Немцошца йукъарлонаш лелорна бехкебина иттаннашкахь эзар гIалмакхой Сибрех бахийтира "Улусы" операцин гурашкахь 1943-чу шеран гIуран-беттан 28-чохь. Мила вара оцу операцина бехке? Цу бохамах лаьцна дуьйцуш, йуй-те тешам боллуш тIетовжа аьтто болу хьосташ а, статистика а? Таханалерачу кегийрхошна цо Iаткъам а муха бо? ХIорш а, кхиндолу а хеттарш дийцаре дира "Хроника Кавказа" подкаст дIахьочу Вачагаев Майрбека историкца, бакъоларйархочуьнца, диссидентаца Боромангнаев Батырца.
Боромангнаев Батыр Iойрат-гIалмакхойн халкъан Конгрессан куьйгалхо ву, стохка Оьрсийчоьнан кхело экстремистийн йукъаралла лерира иза. Оьрсийчоьно Украинехь болийна тIом йемал бинчул тIаьхьа историк пачхьалкхера вада вийзира, крарачу хенахь Американ Цхьаьнатоьхначу Штаташкахь вехаш ву иза. 100 сов публицистикан а, Iилманан а белхийн автор ву иза, иштта махках даьхначу къаьмнийн проблемех лаьцна а дукха йаздина Боромангнаевс.
– Лараме Батып Батырович, дай баьхначу латташкара кхарачой дIакхалхийначул тIаьхьа, 1943-чу шарахь доллу гIалмакхойн халкъана депортаци йарна мила ву бехке?
– ЦIе йаккха йиш йу, нах махках бохуш дакъалаьцначу урхаллийн дакъойн, НКВД-н вовшахтохаралийн, амма шуьйрачу бакъдолчун цхьа жима дакъа бен хир дац и. Iойра-гIалмакхойн халкъана депортаци йина ца Iаш, йоллу депортаци дIахьош хилларш бу ма-дарра аьлча, йукъара иттаннаш органаш а, кхин йолу урхаллаш а. ГКО йара и, СССР-н халкъан комиссариаташ, ишта пачхьалкхан комитеташ, тайп-тайпана коьрта а, регионашкара а урхаллаш, ишта кхин дIа а. Амма, и дерриг хууш делахь а, цунах лаьцна дуьйцуш мел а нийсонца а, цхьа леррина а хила деза. ЖамI деш аьлча, хIара акцеш йа операцеш пачхьалкхо дIахьош хилла йу, аьлча а, Советан Iедало, чалтач хиллачу Сталин Иосифа куьйгалла дечу цуьнан коммунмистийн рожо.
1940-чу шарера схьа хилла ца Iаш, 1918-чу шарера схьа дуьйна долийна, бертаза махках даьхначу доллу къаьмнех лаьцна ишта ала йиш йу. Аьлча а, большевикийн советан Iедал дIахIоьттина хьалхарчу шарера а, цул тIаьхьа а. Цундела коьрта бехкениг а, халкъаш махках даьхнарг а хIинцалера Оьрсийчоьнан Федерацел а хьалха хилла Советан Социалистийн Республикийн Союз йу.
ГIалмакхойн АССР-н дозанаш тIера лаьхкина ца Iаш, Ростовн-кIоштара а, Ставропорль-махкара а, Сталинградан кIоштара а (тахана Волгоградан.-Билгалдаккхар) дIабигира гIалмакхой. ГIалмакхойх болу салтий, сержанташ, эпсарш бIаьста дIадолийна, 1944-гIа шо чекхдаллалц тIама йукъара схьа а лехьош, Пермскан кIоштара ГУЛАГ-н системера къинхьегаман лагере дIабахийтира. Широковера гидроэлектростанцихь белхаш байтира цаьрга. ХIетахь цхьа лагерь йара – Широклаг, ишта йара цуьнан цIе. Эпсарш дIахьийсабора церан доьзалш бехачу Сибрехара кеп-кепарчу регионашка.
Немцошца йукъарлонаш лелорах дерг аьлча, ГIалмакхойн АССР-н цхьа дакъа дIалаьцначу заманчохь цхьаболу гIалмакхой хиллера цаьрца уьйраш йолуш.
– Стенгахь и тайпа хIума ца хиллера? ДIалецначу доллу дозанаш тIехь хилла ма ду оцу кепара хIуманаш.
– И ду-кх и, и коллаборационизм бохург, цу тIе шуьйрачу кепашкахь а, вайна гуш йу Оьрсийчоьнан а, Укрианан а, Беларусин а оккупаци йинчу дозанаш тIехь а цхьаьна. Оццу ГIалмакхойчохь а хилла оьрсех а, украинхойх а схьабевлла дуккха а полисхой а, могIарера бахархой а, оккупаци йинчу Iедалхошна белхаш беш.
Амма гӀалмакхой берриш а арабехира, шайна юкъахь дӀалецазчу меттигашкахь, йа тӀом балале хьалха олуш хиллачу улусашкахь бехаш берш а болуш. Цундела и оккупанташца цхьаьнаболхбинера бохуш, бехкаш дахкар, ГӀалмакхийн АССР дӀайаккхаран а, ГӀалмакхойн халкъ нуьцкъала махкахдаккхаран а бахьана бен кхин хӀуммаъ а дацара.
Москвахь тӀом боьдуш шайгара йевлла хилла шайн ледарлонаш а, гӀалаташ а довзийта дезара, бехкенаш а лаха безара. Кегийчу къаьмнашна йамартло лелийна аьлла, бехкаш дахкар аьтто болуш дара. Ма-дарра аьлча, Кремло нийсса изза лелийна кхечу къаьмнашца 30-чу шерашкахь, Гитлер хӀетахь СССР-на тӀелетта а вацара.
Кхин цхьа утилитаран Iалашо йара кхочушйеш. БӀеннаш эзарнаш, ур-атталла миллионаш советан белхалой дӀахьажийра мехкан малхбален кӀошташка. Йуха а ГӀалмакхойн автономин Советан Социализман Республика дӀайаьккхинчул тӀаьхьа, оцу указца, 1943-чу шеран гIуран-беттан 27-чохь кхоллайелира Астраханан кIошт, цунна дӀайелира ГӀалмакхойн дукхаха йолу территореш, ткъа кхин долу ГӀалмакхойн дакъош дийкъира Ставропольна а, Дагестанна а йукъахь.
Йукъарчу хьесапехь, массо а хӀуманна тӀехь ницкъ болчу хьелашкахь депортацин цхьа бахьана хила йиш йацара, и тайпа логикехь доцу, репрессиван, цу тӀеман хьелашкахь оцу кепара хьекъалх тилла Iедал хуьлийла а дацара. Цигахь дара массо а тайпана бахьанаш, дог-ойла, эмоционалехь лелар а, цхьацца ахчанца дозараш а.
– Нохчашка, гIалгIашка, кхарачойшка, балкхаройшка, ГIирмера гIезалошка а хьаьжча, гIалмакхошна баха билгалйаьккхинера Сибрех. И меттиг къастор хIунда дара аьлла хета хьуна?
- Цкъа делахь, дукхахболу гӀалмыкхой махкахбаьхна уггаре а луьрачу дечкен-беттан чиллехь. Дечкен-беттан 28-чу дийнахь йолийра "Улус" операци. Дечкен-чиллан беттанашкахь уьш цӀерпошташца Сибрех дӀакхачийра: Новосибирскан, Омскан, Тюменан кIошташка, Алтайн, Красноярскан дозанаш тIе, жима дакъа Свердловскан кIоштан къилбехьа а хьажийра. Цул совнаха, Волгехь а, Каспий-хӀорда тӀехь а баьхначу гӀалмакхойн жима дакъа Казахстане, Аралан кӀошта дӀахьажийнера.
Москвахь, схьагарехь, гӀалмакхой азиаташ санна тӀеоьцуш бара, цундела, хила тарло, оцу урхаллашна дӀоггара ца лаар, уьш цхьана тайпана расан йа культуран агӀор цхьатеррачу гонехь чекхбовла. Цундела уьш славянийн кӀошташка а, Сибрехан йистошка а дӀатарбина, цигахь нуьцкъала белхаш бойтуш хилла цаьрга.
– 90-гӀа шераш дуьйлалуш, СССР-хь хиллачу къайлахчу сервисийн архивашна тIекхача аьтто бинчу мIаьргонех пайда а эцна, гIалмакхошна йинчу депортацих лаьцначу кехаташна тIекхача ницкъ кхечирий хьан?
- Халахеташ делахь а, и архиваш а, Оьрсийчоьнан коьртачу урхаллийн фондаш а хӀинца а талламхошна дӀакъевлина йу. Уьш, масала, оццу Астрахан кӀоштан архивехь а йу, амма гӀалмакхой буьтуш бац цига, иштта Москвара коьртачу архивашка а санна.
Боллу гӀалмакхойшлахь кӀезиг аьтто белира цхьаъ бен воцчу гӀалмакхойн Ӏилманчан, историкан Максимов Константин Николаевичан. Иза а цхьана хенахь гӀалмакхойн парламентан куьйгаллехь, Федерацин кхеташонан декъашхо а хиларна дара. Депортацех лаьцна масех киншкийн а, талламийн а автор ву иза.
Цигахь вара ишта къона гӀалмакхойн КГБ-н белхахо Надбитов Алексей а. Цо массо а Сибрехан кӀошташка, гӀалмакхой махкахбаьхначу меттигашка лелла, ма-дарра аьлча, махкахбаьхначийн гӀуллакхийн доккхаха долу дакъа ГӀалмакхойхь йолчу КГБ-н урхалле дӀадолуьйтуш къа хьийгира. Тахана гIалмакхойн историкаша оцу тематикехь талла йиш йолу цхьаъ бен доцу документаш ду уьш.
Исс халкъана йира депортаци: 30-чу шерашкахь корейхой махках баьхна, Генарчу Малхбале дIабигира, дуьненан ШолгIа тIом боьдуш – немцой, балкхарой, гIалмакхой, уьш боцурш, ГIирмера гIезалой, туркой месхетинцаш а бара. Цул совнах Финляндица дозанашкахь йолчу кIошташкара финнаш-ингерманландцаш, вепсаш, ижораш а дIабигира СССР-н йуккъе.
– Къам махках даьккхинчу заманчохь хIаллакхиллачех лаьцна дуьйцуш, муьлхачу терахьашна тIетовжу хьо?
– Тайп-тайпанчу талламхоша дийцарехь, 30-на тӀера 40–45% кхаччалц бахархой белла. Сан сайн хьесапаш ду. ТӀом балале, 1939-чу шарахь халкъ йухайаздича далийначу терахьаца, РСФСР-хь вехаш вара 134 эзар сов гӀалмакхо. НКВД-н хаамашца, 1950-чу шарахь дӀайазвина хилла 77 943 гӀалмакхойн мухIажар, шайлахь депортацин муьрехь бинарш а болуш. Уьш бу гергарчу хьесапехь аьлча, 57% тӀом балале хиллачу тӀегӀанах. Амма вай тидаме эца деза тӀамехь байинчу нехан терахь а. Сан жамIашца, иза 10 эзар стаге кхаччалц ду, 7% гергга.
Оцу кепара, депортацихь велла хила тарло 30 процент, тIом балале хиллачу гIалмакхойн терахье хьаьжча. И хуьлу 50 эзар гергга стаг.
Маттах довлуш ду тхо катоьхна. И массо а гIалмакхочун лазам бу
Инзаре дукха адамаш делира дӀабуьгучу хенахь, къаьсттина шийлачу хенахь - уьш дӀасалелочу даьхнийн вагонаш Ӏаьнан хенахь дӀасалело лерина йацара. Хууш ма-хиллара, цӀерпошт цхьана баттахь эхабаттахь боьдуш хилча, нах мацаллах а, шелонах а леш хилла.
Вагонаш чохь пешаш хиллашехь, таро йацара цу чохь йовхо латтон, йовхо лакхахь лаьттара, цундела бераш лакхарчу тӀегӀанехь йолчу паднараш тIехь дӀатардора. Ткъа лахарчу паднараш тIера къаной милла бала буьсура. Шайн белла нах социйлашкахь охьатийса декхаре бора гергаранаш, дай-наной.
Ткъа Сибрех дIакхаьчначул тIаьхьа эрна аренашкахь охьатийсира дийна биссинарш. Царна тIаьхьа йарташкара салазаш йохкуьйтура, амма уьш бехачу меттигашка дIа ма кхаччий, лайла охьатуьйсура. Дуккха а беттанашкахь лоьраш тIе ца буьтура царна, йуург ца лора, цхьана а кепара йа ахча а луш дацара. Оцу бахьанаца а белира дуккхаъ а.
– Бохийна бигинчуьра гIалмакхой цIа бирзинчул тIаьхьа проблемаш Iитталорий гIалмакхойн латтанаш тIехь дIатарбинчу Оьрсийчоьнан кхечу къаьмнийн векалшца?
– Тхан и проблема ца хилла, кхин нах тхан меттигашка охьа ца ховшийра, хӀунда аьлча, тхан аренаш башха дика йац адамашна даха. И меттигаш лелош хилла Ӏаьнан дежийлаш санна, и даьхний дажош хилла Дагестанера а, Гуьржийчуьра а нах бен ца хилла цигахь Iаш.
Проблемаш кхечу кепара йара: Ростовн а, Астраханан а кIошташкахь дийна дисина гӀалмакхойн цӀенош дохийнера, цӀабирзинарш юха цу чохь дӀатарбала аьтто ца хилийта. Аьлча а, уьш 1956–1957 шераш кхаччалц лаьтташ хилла, тӀаккха уьш йухабогӀучу заманчохь хӀаллакдинера.
Меттигерчу бахархошца а хуьлура цакхетамаш, царах дукхахберш, ала дашна, билггал немцошца йукъаметтигаш йолуш, цаьрца болх беш а хиллера. Амма хIетте а, тхан халкъан векалш цара йамартхой лорура. Дуккха а иттаннашкхаь шерашкахь оцу тIехула летарш нислора. Дискриминаци лелийна цхьацца меттигаш а нислора, амма тIаьхьа, гIалмакхой дукха баьржича, тхан къоман интересаш кегйан йолийра. 1962-чу шарахь партин обкоман хьалхара секретарь хаьржира гIалмакхо, тIаккха кхиамаш хила буьйлира гIалмакхойн.
– Депортацира цIа бирзинчул тIаьхьа гIалмакхой балха эцарца а, церан дешарца а, Москва лестарца а хеттарш муха луьстура?
– 60-чу шерашкахь дуьйна цу тайпа проблемаш кхин дIоггара ца хилла. Амма махкахбаьхначу шерашкахь проблемаш инзаре йаккхий йара. Масала, дукха гӀалмакхой тӀе ца оьцура йуккъерчу а, лакхарчу а дешаран меттигашка. Сибрех беха гӀалмакхой, вуно наггахь бен ца хуьлура, куьйгаллин даржашка дӀахӀиттош а.
Сайн ден масал дагадогIу суна. ХIинца 85 шо ду цуьнан, амма ворхI касс йаьккхинчул тIахьа зIенийн училище деша ваха лууш вара иза. Махкахваьккхина лелла хиларна дIа ца ийцира иза.
Ткъа итт класс чекхъяьккхинчул тӀаьхьа Новосибирскан кӀоштарчу авиацин училище деша ваха лууш вара да, цигахь гӀалмакхо ву аьлла, дуьхьало йира цунна. Цхьана заводе балха ваха дийзира цуьнан тIаккха, цул тӀаьхьа Новосибирскерчу электротехникан институтан суьйренан декъе деша йазвелла, иза чекхъяьккхира цо. Ала дашна, иза цхьаъ бен вацара цу хенахь диплом долуш инженер. Цуьнан аьтто хиллера, заводехула деша ваха. Ткъа цуьнан хенара болчу дуккхаъчу нехан ницкъ ца кхаьчнера лакхара доьшийла чекхйаккха.
Доккхачу декъанна депортаци бахьана долуш тхешан культурин тӀаьхьенан цхьа дакъа дӀадаьлла ца Ӏаш, тхайн маттах а цхьана девлла тхо. Нахана гӀоле хета оьрсийн мотт Iамор а, бийцар а. ГӀалмакхой Сибрехахь баржийна дIатарбинера. Аьлча а, оцу генарчу йарташкахь, кIотаршкахь масех доьзал бен дӀатарбина бацара. Иштта, шайна хийрачу меттан гонехь нисбеллера уьш, оьрсийн мотт вуно дика Ӏамийнера цара, амма шайн маттана хербеллера. ГӀалмакхашна йукъарчу хьесапехь дихкина хилла депортацихь шайн мотт бийца. Царна йетташ хилла, йа, масала, коменданто кхерамаш туьйсуш хилла белхан деношца а, лучу йуучуьнца а проблемаш йийр йу шаьш бохуш. Аьлча а, гӀалмакхойн мотт лелочуьра дIабоккхуш хилла-кх цара.
– Ткъа тахана муха ду хьал гIалмакхойн маттаца? Кегийчарна хаьий шайн ненан мотт?
– Хьал телхина догIу. Тхан мотт меттахӀотторехь а, модернизацин агӀор в цхьаъ дан гӀерта энтузиасташ, амма цунах гӀуллакх ца хуьлу. ХӀунда аьлча, Оьрсийчоьнан Ӏедалан политико новкъарло йо мотт кхиарна, ткъа иза кхиа безаш бу, вай ма-кхеттара, жимчохь дуьйна. Берийн бешара хилла ца Ӏаш, доьзалера а. Амма къоначу наношна дукха хьолахь мотт ца хаьа - тӀаьхьо вуно хала хуьлу и мотт ненан мотт санна караберзо. ГӀалмакхойн мотт буьйцучу дедеца-дененаца баьхначу цхьа кӀеззигчу нехан бен аьтто бац и хаа.
Доцца аьлча, мотт тIетаьIIина бовш бу тхан Иза ондда проблема йу, иза гIалмакхойн боккха лазам бу.
– Ткъа кхузаманан ГIалмакхойчоьнан Iедална хIун аьлла хета депортацих лаьцна? Цхьана а кепара дехкараш дуй цуьнца доьзна?
– Къайлаха, хьаха, хӀинца а лелаш ду и тайпа дехкарш. Цара аьтто ца бо, и тема нийса талла а, историн хьолаца догӀуш долу хьесапаш дан а. Масала, со аспирантуре дӀахӀоттийча, соьга оцу сохьта элира, цхьана а хьелашкахь кандидатан диссертацих чекхвала аьтто хир бац сан, хӀунда аьлча, хӀинцалерчу Оьрсийчоьнан историн Ӏилмано тӀе ца оьцуш долу цу тӀехь юкъара дешнаш а, жамӀаш а ду. Хьалха хиллачу республикан куьйгалхочун (Орлов Алексей вара ГIалмакхойчоьнан куьйгаллехь 2010 -чу шарера 2019-чу шаре кхаччалц. – Билгалдаккхар.) заманахь, и тема дӀакъовла гӀоьртира. Цо масийттазза элира, и историн агӀо йицъян йеза, цунах лаьцна дагалеца ца оьшу аьлла. Оцу хӀумано новкъарло йо бохура тхуна, тIаьхьа а ца хьоьжуш, хьалха дӀадаха. ХIаъ, тIеххула моттаргIане цхьа акцеш хIиттайо къам махках даккхарна а, цигахь хIаллакхилларш дагалоцуш а. Амма бакъдолчехь хӀумма а ца до.
Гой хьуна, Оьрсийчоьно Советан Союзан бакъонаш схьаэцна, цо жоп дала деза махках даьхна, цул тIаьхьа репресси йина хиллачу халкъех а. Цу тIе, 1991-чу шарахь реабилитацех арахецна низам ду, цу тIехь 13 дакъа ду, царех цхьа а кхачам боллуш кхочушдина дац. Вайн халкъашна хьалха жоп даларх уьдуш йу Оьрсийчоь. Суна хетарехь, Кремло оьрсех доцчу халкъашца лелош йолу шовинистийн империн политика йу хIара.
– Къам махках даккхарх лаьцначу проблемех вайга ладугIуш берш дикка кхетийта, хIун белхаш хьоьхур бара ахь?
– Уггар хьалха гӀалмакхойн а, кхечу къаьмнийн а векалийн тидам тӀебахийта лаьа "1945–1945-чуй шерашкахь Сийлахь-боккхачу Даймехкан тӀамехь толам баккхарехь СССР-н репрессеш йинчу къаьмнийн дакъа" цӀе йолчу жайнина. И юкъара формулировка йелахь а, оцу талламехь йаздина ду йалх къам махкахдаккхарх лаьцна. Уьш бу Советан заманара немцой, нохчий, гӀалгӀай, кхарачой, балкхарой, гӀалмакхой.
Хьахийначу Максимов Константинан книга йоцург а, йу цуьнан "Сийлахь Даймехкан тIом: ГIалмакхойчоь а гIалмакхой а", "Сийлахь Даймехкан тIом боьдучу шерашкара ГIалмакхойн ССР а, гIалмакхойн къоман депортаци а, мохк йухаметтахIоттор а" книгаш а.
Профессоран Убушаев Владимиран "ГIалмакхойчоь. Махкахдахар а, цIадерзар а" цӀе йолу книга а йу. Иштта ас тӀедуьллур дара 60-гӀа шераш дуьйлалуш арадаьлла Балакаев Алексейн "13 де, 13 шо" цӀе йолу дийцар дешар а. Иза тхан халкъан йаздархо ву.
Ишта йеша мегар ду тайп-тайпанчу оьрсийн талламхойн книгаш а, вуно критика йарца йеша йезаш йу уьш, хӀунда аьлча, махкахдаьхначу къаьмнийн сий-ларамна тӀеӀаткъам беш, цу заманан хиламаш харц туьдуш информаци йу цу тӀехь. Масала, Бугай Николайн "Улус операци", махкахваьккхинчу авторан Бакаев Пётран "Геноцид" а. Ткъа ишта иэсийн тептар а – цигахь масех дакъа ду репрессешкахь хиллачу хӀораннан а дахарх, боцца историн хаамаш а тIехь. Иза чӀогӀа мехала жайна ду, суна хетарехь.
Подкастехь дийцаре дечу хеттрех лаьцна кхин а кIорггера хаа луучарна лерина хьоьху хIара белхаш: Вклад репрессированных народов СССР в Победу в Великой Отечественной войне 194I–1945 гг. [Iилманан редактор Б. Б. Боромангнаев]. – Элиста, 2010 шо.
Йазло Кавказ.Реалиин "Кавказская хроника с Вачагаевым" подкасте, ладогIа цуьнга Apple Podcasts – Spotify – YANDEX MUSIC – YOUTUBE-хь, ишта кхечу дуккхаъчу аудиоплатформаш тIехь ах.