ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ГӀалгӀайчохь талламаш бечу хенахь гранатомет тесна шайна аьлла дӀахьедина батIалхьажойн вежаралло


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

ГӀалгӀайчохь баталхьажойн вежараллин векалийн хIусамех хьоьвсучу заманчохь гранатомет карийна. Оьрсийчохь шена дуьхьал цхьа могӀа бехкзуламан гӀуллакхаш диллинчу динан гIуллакхдархочо, Белхароев БатIал-Хьаьжин тӀаьхьенах волчу Белхароев Илесан вашас дӀахьедина, и герз ницкъхоша шаьш тесна ду аьлла.

Марсхьокху-беттан 23-чу а, 24-чу а деношкахь хиллачу талламех лаьцна, ницкъаллин структурийн хьостанашна тӀе а тевжаш, хаам бина Кремлехьа йолчу "Известия" а, Mash зорбанан гӀирсаша. Дийцарехь, карийна гранатомет Швецехь йина йу, цу тайпа герз Украинан эскарша лелош ду, ткъа иза Оьрсийчу Белхароев Илеса кхачийна боху. Официалан Ӏедалхоша хаам ца бина талламаш барх а, церан жамӀех а лаьцна.

Mash гIирсо билгалдоккху, талламаш бинчу хIусамийн дай Наьсаран кIоштахь лоьху кхо кIира а ду бохуш.

Белхароев Илесан вашас Iабдуллас "Фортанга" гIирсана йеллачу комментарихь дIахьедина, гранатомет шайн кхоьсина йу, "батIалхьажойн украинхойн хаттарца уьйраш йолуш бу аьлла, сурт хIотторхьама".

Цо бахарехь, хӀусамехь герз карийна цуьнан девешин кӀант вехаш вац цигахь кест-кеста лехамаш бар бахьана долуш, иштта кхечу керташкахь а Iаш бац гергара нах ницкъахой цига а лестарна. Делахь а, цигахь цхьа вешин кӀант хилла, иза сацийна, цул тӀаьхьа дӀалаьцна.

Иза ма-дарра тӀечӀагӀдо ницкъахоша рейдаш йечу заманчохь дIайазйинчу оперативан видеоно, и зорбанехь йаржийна ницкъаллин структурашца йоьзна йолчу "Розыск Ингушетия" телеграм-канало. Цу тIехь къайлахчу сервисийн белхахоша лоцу цхьа стаг.

Ишта Белхароев Илесан вашас тIе ца дуьту, шен вашас Украинан агIор тIамехь дакъалаьцна бохург. Цо дийцина, 2014-чу шарахь дуьйна Украинехь вехаш хилла иза цигара дIавахна, карарчу заманчохь Европехь ву аьлла.

  • Мангал-баттахь Белхароев Илесана дуьхьал бехктакхаман гӀуллакхаш долийнера, бакъо йоцчу герзахойн тобанехь дакъалацарна а, террорхойн йукъараллехь хиларна а. Талламхоша чӀагӀдарехь, Дудаев Джохаран цӀарахчу лаамхойн батальоне Белхароев дӀакхетта 2021-чу шарахь. Оцу йукъанна ша Белхароевс, 2022-чу шеран товбеца-баттахь Кавказ.Реалии сайтана интервью луш, дийцира, ша Украинан территорин тӀеман ницкъашна юкъавоьдуш куьг йаздина хиларх. 2022-чу шеран аьхка Белхароевна дуьхьал бехктакхаман гIуллакх долийра Оьрсийчоьнан эскаран "сий дайъарх" лаьттачу артиклехула.
  • Оьрсийчохь иштта Белхароев Илес бехкево Москвахь ГӀалгӀайчуьрчу чоьхьарчу гӀуллакхийн министраллан экстремизмца къийсам латточу центран куьйгалхо Эльджаркиев ИбрехӀим а, цуьнан ваша, лор хилла Эльджаркиев Ахьмад а верна. Украинерчу низамхоша бух боцуш лерира иза зуламна декъа хиларх йолу верси, ткъа Интерполо лехамашкара дIаваьккхира – Москвано тӀедожийра цунна экстрадици йар.
  • БатIалхьажой – ГIалгIайчуьра динан тоба йу. Кеп-кепарчу лараршца, батIалхьажойн вежараллина юкъахь 20 эзар гергга стаг ву. 19-гIа бIешо чекхдолуш, 20-гIа бIешо долалуш ваьхначу гIалгIайн шаехан Белхароев БатIал-Хьаьжин тIаьхье лору цара шаьш. ГIалгIайчохь политикехь а, бизнесехь а шуьйра позицеш дIалоьцу батIалхьажоша. ГIалгIайчохь уггар чIогIа дош лелаш, къевлина тоба йу и.
  • Эльджаркиев ИбрехӀим вийначул тӀаьхьа доладелира баталхьажой лецар. Цул хьалха вийра батIалхьажойн йукъараллин хьалханчех волу цхьаъ - Белхароев ИбрахIим, шайх БатIал-Хьаьжин кӀентан кӀант. Юкъараллин декъашхошна хетарехь, стаг верна тӀехьа лаьтташ хилла Эльджаркиев. ТӀаьхьо вежараллин декъашхойх цхьаъ волчу Картоев Къурейша мукӀарло дира ша ЭльджаркиевгӀеран ши ваша чIир йоькхуш вийна аьлла.
  • Стохка чиллан-баттахь ФСБ-но, кхелан сацамца, терроран организацийн тептаре йаьккхира "БатIалхьажойн тӀеман гара". ХӀинца оцу тобанан гӀуллакхехь дакъалоцуш а, царна гӀо деш а мел волу стаг бехктакхаман жоьпе озийна ву. Шайх БатIал-Хьаьжин мурдашна дуьхьал бекхам бар аттачу даккхархьама бина и сацам аьлла хета вежараллин декъашхошна, ишта дIахьедо цара, Оьрсийчохь бусулбанашна тӀеӀаткъам беш хиларх.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG