ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ГӀебарта-Балкхаройчохь дешархошна хьехна духар а, коьртара йовлакх а школехь лелочу бедарех тера хила деза аьлла


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

ГӀебарта-Балкхаройчуьрчу бусулба нехан Динан урхалло тӀедиллина меттигерчу дешархошна "школан духарна мел а гергара тIейуху хIума" лелор, оцу йукъанна лаг хьулдийр долуш йовлкх а туьллуш. ХӀинццалц республикехь деша доьлхуш никъаб ма лелайе бохуш дара.

Школе "кӀайн коч а, Ӏаьржа юбка а лело мегар ду, цуьнан йист хьорке тӀекхаччалц хила йеза, туникаца хеча а лело мегар ду", - аьлла ТАСС пачхьалкхан агенталле кӀоштарчу бусулба нехан Динан урхаллин куьйгалхочун гӀовсо Сижажев Ӏалима. Цо тӀетоьхна, корта дӀакъовлучу йовлакхан йистош куча кӀел йерзо мегар ду аьлла.

Цул хьалха, Нальчикан юккъерчу маьждигехь хьехам бечу хенахь, Къилбаседа Кавказерчу муфтийшна тӀе а тевжаш, школашкахь а, университеташкахь а никъабаш лело реза ма хила аьлла, кхайкхира имамо Ульбашев Мурада. Никъаб — бусалба динан коьртахь лелон хӀума ю, юьхь а, дегӀ а дӀакъовлуш, коьртара месаш къайлайоху йовлакхо, амма йуьхь гуш йуьту.

Мангал-бутт чекхболуш Талламан комитетан куьйгалхочо Бастрыкин Александра кхайкхам бира "сихонца" никъаб лелор дехка деза аьлла – иза хилира ХIинжа-ГIалахь а, Дербентехь а килсашна а, синагогашна а тӀелатар дина дукха хан йалале. ТӀелатар динарш божарий бара, ткъа царах цхьаъ никъаб тиллина, вада дагахь хилла боху хаамаш - официалехь тӀечӀагӀбина бац. Цул тӀаьхьа Дагестанан муфтиято цхьана ханна дихкира никъаб лелор.

Къилбаседа Кавказерчу кхечу республикашкахь а дийца даьккхира никъаб йихкина бохуш. Товбеца-беттан 3-чу дийнахь бусулба нехан координацин центро дӀахьедар дира, "Оьрсийчохь кхузаманан хьелашкахь" никъаб лелон мегар дац аьлла.

  • ГӀебарта-Балкхаройчохь лаьцна итт меттигера вахархо - царах шеко йу "шариIатан патрулашкахь" дакъалаьцна бу аьлла, экстремистийн юкъараллех йолчу артиклца бехктакхаман гӀуллакх долийна. ШариӀатан олучу патрулехь дакъалаьцначара Тырныауз гӀалахь "нехан леларна тӀехь терго латтайора", шайн дахаран кепаш динца къаьсташ болчарна тӀелетарш дора, боху талламчаша.
  • Бакъонашларъярхочо Орлов Олега "гӀиллакх-оьздангаллин патрулаш" – шариӀатан а, казакийн а – гучуйовлар кхераме а, къобал дан йиш йоцу а хIуманаш ду элира йоллу Къилбаседа Кавказехь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG