Кхарачой-Чергазийчуьрчу бусулба нехан урхалло (ДУМ) цхьана ханна никъаб йоьхкуш сацам бина. Республикерчу муфтийс Бердиев ИсмаьӀала иштта дӀахьедар дина "Интерфакс" хьастана комментари йеш. Де хьалха Дагестанехь а дӀакхайкхийра изза дехкар юкъадаккхар.
"Интерфаксан" зорбанехь муфтиято никъаб лелор дехкарх "указ" аьлла. Бердиевс кхетийра, Бусулба динан урхаллина Оьрсийчоьнан кху заманарчу хьелашкахь лаьтта кхерамаш дIабовллалц а, Iеламчаца керла сацам тIеэццалц а" никъаб йехкар гIоле хета аьлла. Оцу дешнашца ма-дарра карладоху Дагестанан муфтийн гӀовсо Салимов Ӏабдуллас кхаарийдийнахь республикехь никъаб лелор «ханна дихкина» аьлла дӀакхайкхийнарг.
Цуьнца цхьаьна Бердиев Дагестанан муфтиятна тIе ца товжу, ша а куьйгалла дечу Къилбаседа Кавказерчу бусулбачийн координацин центро арахецна дӀахьедар дуьйцу цо. Цу тIехь "Оьрсийчуьрчу кхузаманан хьелашкахь" никъаб лелор буьззинчу барамехь юкъахдоккхуш ду аьлла йаздина ду. "Бусалба нахана зен ден, къаьмнашна йукъара барт эгIош йу аьлла, дIакхайкхийна цу документа тIехь никъаб, делахь а, хьахийна бац цхьана а кепара никъаб йехка эшарх "билгалбаьлла кхерам".
Шинарийдийнахь Дагестанан муфтийс Абдулаев Ахьмада дӀакхайкхийра, никъаб лелор доьхкуш долу фатва (цхьаболу сацамаш а, гӀуллакхаш а бусулба динан норманашца кхочушдарх долу теологин жамӀ) арахецна хиларх лаьцна. Амма шолгӀачу дийнахь Муфтиятан фатван урхалло дӀахьедар дира, шайна "тоъал бух ца го никъаб юкъара йехкарх лаьцна сацам тӀеэца" аьлла. "Цхьадолчу хьолашкахь кхерамазаллин бахьанашца, меттигера никъаб лелор дехкар юкъадаккха тарло", - аьлла ду хаамехь.
- Охан-беттан 23-чу дийнахь Дагестанехь цхьана наха герзашца цхьа могIа тӀелатарш дира полицин белхахошна а, килсашна а, синагогашна а. Цул тӀаьхьа Оьрсийчоьнан Ӏедалан векалша дӀакхайкхийра, республикехь йаьржина радикализм ю аьлла. Цуьнца цхьаьна юха а жигара дуьйцу никъабаш лелор дехка мегаш хилар – цу йукъахь Дагестанан куьйгалхо а ву. Хууш ду, тӀелетарш динарг божарий хилар, амма царех цхьаъ никъаб йоьхна къайлавала гIоьртина хилла бохург официалехь бакъдина дац.
- "Кавказ.Реалии" сайто къамел динчу говзанчийн шеконаш кхоллало, тахана бусулба нехан Динан Урхаллаша бусулба нехан бакъонаш йуьззина гайта а, царна тӀеӀаткъам бан а йиш хиларх.
- Бердиев ИсмаьӀал вевзаш ву шен резонансан дӀахьедаршца: цо къобалдира зударий хIаллакбен операцеш йар, иштта кхайкхам бира "Оьрсийчоьнан пачхьалкхалла йохорна" Ельцинан цӀарах йолу центр эккхийта аьлла. Лахьан-баттахь Бердиевс, хӀетахь 15 шо долчу Нохчийчоьнан куьйгалхочун Кадыровн кIантана Адамна, I-чу даржан "Умматана хьалха дина гӀуллакхаш" орден йелира. Иза хилира Соьлж-ГӀалахь Къуръан дагорна лаьцначу Журавель Никитина кхиазхочо йиттина хилар даре динчул тӀаьхьа. чиллан-баттахь Бердиевна йелира Оьрсийчоьнан православин килсан совгӀат – III даржан Сийлаллин, Хастаман орденаш.