Дукха хан йоццуш Нохчийчохь билгалдаьккхира Кадыров Ахьмадан 71 шо кхачар. Оцу тIехула меттигерчу хьаькамаша а, ницкъахоша а даим санна, дIахьедира шайн "кхиамех", ткъа гIаланашкахь а, ярташкахь а дуккха а нах вовшахбетташ барамаш дIабаьхьира. Кавказ.Реалиино дуьйцу, цуьнан доьзална гонах культ йинчу хьелашкахь Кадыров Рамзанан да вина де муха даздо Нохчийчохь.
Кадыров Аьмад – Нохчйчохь динан а, политикан а юкъаралхо вара, 1995-чу шарахь Басаев Шемала хьалхататтарца, къобалъязчу Ичкерин муфтий хIоттийра иза, хIеттахь гIазот кхайкхийра цо Оьрсийчоьнна.
1999-чу шарера схьа дуьйна Оьрсийчоьнан позици дIалецира цо, цул тIаьхьа ши шо даьлча ханна Нохчийчоьнан администрацин куьйгаллехь лаьттира.
2003-чу шеран гIадужу-баттахь республикехь хиллачу президентан харжамашкахь толам баьккхина цо аьлла, дIакхайкхийра, кхин а масех бутт баьлча, 2004-чу шеран стигалкъекъа-беттан 9-чохь, Соьлжа-ГIаларчу стадионехь тIеман парад дIахьочу заманчохь йинчу терактехь вийра иза.
Марсхьокху-беттан 23-чохь, шен да винчу дийнахь, Кадыров Рамзана пост зорбане яьккхира телеграм-каналехь
"Эзарнашкахь Нохчийчуьра а, Оьрсийчоьнан кхечу субъекташкара а кеп-кепарчу къаьмнашкара, хенашкара адамаш догIу цуьнан коша тIе хIитта, цуьнга болчу ларамна, цуьнан сий деш. Цара тоьшалла до, нохчийн къам кIелхьарадоккхуш, вайн даймехкан цхьаалла а, суверенитет а, Исламан мехаллаш а Iалашъярехь Ахьмад-Хьаьжас доккха дакъа лаьцна хиларх",- дIахьедина мехкан куьйгалхочо.
Муьлххачу а Оьрсийчоьнан регионалан лидерх тера ву Кадыров Ахьмад, кхин совдаьккхина хIума дац
БIаьста дIадоладо Нохчийчохь Марсхьокху-беттан 23-гIа де даздан. Нах вовшахбетташ барамаш вовшахтохар республикан куьйгаллина а, къаьстинчу министраллашна а тIехь ду. Кху шарахь, марсхьокху-беттан 15-чуьра 21-чу дийне кхаччалц, Iедалхоша дIабахьа леринчу 80 культурин барамех (гайтамаш, конкурсаш, концерташ, викторинаш) 13 Кадыров Ахьмадна лерина бара.
Кхин тIе а регионан дешаран а, Iилманан а министралло тIелаьцнера урхалхо хиллачун винчу денна лерина КъорIан дика хьан доьшу хьожуш конкурс а, "Ислам хуурш" ловзарш а, спортан велотуризмехула къийсамаш а дIабахьа. Шена догIучу декъанна республикерчу "дешаран профсоюзо" чIагIо йира шахматийн турнир хIотто, Кадыров Ахьмадна лерина.
Цхьатерра кечамаш бо Нохичйчуьрчу массо а тIегIанашкарчу хьаькамаша марсхьокху-беттан 23-гIа де даздан. Масала, Кадыров Рамзанан ден винчу денца нисдира Соьлжа-ГIалахь электротехникан гIирс бен завод схьайеллар а. Кадыров Ахьмад Нохчийчоьнал арахьа а вевза бохуш, цхьа сурт хIоттош, меттигерчу Iедалшкахь болчу зорбанийн гIирсаша хаамаш зорбане боху цуьнан винчу денна лерина Оьрсийчоьнан кхечу регионашкахь а, пачхьалкхашкахь а даздарш хилла бохуш. Стохка а нисделира иштта, Кадыровн-воккхахволчунна лерина "дагалецаман суьйре" дIаяьхьна Боснихь а, Герцеговинехь а, Сербихь "Чечения Феста" хилира бохуш, нохчийн зорбанаша яздеш. Кху шарахь, Украинехь тIом боьдучу хьелашкахь, Кадыровн винчу денна дозанал арахьа барамш хIиттийна аьлла, хаамаш хилла бац.
Тера-мера стаг вацара Кадыров Ахьмад бохуш, бахархошна марздан гIерта Нохчийчоьнан Iедалхой шайн ма-хуьллу – Делан куьйго лелош вара иза бохуш. 2021-чу шеран гIуран-баттахь Соьлжа-ГIалахь къамел дечу хенахь, Нохчийчоьнан куьйгалхочо дIахьедира, шен да хIума хууш вара, тIаьхьло йолу хьехарш дора цо шена бохуш: "XX-чу бIешерийн хилам бара иза. Цунна хьехарш дан бара къайленан ницкъаш, иштта эр ду-кх".
Иштта риторика дIаяхъйелира кху шарахь а. Марсхьокху-беттан 23-чохь Нохчийчоьнан куьйгалхочо дIахьедира, шен дас "нохчийн халкъ кIелхьардаьккхина", ткъа "Оьрсийчоь – юхучуьра", Кадыров Ахьмад "доллу дуьненна а дагахь виссина сийлахь, пачхьалкхан а, политикан а, динан а юкъаралхо санна".
Нохчийн халкъан истори ю тIетаьIIина юхаязъеш
Тахана Нохчийчохь дуккхаъ а мехала йолу гIишлош Кадыровн цIарах ю: пачхьалкхан университет (яздархочун Лев Толстойн цIарах яра хьалха), Соьлжа-ГIалара аэропорт (хийццалц цо лелош яра Шейх Мансуран цIе). Республикан йоллу ярташкахь Кадыров-воккхахаволчун цIарах хийцина тоххара Ленинан цIарах хилла урамаш. Берриг а КадыровгIеран цIарах бу 350 урам. Школашкахь Iамо юкъаяьккхина Кадыров Ахьмадах лаьцна книга "Серлоно къагийна некъ" цIе йолу.
Оьрсийчоьнна дуьхьал лаьттинчу Ичкерин агIончийн иэс дайа, Кремльна чIогIа товш ду Кадыров Ахьмадан васт, аьлла хета Гуьржийн стратегин а, дуьненаюкъарчу талламийн а фондан Iилманан белхахочунна, талламхочунна Квахадзе Алекона.
"Нохчийн халкъан истори юхаязъеш хиларан тешаш ду вай. Оьрсийчоьнан чоьхьара политика хьажийна ю, Кадыров-воккхахверг Нохчийн республика кхоьллинарг, йиллинарг ву ала, и бохург хIун ду, историн турпалхой хуьйцуш бу", - дIахьедира Кавказ.Реалиица хиллачу къамелехь Квахадзес.
Дудаев Джохара а, Масхадов Аслана а, кхечара а урхалла дина хан дIа а йоккхуш, Нохчийчоьнан Iедалхоша бахархошна гойтуш ю керла шатайпа "зама".
"ТIедожийна Ичкерин гимн а, байракх а, шира хилла урамийн а, гIалийн а цIераш йицъян. Кадыров Ахьмада динчу къамелашка ладоьгIча, хала дац терго ян, ма-дарра аьлча, муьлххачу а Оьрсийчоьнан регионалан лидерх тера ву Кадыров Ахьмад, кхин совдаьккхина хIума дац. Адаман политикан культ яржон чIогIа бIегIийла йолуш ву иза", - дерзийра къамел Квахадзес.
КадыровгIеран доьзална гонах культ кхуллуш цхьаьнацадарех дуьйцу "Кавказан къаьмнийн Ассамблейн" куьйгалхочо Кутаев Руслана.
"Кху заманан конституци тIехь кхоьллина Iедал лаьтташ хилча, пачхьалкх диллина динан мехаллаш тIехь лелаш хилча, цхьа гIурт хуьлу цуьнца. Аьлча а, проблема ю бIостаналлица. Православин мехаллашка гIерта "оьрсийн дуьне" а муха лаьттар ду, ортодоксан хьелашца исламан дуьне а муха хуьлу, хIун ду пачхьалкхехь хуьлург? И дерриг а цхьана кехата юкъа хьарчо гIерта уьш", - аьлла хета Кутаевна.
- 2014-чу шарера схьа дуьйна Кадыров Рамзанна дуьхьал масийттазза санкцеш ехира Малхбузенан пачхьалкхаша – Нохчийчохь кхел йоцуш нах байарна жоьпалла цунна тIехь хиларна бехкевина. ТIаьххьара дозанаш дехира Кадыровна дуьхьал Японино – Украинан дуьхьал Оьрсийчоьно болийначу тIамехь дакъалацарна.
- Нохчийчоьнан куьйгалхочун йоккхаха йолчу йоIа, республикин культурин министро Кадырова Iайшата емалдина меттигерчу бахархоша ловзаршкахь хийцамаш бар. Уггар хьалха дуьйцурш ду керла доьзал кхуллучийн агIонаша вовшашна ден совгIаташ. Оцу юкъанна Кавказ.Реалиино хеттарш динчу тергамчаша тидаме ийцира, тамбоцу ахчанаш а дойуш, деза ловзарш хIиттош "ламаст" юкъадаьккхинарг КадыровгIеран доьзал хилар.
- Нохчийчоьнан куьйгалхочо чIир кхайкхийна, Украинан агIор тIемаш бечу къобалъязчу Ичкерин агIончашна. Дуьххьара дац политико а, цуьнан агIончаша а бойъур бу бохуш, шайн оппоненташна кхерамаш туьйсу, делахь а, хIокху дIахьедаро цецбаьхна Ичкерин агIончаш. Юха а Кадыровс харцахьадаьхна нохчийн ламасташ, ткъа боьдчу тIеман юккъехула цо чIир кхайкхор тIелацар дош ца хийтира царна.