ГIадужу-беттан 29-чу сарахь Венерчу Боснин а, Герцеговинан а векалтана хьалха митинг дӀайаьхьира Нохчийчуьра йахархо Хадисова Селима Оьрсийчоьне дӀайаларна дуьхьал. Гезгмашан-баттахь Туркойчуьра схьакхаьчча, Сараевон аэропортехь лаьцнера иза а шен жимачу кхаа бераца.
Цу акцехь дакъалоцуш вара 30 гергга стаг, Венерчу Боснин а, Герцеговинан а векалтана хьалха Ичкерин а, Украинин а байракхаш а, "Депортаци сацайе", "Селимина маршо", "Сацаде нохчий хьийзор" тIехь йаздина плакаташ карахь а долуш. Цунах лаьцна Кавказ.Реалии сайте дийцира акци вовшахтоьхначу Австрера Нохчийн Ичкерия Республикан векало Дунаева Розас.
"Оьрсийчуьра йедда мухӀажар карарчу хенахь экстрадици йан боккхачу кхерамехь йу. Оьрсийчохь цунна тӀехь гӀело йийр йу, кхин а адамийн бакъонаш талхор йу. Уггаре а ирчаниг – иза йен тарло. Карарчу хенахь шен кхаа берах дӀасакъастийна йу иза. Цаьрца цхьана Сараево схьайеанера иза ", - билгалдаьккхира Дунаевас.
И цхьаьнакхетар чекхдаьлча, Боснин а, Герцеговинан а векалалле дӀакхачийра резолюци. Хьалхо Дунаевас йазайинера петици, Хадисова Селима дӀахецар доьхуш, карарчу хенахь цунна куьйгаш йаздина 300 гергга стага.
Оьрсийчохь Хадисова бехке йеш йу "Исламан пачхьалкх" олучу дуьненаюкъарчу террорхойн вовшахтохараллица уьйраш хиларна, бахьана - радикалан исламхоша Ӏуналла дечу территорина йукъарчу Туркойчуьра дозанехь цо дуккха а хан йаккхар.
- Австрехь лаьцна латточу Нохчийчуьра мухӀажиран 40 шо долчу Мусиханов Жабраилан могушаллин хьал кхин а телхина. ЦIе ца йоккху цамгар токхуш ву иза, амма террорхойн "Исламан пачхьалкх" боламца воьзна ву аьллачу шеконашца Оьрсийчоьнан дехарца дIавала тарлуш ву. Цо а, цуьнан гергарчара а цунна дохку доллу бехкаш харцдира.
- Европан пачхьалкхийн Iедалхоша катоьхна сацон деза Къилбаседа Кавказера тховкIело йоьху мухIажарш Оьрсийчу дIахьийсор, хIунда аьлча, царна кхерам лаьтта Iазапаш хьега а, бертаза Украинана дуьхьал бечу тIаме хьийсон а. Оцу тайпа кхайкхам бина бакъоларйаран Amnesty International организацино, хаамбина Маршо Радион оьрсийн сервисо.