ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ХӀаллакйина, амма йицйина йац? Дагестанехь динчу тӀелатаршкахь дакъалаьцний "Кавказан Вилаята"?


Дербентехь тIемалой байинчу меттигехь, мангал-беттан 23-чу дийнахь
Дербентехь тIемалой байинчу меттигехь, мангал-беттан 23-чу дийнахь

ХIинжа-ГIалахь а, Дербентехь а православин килсашна а, синагогашна а, ГИБДД-н посташна а шозза тӀелатар динчул тӀаьхьа "Исламан пачхьалкх" олучу тобанна гергарчу "Iела-Ӏазим" цӀе йолчу медиа-центро зорбане даьккхира "Кавказера вежарий" декъалбар. Оцу хӀумано ма-дарра гойту "Исламан пачхьалкх" олучу тобанан Къилбаседа Кавказера "Вилаят Кавказ" цӀарца девза гара юкъагӀоьртина хилар, аьлла хета америкахойн тIом зуьйчу Институтан говзанчашна. "Кавказ.Реалии" сайто говзанчашца цхьаьна къастийра оцу вовшахтохараллех лаьцна хууш дерг.

Хьалхара "вилаяташ" гучуйийла йуьйлира 2014-чу шеран лахьан-баттахь "Исламан пачхьалкх" шех олучу организацин куьйгакIел йолчу Шеман а, Иракъан а дозанийн арахьа. Дечкен-баттахь Афганистанера а, Пакистанера а иттех командиро ваIда дира ДаIишна тешаме хила – ишта кхоьллира "Вилаят Хорасан". Шемара коьрта гара хIаллакдинчул тIаьхьа йуха кхоьллинчу "ДаIиш-Хорасанан" база хилира цунах.

Билгалдаккхар: "ИГ-Х", "ИГ-Хорасан" йа "Вилаят Хорасан" – "Исламан пачхьалкхан" Афганистанера гаранийн кеп-кепара цIераш йу. Регионалан филиал, йа "вилаят" санна кхоллайелла иза, террорхойн коьрта база хилира Шемахь а, Иракъехь а ДаIиш хIаллакйинчул тIаьхьа. "Вилаят" баха долийра боллу машанах а.

Кавказехь "Исламан пачхьалкх" шех олучу тобано регионан гара кхоллар дӀакхайкхийра 2015-чу шеран товбеца-баттахь. "Вилаят Кавказ" хилира "Исламан пачхьалкхан" 34-гӀа "провинци". Организацин Дагестанера а, Нохчийчуьра а, ГӀалгӀайчуьра а, ГӀебарта-Балкхаройчуьра а декъашхоша тешаме хила дуй биънера дагестанхойн тӀемалочунна Асельдеров Рустамна (Кадарский Абу Мухьаммад). 2014-чу шеран гIуран-баттахь ша Кавказан Имаратан дарж дуьтуш хиларх дӀакхайкхийра цо, кхинболчу тӀемалошка а кхайкхам бира шех масал эца аьлла. "Дагестанан эмир" хиллачо ДАӀИШ-ан хьалханчана Абу-Бакр Аль-БагӀдадина муьтӀахь хир ву аьлла дуй биъча, "Кавказан Имарат" олучу Ал-Къаидан Кавказерчу гаранехь барт ийгIира.

Кавказан "вилаятан" йуьхь а, чакхе а

2015-чу шеран гIуран-беттан 30-чу буса Оьрсийчоьнан дозана тӀехь дуьххьара теракт хилира, цунна жоьпалла шена тӀелаьцнера "Исламан пачхьалкх" олучу тобано: тӀемалоша герз диттира Дагестанан Дербентна гергарчу ширачу Нарын-Кала гӀопан майдана тIехь. ХIетахь къайлахчу сервисийн белхахо велира, лазийнера 11 стаг.

ШолгӀачу шарахь а терроран тӀелатарш дира Дагестанехь. ГӀадужу-беттан 15-чу дийнахь Ӏуьйранна некъан полисхойн постехь эккхийтар дира машен чохь Iожалхочо: ши полисхо вийра, 17 лазийра. Зазадокху-бутт бовш а изза юха а хилира Дагестанерчу Сиртыч-эвларчу полисхойн постана уллехь. Полицин белхахой машен сацо гӀоьртинера, машенлелорхо муьтӀахь а ца хилла, постана герга а веана, цул тӀаьхьа машен эккхийтинера – вийра цхьа полисхо, цхьанна чевнаш йинера. Каспийскехь, де хьалха, некъан йистехь дӀахӀоттийначу оьккхуьйтучу гӀирсо хӀаллакйира полисхойн шина машенан ковра: тIелатар вовшахтоьхнарг ву аьлла шеконаш йерг цхьа де даьлча дийна а волуш лецира. "Къилбаседанера бандитийн тобанан" декъашхо ву аьлла цӀе тиллира цунна. Динчу кхаа тӀелатарх жоьпалла шена тӀелаьцнера "Исламан пачхьалкх" олучу тобано.

"Имаратна" ца тайна "Кавказан Вилаят" маьрша адамаш дойуш, дуккха а теакташ йар

Мангалан, товбецан, гезгамашин-беттанашкахь Дагестанехь дӀайаьхьира леррина операцеш, цигахь вийра верриг а 25 тӀемало, ткъа 2016-чу шеран гIуран-беттан юьххьехь ХIинжа-ГIалин йистера Талги олучу дагестанхойн йуьртахь КТО хилира. "Вилаят Кавказан" (ДАӀИШ) куьйгалхо а, "Кавказ Имаратан" Дагестанерчу декъан лидер хилла Асельдеров Рустам а вийра. Къилбаседа Кавказерчу "Исламан пачхьалкхан" куьйгаллехь вара нохчийн тӀемало Бютукаев Аслан "Абубакар" - иза, Асельдеров а санна, 2014-гӀа шо кхаччалц ша винчу республикехь "Кавказ Имаратан" эмир вара. Ткъа 2015-чу шеран товбеца-баттахь Ал-Къаидера араваьллачу цо чIагIо йира "Исламан пачхьалкх" тобан куьйгалхочунна муьтӀахь хила.

Асельдеров Рустам, ур-атталла ша Кавказан Имаратан декъашхо волуш а, коьртана дика вац олуш вара, бух боцуш къизалла лелайлоа цо. 2013-чу шарахь "Кавказан Имаратан" лидер Умаров Докка веллачу хенахь, кхачам боллу тIеман дакъош дара "Ваилаят Дагестанна" йукъайогIу тобанаш. Асельдеров дуьхьал вара Кебеков Алиасхьабан а, Сулейманов Магомедан а куьйгалла къобалдан, ткъа Кебековс жоп луш, иза Дагестанан Вилаят эмиран даржера дӀаваьккхира иза",- дагалоьцу шен цӀе яккха ца луучу Дагестанерчу журналисто.

Уггаре а юкъарчу дешнашца аьлча, "Кавказан Имарат" Кавказан территори тӀехь исламан пачхьалкхана тиллина цӀе яра, ткъа "Вилаят Дагестан" цуьнан провинци йара: и шиъ цкъа а ДАӀИШ-ан дакъа ца хилла, кхин дӀа а дуьйцу къамелхочо. Цуьнца догӀуш, "Вилаят Кавказ" йерриге а кхечу кепара дӀахӀоттам бара, ткъа иза мелхо а "Исламан пачхьалкх" олучу тобана йукъайогIуш йара.

Оцу заманчохь "Кавказан Имаратна" а, "Исламан пачхьалкх" тобанна а юкъахь онда теологин а, тӀеман а дуьхьалонаш яра. Имаратна ца тара ДАӀИШ-о къаьсттина маьрша нах байар а, дуккха а теракташ дар а. Ткъа онда теологин цакхетамаш бахьанехь хилла тобанаш, 1990-чу шарахь вовшашна чIиран мостагӀий хилира. Масала, Шеман дозана тӀехь Ал-Къаидо а, ДАӀИШ-о а вовшийн коьртеш дохучу хенахь", - билгалдаьккхира къамелдечо.

Асельдеров вийна ши кӀира даьллачу заманчохь "Вилаят Кавказ" цӀе йолчу тӀемалойн тобано тӀелатар дира Соьлж-ГӀалахь полисхошна. Мехкан куьйгалхочо Кадыров Рамзана цул тӀаьхьа хаам бира 4 тӀелатархо верх а, полисхошна юкъахь зенаш ца хиларх а — ДАӀИШ-о тӀаьхьо зорбане бехира тIелеттачин кхайкхамаш. Нохчийчоьнан а, Дагестанан а дозанаш тӀехь терроран тӀелетарш дIадаьхьира 2017-чу а, 2018-чу а шерашкахь – ткъа шайн уггаре а лакхарчу тӀегӀане кхечира уьш 2019-чу шарахь.

Магнитогорскехь цIа чудоьжначу меттигехь бен белхаш 2019 шо, дечкен-беттан 2-гIа
Магнитогорскехь цIа чудоьжначу меттигехь бен белхаш 2019 шо, дечкен-беттан 2-гIа

ДАӀИШ-о жоьпала шена тӀелоцуш динчу уггаре а даккхийчу терактех цхьаъ дара 2018-чу шеран гIуран-бутт чекхболуш Магнитогорскехь динарг. Керла шо герга кхочуш нах бехачу цIа чохь динчу эккхийтарехь вийра 39 маьрша вахархо, амма инцидентан официалан бахьана лерира газ дӀаялар. Ткъа "Исламан Пачхьалкхо" дӀахьедира шаьш эккхийтар дина аьлла.

Кадыров Рамзана дӀакхайкхийра Нохчийчохь къайлах лела террорхой берриг а хIаллакбина шаьш аьлла 2021-чу шеран дечкен-баттахь. "Вилаят Кавказан" шолгIа куьйгалхо Бютукаев Аслан а, цуьнан йалх тIемало а вуьйш, Катар-Юьртахь леррина операци дӀаяьхьначул тӀаьхьа дара иза. Цул тӀаьхьа цхьа шо даьлча Ӏамеркан эскархоша вийра "Исламан пачхьалкх" шех олучу тобанан керла куьйгалхо Абу ИбрахӀим ал-Хашеми ал-Къураши – 2019-чу шарахь Шемахь веллачу Абу Бакр ал-БагӀдадин метта хӀоьттина вара иза. "Вилаят Кавказа" а, ша "Исламан пачхьалкх" а куьйгалхой боцуш йиссира.

"Исламан пачхьалкхана" динчу ваIди бухахь

ДАӀИШ-ан Кавказан гаранан шолгӀа куьйгалхо Бютукаев Аслан 2021-чу шарахь вийначул тӀаьхьа 2024-чу шеран гурахь бен йуха а дийца ца долийра "Вилаят Кавказах" лаьцна. Охан-беттан 18-чу дийнахь Шанхайн цхьаьнаболхбаран организацино билгалдаьккхира "Исламан пачхьалкх" йуха а "Вилаят Кавказ" жигараяккха гӀерташ йу аьлла. Цунна масех тоьшалла дара цу хенахь.

ГIалгIайчохь "Вилаят Кавказан" тобанан эмир санна ДаIишна ваIда деш вуГуражев Iамирхан
ГIалгIайчохь "Вилаят Кавказан" тобанан эмир санна ДаIишна ваIда деш вуГуражев Iамирхан

ГӀалгӀайчуьра Карабулакан йуккъехь зазадокху-беттан 2-чу дийнахь ницкъаллин структурийн ницкъаша масех сахьтехь штурм йира нах бехачу цIенна, федералан хаамийн гӀирсаша йаздира 6 тӀемало вийна аьлла. ДАӀИШ-ца йоьзначу каналаша цул тӀаьхьа даржийра цу операцехь веллачу тӀемалойн тобанан куьйгалхочо Гуражев Ӏамирханан ваIда дар. ГӀалгӀайчуьрчу "Кавказан вилаят" эмир винчу цунна цӀе тиллира Ӏабдул-Карим ал Ингуши аьлла. Карабулакехь штурм хилале хьалха дира полицин белхахошна тӀелетарш.

Леррина операцин жигара мур чекхбаьллачул тӀаьхьа, ГӀалгӀайн йозуш ца хиларан комитетца йоьзначу ГӀалгӀайн маршонан эскаран буьйранчалло байинчу нахах "муджахӀидийн тӀемалой" элира. Ткъа ницкъахой "низамехь йолу Iалашо" йу бохура, цуо къийсамаш эккхийтира тӀемалой маршонан агӀончаш бара, йа бацара бохучунна гонах. Оханан-баттахь ДАӀИШ-ца йоьзначу каналаша рогӀера аудио йаржийра, байинарш "Исламан пачхьалкх" олучу тобанна гӀуллакх дар доцург, кхи цхьана а тобанхошца бац аьлла.

Охан-беттан 16-чу дийнахь Ростов-гӀалин СИЗО-н белхахой закъалтана лаьцначу 6 тӀемалочух кхоъ – Акиев Шамил а, Гиреев Тамерлан а, Цицкиев Азамат а – бехке вина 2023-чу шеран гIуран-баттахь Черкесехь Лакхарчу кхелан гӀишлонехь эккхийтар кечдарна. Ткъа цул а хьалха, кхело билгал ма-даккхара, цара дуй биира "Исламан пачхьалкх" тобанна тешаме хила. Бисинчарна цара вербовка йинера изоляторехь. Амма цхьа а тоьшалла дац закъалтхой лецарна "Вилаят Кавказан" бехке йу аьлла, Кхарачойн-Чергазийчохь цара лелош долчу гӀуллакхех лаьцна кхул а хьалха дийцина дацара.

Ростоверчу СИЗО-хь нах закъалтана лецна хиларе а, ГӀалгӀайчохь полисхошна тӀелетарш даре а хьаьжча, ХIинжа-ГIалахь а, Дербентехь а дина тӀелатарш ма-дарра шена тӀе ца эцна "Исламан пачхьалкх" олучу тобано - "Вилаят Кавказан" йоьзна хилар ца дийцича а. Царна цу терактах хетачун ма-дарра тоьшалла до "Али-Ӏазим" медиа-центро "Кавказера вежарий" хастош баржийначу хаамо. Иштта аьлла хета Америкерчу тӀом толлучу Институтана (ISW).

"Исламан пачхьалкхаца" йоьзначу канало тӀелеттачаьрга маршалла делла бохург - церан цуьнца цхьа уьйр хилла бохург дац. Теорехь хила тарло, царна хьалха цкъа а хезна ца хила а оцу нахах лаьцна. Шайна ма-хеттара, шайн кепашца цхьаъ лелаш хилар – къобалдина цара", - бохура тIеман аналитико Шарп Давида.

Структурин метта идей

Тахана "Исламан пачхьалкх" - докхачу декъана идей йу, цхьа къеггина инфрастуктура, йа гара хьулучул а, билгалдаьккхира Кавказ.Реалиица хиллачу къамелехь Шарпа. Оцу йукъара ларлуш цIе йоккху цо "вилаятан" – амма "Кавказан" ца йоккху, овхIанхойн "Хорасанан."

Малхбузерчу къайлахчу сервисаша цунна муьтIахь хила дуй биъна тӀемалой бехке лору Москвана гена йоццучу "Крокусехь" динчу терактана. Оццу "вилаятера" ши стаг лаьцнера Оьрсийчоьнан ФСБ-но ши кӀира хьалха Калуган кӀоштахь: къайлахчу сервисаша дӀахьедира, шаьш Москварчу синагогехь эккхийтар кечдеш дара аьлла.

Схьагарехь, "Хорасанан" база йолчух тера ду Афганистанехь, шен доза а, шен кхерч болуш. Цу чуьра цара "пIелгаш Iуьтту" цхьацца пачхьалкхашна, шайна юкъахь баккъалла а гуттаренна а филиалаш а, векалташ а йоцу пачхьалкхаш а йолуш. Масала, Юккъерчу Азихь санна. АгIончаш бу, и "Хорасан" бен гуш йоцуш, интернетехула цаьрца зIене буьйлуш, йоьшуш, тарло цхьаъ ошучу меттиге тIевоьдуш хила а", - кхетийра Шарпа.

2021-чу шарера схьа дуьйна Афганистанехь 12-зза алсамдаьлла ДаӀиш-Х тӀемалойн терахь 6 эзар стаге кхочуш. Царех дукхахберш – 4 эзар – Таджикистанан дозанна гергахь гулбелла хиларх лаьцна дийцира 2018-чу шарахь ОДКБ-н цхьаьнакхеттачу штабан куьйгалхочо Сидоров Анатолийс. Зазадокху-баттахь Казахстанан къайлахчу сервисаша варе дира "Вилаят Хорасанера" кхерам хиларх, билгалдоккхура, цу тобано кест-кеста джихӀад кхайкхадо шен уггаре а гергарчу лулахошка Юккъерчу Азехь а, Оьрсийчохь а бохуш.

Американ эскарш ОвхӀанистанера арадевллачул тӀаьхьа терроран тӀелатарш дан долийра кегийчу къаьмнашна а, динан кегийчу къаьмнашна – уггаре а хьалха шиӀаташна. Амма хенан йохалла уьш махкара арадевлира, кхетадо малхбале толлучу Сулейманов Руслана. "Крокусехь" тӀелатар дале цхьа де хьалха Афганистанерчу Кандагарехь банкан гӀишлонна тӀе бомбанаш йиттира ДАӀИШ-о, лаххара а 21 стаг а вуьйш. Цара иштта жоьпалла шайна тӀеэцнера дечкен-баттахь ГӀажарийчоьнан Керманехь кешнашкахь йинчу терактах а, Истамбулехь килсана динчу тӀелатарх а.

Цхьаъ вара церан кхетамца, церан кепашца лелаш – ДаIишна билгалделира и, цара къобал а дира

"ХӀаъ, "Хорасанан Вилаято" ша гойту, мел а жигара, Афганистанехь а, цул арахьа а, Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн Организацин хаамашкахь а боху, иза йоллу Юккъерчу Азина уггаре а боккха кхерам бу бохуш. Бакъду "Кавказан Вилаятах" лаьцна кхин хезаш хIуммаъ а дац, ма-дарра аьлча йан а йуй-те иза, йа вируталан структура йу-те", - билгалдоккху Сулеймановс.

"Цкъачунна Омаров вийначу тобанан декъашхойн цхьанхьа а видеокхайкхамаш бац, цундела кхеташ дац ша-шех тоам беш, шен лаамехь жигаралла лело сацам бина тоба йара иза, йа ДАӀИШ-о теракт йан пурба делла тоба яра", - билгалдоккху дагестанхойн журналисто.

"Крокусера" теракт билггал арахьа кечдина хиларх дикка тоьшаллаш дара: шаьш тӀелатар динарш Афганистанан луларчу пачхьалкхера схьабевлла хилар, и тӀелатар дина ойланийн барам, зен хиллачеран терахь. Делахь а, Дагестанехь динчу тӀелатарийн гӀуллакх дӀоггара кхечу кепара дийцар ду, хӀунда аьлча, берриш а байинарш республикера схьабевлла хиларна, билгалдоккху Шарпа.

Юкъарчу хьесапехь вай ала йиш ю, Оьрсийчохь масех зуламхойн тоба хиларх, шен идеологица "Исламан пачхьалкх" олучу тобанна а, "Кавказан Вилаятна" а гергара бохуш, кхин дӀа а дуьйцу Сулеймановс. Амма муьлххачу а цӀерашца а, байракхашца а лела йиш ю церан, хӀунда аьлча, коьрта бахьана овхӀанхойн тӀемалошкара гӀортор хилар дац, Украинана тӀелатар бахьана долуш Оьрсийчоьнан Ӏедалшна Къилбаседа Кавказера къайлахчу террорхошца болх бан хан ца хиларна ду, тешна ву иза.

• Охан-беттан 23-чу сарахь Дербентехь муьлш бу ца хуучу наха автоматашца герзаш диттина синагогана а, килсашна а. Оццу хенахь ХIинжа-ГIалара ГИБДД-н постана тӀелатар дина муьлш бу ца хуучу наха. 21 стаг велла, шайлахь 16 ницкъаллин структурийн белхахо а, массех маьрша вахархо а волуш, царна юкъахь 66 шо долу килсан мозгIар Николай (Котельников) а хилла. ТӀелеттачех пхеанна герз тоьхна. Кхаа денна тезет кхайкхийнера Дагестанехь.

• ХIинжа-ГIалахь а, Дербентехь а тӀелетарш хилла кӀира даьлча, Дагестанан куьйгалхочо Меликов Сергейс дӀахьедира, республика "радикализмна бехке йеш ю, ткъа зуламхой массо а бусалба нахаца цхьаьна бехбеш бу" аьлла. Цул а хьалха Талламан комитетан куьйгалхочо Бастрыкин Александра никъабаш йехкарна гӀортор еш къамел дира, килсана а, синагогана а тӀелатарш дарна "исламан террорхой" бехке бира цо.

• Бакъонашларъярхойн "Мемориал" юкъараллин Кхеташонан куьйгалхочо Черкасов Александра "Кавказ.Реалиин" редакцица хиллачу къамелехь дийцира, Оьрсийчохь "терроризмца къийсам латтор" Ӏедал карахь латторан гӀирс хилла муха дӀахӀоьттина а, ницкъахойн кепаша кхин тIе а ницкъабар алсам хIунда доккху а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG