Африкан пачхьалкхан президент Эмбало Iумар Сисоку коьртехь волуш Соьлжа-ГIала делегаци йеанчул тIаьхьа Нохчийчоьнан урхалхочо Кадыров Рамзана дIахьедина Гвинея-Бисаухь Кадыров Ахьмадан цIарах проспект хир йу аьлла. Оцу йукъанна Гвинея-Бисаун официалан медиахь хаамаш бац Орсийчоьнан регионан куьйгалхочун ден цIе тилларх.
Кадыровс дIахьедина, Гвинея-Бисаура делегаташа "пайдаоьцур бу Нохчийчоь кхиоран зеделлачух шайн пачхьалкхехь", иштта "Кадыров Ахьмадан цIарах проспект йийр йу шайн шахьарахь" аьлла. И хаам тIечIагIбеш кхин тоьшаллаш дац. Нохчийчохь 300 сов объект йу Кадыров Ахьмадан цIарах бакъоларйархоша билгалдоккхура регионехь культ йаржош хиларх.
Делегацин векало хьехнера кхиазхо волчу Кадыров Адамна герз тоха Iамабар пачхьалкхера эскархой. Хьалхо 16 шо долу Адам куратор хIоттйира Гуьмсера "Оьрсийчоьнан спецназан университетан", цигахь кечбеш бу Украинана дуьхьал тIом бан хьежон лаамхой. Гвинея-Бисаура йеанчу делегацино видеосюжетехь герзаш детта автоматашца а, тапчанашца а меттаххьовш йоццу Iалашонашна.
Гвинея-Бисау – дуьненчохь уггар а къоьллехь йоллу пачхьлкх йу, failed states олучу ("таро йоцу пачхьалкх"). Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн наркотикашца къийсам латточу урхалло (DEA), билгалдаккхарехь, тIаьхьарчу 10-15 шерашкахь оцу пачхьалкхах наркотрафикана дехьаволу база хилла йаьлл.
- Кавказ. Реалии сайто дийцира, Кадыров Ахьмадан цIе культ йеш, хьалхьайаккхарах - 300 сов республикера урам цуьнан цIарах бу, Соьлжа-гIаларчу коьртачу майданна цуьнан цIе тиллина, Нохчийн университетна, паркашна, школашна, гимназешна, аэропортана, берийн бошмашна, "Нохчийчоьнан Дог" маьждигна, Росгвардин полкана. ТIаьххьарчун лармешчохь адамаш дайъарах йаздира "Новая газета" гIирсо. Воккхахволчу Кадыровн сийдеш, "Ахмат-йурт" аьлла, хийцина ЦIоьнтаран цIе а. Цул совнах, республикехь йолчу футболан тобанна а, латархойн клубана а техкина цуьнан цIераш. Йу республикехь Кадыров Ахьмадан цIарах фонд а. Уьш 2020-чу шеран гIуран-баттахь дуьйна Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн финансийн министраллинсанкцийн тептарехь йу. Кадыровн суьрташ а ду Соьлжа-гIалин урамашкахь дIадиттина.
- Хьалхо эксперташа билгалдоккхура, "динан билаглонашца" регионехь Кадыров-воккхахволчун культ кхуллуш хиларх. "Дала вазвина ваийтина" боху идей а, урхалла ден доьзал бу бохуш дийцар а оьшу Нохчийчоьнан урхаллина, шен Iедал мел а дуккха а легитиме хилийта а, шайн Iедал Iалашдан а, дIахьедора оппозицин нохчийн Niyso телеграм-канало.
- Цхьа могIа пачхьалкхан совгIташ кхечира Кадыров Адамна, камерана хьалха Соьлжа-гIалара СИЗОхь латтош хиллачу Журавель Никитина цо йиттинчул тIаьхьа. Мехкан турпалхочун седа а белира Нохчийчоьнан урхалхочун кIантана. Цул тIаьхьа совгIташа дан буьлабелира цунна кхечу регионашкахь а. 2023-чу шеран лахьан-баттахь 16 шо долу Кадыров Адам шен ден кхерамзаллин декъан куьйгалхочун дарже хIоттийра. Бутт бовш дIакхайкхийра, кхиазхочо тIеман министраллин батальона тIехь Iуналла латтор ду аьлла. Кхин а масех кIира даьлча цунах тешийра Росгвардина йукъайогIу батальон, и йара Оьрсийчоьнна дуьхьало латтийначийн лидеран Бенойн БойсагIаран цIарах.