ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Харцахьара хиндерг: къилбан регионийн хIу девр ду боху Росстато


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

ТIедогIучу иттех шерашкахь бахархойн терахь жимлур долчу Оьрсийчоьнан топера кхаа регионашлахь нисйелла Ростовн кIошт. Бахархой жимлур бу боху ГIалмакхойчохь, Ставрополь-махкахь, Къилбаседа ХIирийчохь а, Кхарачой-Чергазийчохь а. Ишта тенденци эксперташа йузу социалан-экономикан проблемашца – охьайагарйинчу регионашкахь хьакъболу болх бац.

Росстатан хьесапашца, Адыгейхь а, Краснодаран махкахь а бахархойн терахь алсамдер ду 2046-чу шарахь – 500 тIера 566 тIекхачаалц, 5,8 миллионна тIера 6 миллионе кхаччалц. Йиссинчу къилбан регионашкахь бахархойн терахь лахдала долалур долуш ду.

Ростов-махкахь тахана вехаш ву 4,14 миллион стаг ву. 2032-чу шарахь, прогнозаца а догIуш, бахархойн терахь деа миллионе охьадер ду, ткъа 22 шо даьлча 3,8 миллион хир ду. Лахлур ду уггар а хьалха берийн а, болх бан хан йолчу Ростовера бахархойн терахь а, ткъа пенсхойн терахь кхуьур долуш ду.

Волгоградан кIоштахь а ду цунах тера хьал, цигахь вехаш ву 2,4 миллион вахархо, ткъа 22 шо даьлча 2,1 млн хир ду. Оцу хеначохь берийн а, кхиазхойн а терахь 391 тIера лахлур ду 276. ГIалмакхойчохь бахархойн терахь 261 тIера 227 эзаре охьадер ду, Астраханан кIоштахь 942 тIера 859 эзар вахархочуьнга нислур ду.

Оцу йукъанна Къилбаседа Кавказан йеа республикехь, мелхо а, бахархой тIекхетар бу боху. Цундела кхечу йоллу субъекташлахь уьш хьалхара йу. Масала, Дагестанехь ву тахана 3,2 миллион вахархо, 2039-чу шарахь 3,5 млн дер ду и терахь.

И терахь хила йиш йу, амма цкъачунна бахьана дац ойла йан, цуьнга гIуртур ду аьлла. Хетарехь, бахархойн терахь лахара хир ду

Нохчийчоьнан бахархойн терахь 1,5 млн ду тахана, 2042 -чу шарахь шина млн лакхадер ду и. ГIалгIайчоьнан бахархойн терахь оцу хеначохь алсамдер ду – 529 тIера 661 эзаре, ГIебарта-Балкхаройчоьнан – 904 тIера 932-не.

Оцу йукъанна Къилбаседа ХIирийчоьнан бахархой жимлур бу 675 -на тIера 614 эзаре. Кхарачой-Чергазийчохь – 467 тIера 458 эзаре, Ставрополь-махкахь – 2,8 миллионна тIера 2,7 миллионе.

Росстато йовзийтина прогноз йогIуш хета, мах хадабо демографо Шукюров Абыс: "Оцу йукъанна бераш дуьненчу довларан динамика дика хир йолчух тера ду. Росстатан бюллетенехь билгалдаьккхина, 2037-гIа шо дирзинчул тIаьхьа и терахь 1,6 хир ду аьлла. ХIара терахь хила тарло, амма цкъачунна цуьнга кхача тарло олийла дац. Бахархойн терахь лахара хила мега".

Оцу йукъанна Оьрсийчоьнан демографо, талламчас Ракша Алексейс Кавказ.Реалиин редакцина йеллачу интервьюхь дIахьедира, Къилбаседа Кавказан регионаша статистикаца харцо лелайо, шайггара терахьаш хIиттадо аьлла. Цуьнан хьесапашца, и до цара социалан сферина лерина кхин а совнах дотацеш йахархьама, иштта регионан политикехь мах лакхабоккхуш.

Къоьлла, тIамтIехь баларш, тIаьхье цахилар

Астраханан кIоштара бахархойн терахь жимдаларан бахьана – Москван колониалан политика йу, боху "Маьршачу Оьрсийчоьнан Форум" кхеташонан декъашхочо, политолого Долиев Михаила: "Йасакхийн а, тIехуьлучу пайданан а доккхаха долу дакъа оцу меттигашкахь дуьссуш, бакъдолу федерацин маьIна центро дохийна дукха хан йу. Цуьнан метта Москвано шена дIаоьцу дериг а: вуьршаш а, ишта баххаш а цхьаьна. Нехаш бен ца йуьссу Астрахань-махкана. Оцу йукъанна регионалан элиташ йу бохучарна мегаш ду ишта хьал".

Бюджетера а, къоман хьал-дахар тодан а доуьйту триллионаш соьмаш тIамана хьежош ду

Ахчанан дефицит, кхин дIа дуьйцу Долиевс, хаало дахаран йоллу сферашкахь – коммуналан проблемаш тIера тишачу хIусамна тIекхаччалц. Ростато мах хадор "дукха чIогIа консервативе" ду бохура цо: "Таханалера губернатор – узурпаторан сардал, диктаторан хилла хадархо (Бабушкин Игорь ФСО-хь гIуллакх дина ву, Путин дIасалелийнарг а ву. – Редакцин билгалдаккхар). Цуьнан коьрта Iалашо йара – схьа а гулдеш, Москва ахчанаш дIахьийсор. Цундела адам дIасадоду, шайн аьтто боллуче".

Хууш ду бахархой лахбалар кIезиг бераш дуьненчу довларца а, дахаран дохаллица а доьзна ду, боху Таганрогера "Яблоко" партин жигархочо Ревенко Ярослава: "Социалан проблемаш йерзочу меттана, инфраструктура, медицина тойечу меттана, ур-атталла молуш долчу хинан дикалла а лаккхайоккхучу меттана бюджетера а къоман хьал-дахар тодечу фондера а триллионаш соьмаш тIамана дойу".

Ревенкос боху, кест-кеста хеза шена байинчех, Таганрогера пабликашкахь некрологаш го: "Дукха кест-кеста къенчу доьзалашкара, йа аьтто боьхначу хIусамашкара кегийнах хуьлу уьш, оцу кепара ахча даккха хьийзаш, къоьллин гурашкара довлархьама. Цара цкъа а болор бац доьзалш, бераш дуьненчу а дохур дац. Цунна бехке Путин ву, цуьнан зуламе раж а, цара вайгара дIайаьккхина кхане а, украинхойн са эцна ца Iаш, могIарерчу Оьрсийчоьнан бахархойн а дIоьцу".

Цо бохучунна тIетов либертарианхо, политикан жигархо, Ростов-махкара Новочеркасск гIалара вахархо Несват Михаил. Цуьнан хьесапашца, регионехь къепе йац, перспективаш а йац: "Ваха а, доьзал кхолла а тешам боллу бух оьшу, амма и хуьлуийла дац тахана кхаа бахьанаца: репрессеш, къоьлла, "СВО" (Украинан дуьхьал болийначу тIамехь Оьрсийчохь официалахь ишта олу. – Редакцин билгалдаккхар). Нах лецарна а, мобилизацин кхерам латтарна а дукхахболу кегийнах шайн доьзалашца регионера дIабахана ца Iаш, пачхьалкхера а арабевлла".

Ваха а, доьзал кхолла а тешам боллу бух оьшу, амма и хуьлуийла дац

Росстатан прогнозехь дуьненан тенденци йу гайтина – кхиинчу дозанийн жим-жима довш хIу дов, ткъа кхиа гIертачу мехкийн бераш дуьненчу дийлар алсамдолу. Оцу тайпа тенденцеш Глобалан Къилбаседанан пачхьалкхашкахь хила тарло, царна йукъайогIу Орсийчоь, ишта Глобалан къилбан мехкашкахь а хила мега, дIахьедира социолого Вилейкис Александра. Украинана дуьхьал тIом болийначул тIаьхьа Оьрсийчуьра дIавахара эксперт, таханалерачу дийнахь Казахстанера Алматан менеджментан университетан профессор ву иза.

Оцу заманчохь эксперт реза хуьлу, Нохчийчоь а, Дагестан а тIейогIучу хенахь Оьрсийчохь бахархойн терахь алсамдаларехь драйверш хир йу. Цо бахарехь, цунна бахьанаш дуьссу ламастен дахаран кеп хилар а, дукха хьалхе доьзалш кхоллар а.

*Официалан статистика йукъахь ду Оьрсийчоьно аннекси йинчу ГIирмера а, Севастополера а хьал а, иштта оккупаци йинчу Украинан Донецкан, Луганскан, Запорожьен, Херсонан кIошташкара а.

  • 2023-чу шеран аьхка йоллу Оьрсийчоь схьаэцча, Къилбаседа Кавказан федералан гонашкахь билгалделира, дуьненчу девлла дукха берш леш хилар. Кхузахь эзар дуьненчу даьллачу бералахь 4,7 леш ду. Гонийн йоллу регионашкахь, Къилбаседа ХIирийчоь а, Ставрополь-мохк а ца лерича, бераш далар йоллу пачхьалкхехьчул а йуккъерчу барамал а лакхара ду. И билгалдаьккхина официалан пачхьалкхан статистикехь (оккупаци йинчу Украинан дозанашкара хьал а зийна. - Билгалдаккхар). Кавказ.Реалии сайто листира оцу гайтамийн бахьанаш.
  • Дечкен-оханан беттанашкахь Къилбаседа Кавказан федералан гонашкахь дуьненчу довлучу берийн терахь дуьстича, тIаьххьарчу 13 шарчохь хиллачу терахье хьаьжча, уггар а лахара дара, аьлла ду Росстатан керлачу зерашкахь. СКФО-н эзар вахархочунна кхочу 11,7 дуьненчу даьлла бер. 2010-чу шеран дечкен-оханан беттанашкахь и гайтам 16,5 бара; стохка – 12,3, йаздора мангал-баттахь Кавказ.Реалии сайто.
  • ТIаьххьарчу шерашкахь хиллачу хьоле хьаьжча, Оьрсийчохь уггар а лахара дара дуьненчу довлучу берийн терахь хааделира 2023-чу шеран гIуран-оханан беттанашкахь. Украинерчу тIамаца а, дахаран хьелаш талхарца а дузу и эксперташа.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG