ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Хакерийн тIелетарш дарна бехкевина лаьцна Америкехь Нохчийчуьра вахархо


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн шеконаш йу Нохчийчуьра вахархочух Астамиров Русланах, цо LockBit программаш лелош, Америкера а, кхечу пачхьалкхашкара а компьютерийн системашна хакерийн тIелетарш дина аьлла. Астамиров лаьцна, цунна дехкинчу бехкашца 25 шаре кхаччалц набахтехь йаккха хан кхачайо цунна.

2020-чу шарера 2023-чу шаре кхаччалц Оьрсийчоьнан вахархочо, 20 шо долчу Астамировс шеца йукъахь болчаьрца цхьаьна пайдаоьцуш хилла зенаш дечу LockBit программица ахчанаш дахан хьалашонца хакерийн атакаш а лелош, аьлла ду США-н юстицин министраллин пресс-релиз тIехь. Доккхачу декъанна, талламчийн хаамца, мел кIезиг а пхоьазза тIелетта иза.

LockBit программа а лелош, ахчанаш даьхначу гIуллакхехула шеконашка эцначу Астамировн гIуллакх лелош ду Нью-Джерсира прокуратуро. Иштта бехкаш дехкина, Канадехь лаьцначву оьрсийн махкалла долчу Васильев Михаилна а, Матвеев Михаилна а.

Стигалкъекъа-баттахь США-н санкцийн тептаре йазвира Матвеев Американ бакъоларйаран органийн а, индустрин а инфраструктурина хакерийн тIелетарш дарна. Матвеев лацийта информаци лур йолчунна 10 миллион долларшкахь мах кхайкхийна Американ Пачхьалкхан департаменто, хаамбо пачхьлкхан "Интерфакс" хаамийн агенталло.

Америкахойн къайлахчу сервисийн хаамашца, LockBit программехула дуьненчохь 2020-чу шарера схьа дуьйна 1400 хакерийн тIелатар ду дина, йухаэцийта цара тIедожийначу ахчанийн барам бу 100 миллион долларш, ткъа цара биткоинашкахь эцна ахчанаш иттаннашкахь миллионаш долларш ду.

Кхаьънаш оьцу программо, оцу гIирсана ша тIе ма кхеччи, блок туху цунна, тIаккха ахчанаш доьху и дIайостург.

  • Хьалхо мангал-баттахь Москвара кхело йухаийцира, Америкехь веха бизнесхо лачкъорна Нохчийчуьра веа вахархочун хьокъехь бина сацам.
  • Охан-баттахь дийца даьккхира, Пентагонан къайленан кехаташ социалан машанашкара Donbass Devushka аккаунтехь даржош хиларх США-н ВМС-хь эскаран гIуллакх деш хиллачу Билс Сарас. Цо духкура, Z-символика тIехь йолу а, ЧВК "Вагнеран" а, Путин Владимиран а, Кадыров Рамзанан а суьрташ тIехь долу сурсаташ. Царех эцна ахчанаш хьежадора Оьрсийчоьнан армина.
  • Оьрсийчоь Украинана тIелетта масех де даьлча оьрсийн хаамийн гIирсийн сайташна дуккха а хакерийн тIелетарш дира Anonymous тобано. Доккхачу декъанна тIелетарш дира ТАСС агенталлин, "Коммерсантан", "Известия", "Такие дела", "Фонтанка", Forbes, РБК сайташна а, иштта кхинболчу гIирсашна а. Зорбанийн коьртачу агIонехь хаам гучубелира "Путина харцдерг дуьйцуьйту тхоьга, кхерамна кIел латтадо тхо. Тхуна стенна оьшу и? Путин книгаш тIе ваккхийтий? ХIара тхан тIом бац, сацабе вай и!".
  • 2021-чу шеран дечкен-баттахь Дагестанера пачхьалкхан органийн сайташкахь хаамаш баржийра, Оьрсийчоьнан президент Путин Владимир къоланаш дарна бехке веш. Мехкан урхалхоша дIахьедира, Iедалхойн порталашна DDoS- тIелатарш дина аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG