий дац тIемаш бечу меттигашкара дIаэцна а, девзина а.
  • Ма-дарра аьлча, байинчу нахах лаьцна информаци йелла ца Iаш, мониторинго хоуьйту цуьнан структурех, динамикех, репрезентацих. Кавказ.Реалии сайто дийцира, муха дIахьедо беллачех лаьцна хьаькамаша а, пачхьалкхан йукъараллаша а, цензурехь долчу зорбанан гIирсаша а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG