ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Хабаровскера вахархочунна пхи шо хан тоьхна Кадыровга Нохчийчоь Оьрсийчоьнах дIакъастайе аларна


Зарипов Захар хIусамненаца а, йоккхаха йолчу йоIаца а
Зарипов Захар хIусамненаца а, йоккхаха йолчу йоIаца а

"Дийна Журнал" олучу социалан машанехь Кадыров Рамзанах пост хIотторна Хабаровскан махкахь тIеман кхело терроризм бакъйар аьллачу артиклехула набахтехь даккха 5 шо хан тоьхна меттигерчу вахархочунна. Цо Нохчийчоьнан куьйгалхочунна хьехнера республикера эскархой Украинерчу тIаме а ца хьежош, цуьна метта хьайн регионна суверенитет йаккха хьажа аьлла.

Зарипов Захар лецира 2023-чу шеран дечкен-баттахь шен балха тIехь – колонехь, цигахь лецначу нахана математика хьоьхуш вара иза, дуьйцу ОВД-инфос. Ши де даьллачул тIаьхьа иза лаьцна Хабаровскера СИЗО хьажийра.

Кхело сацам бира, "Кадыровна Хьехар” публикацихь “Оьрсийчоьнан цхьаала йохон Iалашонца герзаца Iедал схьадаккха хьехамаш” бу аьлла.

Бакъоларъяран "Политикан тутмакхашна гIодар. Мемориал" проекто Зарипов политикан тутмакх лерина. Бакъонашларйархошна хетарехь, Зариповн леларца низам дохош хIуммаъ а дацара, ткъа бехктакхаман гIуллакх цуннна дуьхьал харц кхоьллина ду, Оьрсийчоьнан Iедалан критикаш кхерорхьама. Цуьнан пост – Кадыровна Iоттар йар ду, хьалха шен маршо къуьйсуш хилла Нохчийчоь, хIинца шен нах кхечу пачхьалкхана дуьхьал зуламаш дан хьежош йу бохуш, билгалдаьккхира цара.

  • Хьалхо Хабаровск-мехкан губернатор Фургал Сергей лацарна дуьхьал протестехь дакъалецира Зарипов Захара.
  • Украинина дуьхьал тIом болийчхьана бакъоларйархоша а, Кавказ.Реалии сайтан хьасташа а масийттазза дийцира, махкахь полисхоша лечкъийначу нахе а тIамехь дакъалоцуьйту бохуш. Царех цхьаболучарна хьоьхура йа тIаме доьлху шу, йа шайггара долийначу гIуллакхехула набахте доьлху. Иштта Нохчийчохь салтий хуьлу, масала, нохчийн оппозиционерийн гергарнаш. Бертаза Нохчийчуьра бахархой тIамтIе хьийсабо бохуш, хаамаш кхочура Оьрсийчоьнан Iедалхоша мобилизаци йирзина аьллачул тIаьхьа а.
  • Лаккхарчу Радехь сацам бина, Нохчийчоь Оьрсийчоьно цхьана ханна оккупаци йина хилар бакъдеш, "нохчийн къомана йина геноцид" йемалйеш. Цу сацамна кхаж тесна гуламехь мел волчу 287 депутато. Бинчу сацаман авторех цхьаъ Гончаренко вара.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG