ГӀалгӀайчоьнан Магас, Наьсара гӀаланашкахь ницкъалин структураша дӀайаьхьна рейдаш, диверси кечъйеш хиларна шеконашца лаьцна ворхӀ стаг. Шеконашца лецначех цхьаъ вийна дуьхьало йан гӀоьртича аьлла, хаамбина ФСБ-н юкъараллин зӀенийн центро.
Къайлахчу сервисаша хаамбина, лецнарш бехачу меттигашкахь а, иштта цара кечйинчу къайленашкахь а 10 кила тротилан ницкъ болуш цӀахь йина оьккхуьйтург карийна аьлла. Цул сов, бинчу хьуламехь карийна гранатомет а, 5 пулемет а, 9 тапча а, 11 граната а, 8,5 эзар сов патарма а.
Официалан версица, лецнарш диверсеш йан дагахь хилла "энергетикан инфраструктуран гIишлошкахь", ишта низамхошна тӀелатарш дан кечлуш хилла а боху боху. ФСБ-н ГӀалгӀайчуьрчу Талламан урхалло бехктакхаман гӀуллакхаш схьадиллина диверсеш йан кечам барх а, бакъо йоцуш герз лелорах а, оьккхуьйтург кечъйарх а.
Бехкехетачех цхьаммо лоцучу хенахь дуьхьало йина, "дахарца йогӀуш йоцу чевнаш йина" цунна, хаам бо ФСБ-но. Кхин а 7 шеконашца лаьцна, талламаш бу дӀахьош кхин дIа а.
- ГӀалгӀайчуьрчу Малгобекан йистехь карийна пулеметан цхьа бIе патронаш а, масех гранатометан хIоьънаш а, хаамбира гезгмашин-бутт йуккъе баьлча ГӀалгӀайчуьрчу чоьхьарчу гӀуллакхийн министраллан республикерчу урхалло.
- Гезгамашан-беттан йуххьехь Магасехь ницкъаллин структурийн белхахошна тӀелатар дира мила ву ца хуучу стага: цхьа полисхо лазийра. Масех де хьалха Кантышево а, Назрань а йарташкахь лецира меттигера 6 вахархо – ницкъахоша дийцарехь, полисхошна а, Сунжа-ГӀаларчу оьрсийн килсана а тӀелатар дан дагахь хилла уьш.
- Стигалкъекъа-баттахь Оьрсийчоьнан лерринчу сервисаша штурм йинера Карабулак гӀалахь нах бехачу лекхачу гӀишло чохь йолчу петарна. Вийна 6 стаг, царех кхоъ лоьхуш вара 2023-чу шеран гурахь полисхошна тӀелатар дарна шеко йолуш. Герзаш диттира сахиллалц, цу хьокъахь гӀалахь КТО-н раж кхайкхийнера.