ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Харцонаш йоцуш лела ца хаьа": къилбехь а, Къилбаседа Кавказехь дIабаьхьначу харжамех


Соьлжа-ГIалара харжамхойн декъехь, 2024-чу шеран зазадокху-беттан 17-гIа де
Соьлжа-ГIалара харжамхойн декъехь, 2024-чу шеран зазадокху-беттан 17-гIа де

Кхаа дийнахь дIабаьхьна Оьрсийчоьнан президентан харжамаш дагахьбиссина бозуш боцу кандидаташ йукъа ца битарца а, фальсификацеш лелорца а, жигархой лецарца а. Оцу йукъанна, репрессеш лелош, нахана кхерамаш тийсинашшехь, йаккхийчу гIаланашкахь, иштта Красндарехь а, Ростовехь, а Волгоградехь а оппозицино дIакхайкхийна "Делкъе Путинна дуьхьал" акцеш хIитттийра.

Харжамхойн Коьртачу комиссин лараршца, пачхьалкхан куьйгаллехь хIинца волучо 87% кхаьжнаш гулдина – хIинццалц Оьрсийчохь дIабаьхьначу президентан харажамашкахь хIара уггар а лакхара гайтам бу. Путин Владимиран пхоьалгIа хан чекхйала йеза 2030-чу шарахь.

Нохчийчохь хиллачу харжамашкахь наха кхаьжнаш тасар рекорде хилла ца Iаш – 97% сов, жамIаш а цхьаьна хилла. Iедалхоша чIагIдарехь, кхузахь Путинна 98,99% харжамхойн кхаьжнаш кхаьчна. ШолгIачу меттигехь вара гIийлачу 0,5 процентаца ЛДПР-н лидер Слуцкий Леонид.

Хьал стандарте дацара масех бахьанашца: йоллу пачхьалкхехь Слуцкий тIаьхьа ву веа кандидаташлахь, ткъа мехкан урхалхочунна Кадыров Рамзанна а, ЛДПР кхоьллинчу Жириновский Владимирна а йукъахь мацах дуьйна даьлла дов дара, Нохчийчохь партин дакъа дацарна тIехула. Дерриг а хийцаделира Жириновскийн кхалхарца – хIетахь Кадыровс "хьомсара ваша" элира керлачу ЛДПР-н лидерах, ткъа Нохчийчоьнан къоман политикан, арахьарчу зIенийн, информацин хилла министр, тахана республикера Iилманийн Академин президент волу Умаров Джамбулат Къилбаседа Кавказехула куратор ву ЛДПР-н.

Тергойар эпизодашкахь дара, цундела йоллу харцонаш дIайазйан аьтто ца хилла

Харжамхойн бакъонаш Iалашйечу "Аз" боламан карти тIе цхьа хаам кхечира Нохчийчуьра: Шела кIоштара анониман авторо хаамбинера харжамашкахь "фальсификацеш" лелорах. Хьалхарчу дийнахь кхузза кхаж тасийтира шега бохура цо, кеп-кепарчу дакъошкахь, шолгIачу дийнахь – кхин а деа декъехь. Оцу кепара кхаьжнаш тийса бахархой микроавтобусашкахь дIасалелабора.

Дустуш аьлча, луларчу ГIалгIайчохь иштта гойту официалан жамIаш: Путинна 89%, КПРФ-н цIарах волчу Харитонов Николайна – 3%, оццул хила тарлора Слуцкийн а, Даванков Владиславан – 2,5%. Цу кепара гайтамаш бара олийла ду Адыгейхь а, Дагестанехь а, ГIалмакхойчохь а, Кхарачой-Чергазийчохь а, ГIебарта-Балкхаройчохь а, Къилбаседа ХIирийчохь а, Ростовн, Волгоградан Астраханан кIошташкахь а, иштта Краснодар, Ставрополь-мехкашкахь а.

Пачхьалкхан къилбехь массанхьа а аьлча санна Даванковс, "Новые люди" партин цIарах хьалхатеттина вара иза, тIаьххьара меттиг баьккхира. И доьзна ду, Къилбаседа Кавказан республикаш а, къилбан регионаш а ламастехь электоралан консервативе йу, кхетийра Кавказ.Реалии сайтаца хиллачу къамелехь Оьрсийчоьнан политолого ("ца оьшучу" зорбанийн хьокъехь Оьрсийчохь репрессийн низамаш леларна, шен цIе къайлайахьар дийхира цо).

"Билггал цундела" – йаккхийчу гIаланашка хьаьжча – "Новые люди" партин цIарах хилла кандидат воьалгIа нисвелла. Харитоновгахьа дикка лаккхара (официалан хьесапашца а) процент хиларо гойту протесте дог-ойла йолуш хилар а, хийцамаш хила лаар а", - аьлла хета къамелдечунна.

Къилбаседа Кавказ харжамашкахь "Iаьржа зона" йара бохура цо. Оцу бахьанаца, политологан дешнашца, кхузара ца кхочу, харцонаш лелош хиларх лаьцна хаамаш, цо дикка Iаткъам а бийр бара жамIашна вуьшта.

Харцонаш лелорах "Аз" боламан карти тIехь билггал цхьа а хаам бацара Дагестанера а, ГIалгIайчуьра а, Адыгейра а, ГIалмакхойчуьра а; цхьацца хаам кхечира ГIебарта-Балкхаройчуьра а, Къилбаседа ХIирийчуьра а, шиъ – Кхарачой-Чергазийчуьра. Оцу йукъанна Краснодарера 129 латкъам кхечира, йалх – Ставрополера, 11- Волгоградан кIоштара.

"Кхечу луларчу регионашкахьчул а шозза сов фальсификацеш лелайо Краснодар-махкахь бохург дац иза. Харжамийн йоллу комиссеш массанхьа а цхьатерра лела. Амма цхьана регионехь низамаш талхор тергамчаша дIайаздо, кхечухьа тергамза дуьсу", - кхетийра башхаллех редакцица къамел динчо.

Лецарш, бюллетенаш чукхийсар, ТИК-н декъашхо йукъараваккхар

"Электоралан цакхетар – иштта бен олийла дац, Путин йухахIоттош лелийначух, даим санна дIадаьхьира. ЦIа оьхуш кхаьжнаш тисийтар, бюджетан балхахошка бертаза кхаьжнаш тисийтар, бюлетенеш чукхийсар шайггара, оцу доллучуьнца билгалйаьлла йа Краснодаран кIошт", - охьайагарйира харжамашкахь лелийна харцонаш регионалан "Гражданин наблюдатель" проектан хиллачу координаторо, Краснодарера дозанера харжамийн комиссин декъашхочо Немцев Виталийс.

Делахь а, цо бахарехь, хьалхалерачу кхаьжнаш тийсарех къаьсташ а дара. Доккхачу декъана, тоххарчу харжамашкахь бозуш боцчу тергамчийн таро йара КПРФ-н цIарах харжамаш хIиттийначу каппашка кхача, ткъа хIинца партино вовшах ца туьйхира тергамчаш, уьш болуш санна кеп хIиттийра.

"ТIаьххьарчу дийнахь дукхахболу тергамчаш цхьатерра "цомгаш хилира", йа ца севцира уьш кхаьжнаш дагардечохь… Цо а куьйгаш даьстира харцонаш лелочеран. ХIара дерриг а [кхаж тасар] оьшуш дара, "доллу адам" цхьа лаам болуш ду ала дIагайта Iалашонца, ма-дарра аьлча, ишта дан ма доций. Краснодарехь а цхьаьна тергам боцуш дIайаьхьира "Делкъе Путинна дуьхьал" акци, маса протестхо вара цигахь, дийца а ца оьшу", - дерзийра Немцевс.

Тахана цхьа а вац харцонаш лелорах дIахьедан, комиссийн куьйгалхо а тапъйолий Iа, фальсификацеш лелош йоцуш санна

Оьрсийчохь "арахьара агент" кхайкхийна, Краснодарехь адвокат хилла Беньяш Михаил тешна ву: Путинан лаккхара жамI фальсификацеш лелош лакхадаьккхина ду.

"Шайна ма-хаъара белхаш бо харжамийн комиссеша. Кхечу тайпа болх бан уьш Iамийна а бац. Бозуш боцу тергамчаш вовшахтоьхнера Геленджикехь а, Краснодарехь а, амма царна а питанаш леладора. Кубанан шахьарахь бюллетенеш чукхийсина шайггара аьлла, хаамбина харжамийн комиссин декъашхо лецира, ткъа тергамхочунна протокол хIоттийра, шаьш "бохург ца дина" аьлла. Геленджикехь харжамийн декъехь дуккха а бюллетенеш кхийсина меттиг хаабелира, цо дерриг а дIайаздеш хиларна, тергамхо "магийна йоцчу меттигера" дехьаваккха гIоьртира. Аса йуха а олу, тергам бар эпизодашкахь бен дацара, цундела дуккха а низамаш талхийна меттигаш дIайаздан ка ца йаьлла", - билгалдаьккхира Беньяша.

Краснодарера 2325 номер йолчу харжамийн декъехь бюллетенеш чукхийсар тардаларх видео зорбане йаьккхира "Аз" боламан куьйгалхочех волчу Андрейчук Станислава. Цу тIехь харжамхойн комиссин декъашхо кабинки чуьра арволу масех бюллетень карахь а долуш, уьш кхаьжнаш тосучу урни чу тосу цо. Андрейчука бахарехь, йоьдучу кампанихь бюллетенеш тийсина дуьххьара Оьрсийчохь йаьккхина видео йу и.

Горячий Ключ гIалара КПРФ-н цIарах йолчу дозанера харжамхойн комиссин (ТИК) декъашхо кхелан сацамца балхана йукъара ваьккхира. Бахьана дара, ТИК-н куьйгалхочо дина омра а доцуш, шен лаамехь шина декъе а йахна, белхан меттигехь ца хиллера иза масех минотехь.

Краснодар гIалин думин депутато Сафронов Александра камераша дIайазйина видео зорбане йаьккхира, цу тIехь, чIагIдарехь, бюллетенеш кечден комплекс йастар тIедаьллера. Номер 6301 йолчу харжамхойн комиссин декъашхой могIаре дIахIиттинера, камере дIа ца йаздайта. Йукъараллин тергамбаран центр йу бохучун векалшна низам талхийна меттиг ца гира цуьнца, цара дIахьедира, "пломба тохаран таллам" беш бара комиссин декъашхой аьлла.

Ишта Сафроновс йаздо, харжамхойн комиссийн а, пачхьалкхан "Харжамаш" цIарца йолчу автоматизаци йинчу системин а кхаьжнаш теснарш багарбарехь а шалхалла хиларх.

"Делкъе Путинна дуьхьал", бюллетенеш тIехь баьццара коьчал, школехь цIетасар

Сочихь а, иштта Кхарачой-Чергазийчохь а, Ростовн, Волгоградан а кIошташкахь а виъ стаг лецира бюллетенеш хIаллакдарна – кхаьжнаш туьйсучу урнаш чу баьццара коьчал йоьттинера. Царна массарна а дуьхьал бехкзуламан гIуллакхаш даьхна харжамхойн комиссин балхана дуьхьало йарна аьлла. Оцу кепара инциденташ нисйелира ишта харжамаш дIахьочу дийнахь, зазадокху-беттан 15-чохь, 20 регионехь, дIахьедира ЦИК-н куьйгалхочо Памфилова Эллас, "хьекъал эшна" нах бу уьш олуш. Оцу йукъанна лецначарех цхьаболчара чIагIдо, телефонашкахула зIене бийлинчу курхалчаша Iаткъам бинера шайна аьлла.

Краснодар-махкара Новознаменский олучу эвлара номер 108 йолчу школера 13 шо долчу йоIа – "доза цхьаьнадогӀу пачхьалкхан къайлахчу сервисийн тIедилларца" – кхаьжнаш тосучу кабинки чуьра стоьла тIе тесначу хIуманех цIе теснера. Оцу кIоштара харжамхойн комиссин куьйгалхочо Емельянова Иннас бакъдира хилларг. Цо бахарехь, тоьлла дешархо йара и йоI цу школехь, зен ца дина цо, кхаьжнаш тийсар а кхин дIа даьхьира шен рожехь.

Бюллетенеш тIехь йазбина бозуш боцу кандидаташ цахиларна политикан Навальный Алексейн агIончаша а, кхин болчу дозанал арахьарчу оппозицин векалша а кхайкхамаш бора "Делкъе Путинна дуьхьал" акцих схьакхета бохуш – зазадокху-беттан 17-чохь делкъанна 12 сахьт даьлча харжамиийн каппашка бахка безара уьш.

Волгоградан тIамана дуьхьал "Дозор" боламан телеграм-боте дуккха а акцин декхашхоша йаздира, цхьацца йолчу дакъошкахь раьгIнаш гуллора, амма нах кхоьрура уьш видео тIе дIайазбан, хIунда аьлча, цигахь ха деш полисхой бара. Цунах лаьцна редакцига дийцира "Дозоран" векало Худоярова Марьяс.

"Оцу хеначохь тхоьга дуккха а суьрташ кхехьийтира кабинаш чохь бюллетенийн даьхна – цигахь кхерамза дара уьш даха,- дуьйцу къамелахочо. – Иштта харжамийн каппашка боьлхучохь лийцира, тоххара протестийн митингашкахь дакъалаьцна хилла жигархой. Полицин дакъошка дIабигинера уьш, тIаьхьо дIахецнера протоколаш а ца хIиттош".

Ткъа маса ву и, Путинна дуьхьал, амма диллина дIа ала ца хIуттуш?

Худояровас билгалдоккху, кху шарахь Волгоградехь аьтто цахиларх кхаьжнаш тосучохь бозуш боцу тергамчаш вовшахтоха, ткъа 2021-чу шарахь харцонаш лелош хиларх хаамаш кхочура жигархоша кечбинчу "хехошкара".

"Харцонаш лелорах тахана дIахьедан цхьа а вац, ткъа меттигерчу комиссийн куьйгалхоша кеп хIиттайо, фальсификацеш лелош йоцуш санна. Меттигерчу хаамийн гIирсийн а йаздан хIума дац", дерзийра Волгоградера тIамана дуьхьал болчу боламан векало.

"Делкъе Путинна дуьхьал" акцихь раьгIнаш хIиттийнера Краснодарехь. Юрист Беньяш Михаил реза ву, зорбанехь даржийначу суьрташца олийла дац дуккха а харжамхой протесте бевллера.

"Адам чIогIа кхерийна ду. Соьга сайга масийтта стага телефон туьйхира, акцихь дакхъалацахь хIун дан тарло хоьттуш. Тахана Оьрсийчохь лелачу низамашца а, бакъо йу и дIайахьа. Эххар а "Делкъе Путинна дуьхьал" акци велира, шайн кхерам иэшон ницкъ мел кхаьчнарг. Уьш къонахий бу. Ткъа маса ву и, Путинна дуьхьал, амма диллина дIа ала ца хIуттуш?

ХIара текст зорбане йоккхучу заманчохь, оппозицин акцихь дакъалаца бохуш, кхайкхамаш бина Оьрсийчоьнан къилбера а, Къилбаседа Кавказера а шиъ жоьпалле озийна меттиг хууш бу. Оцу тIехула таIзар дина Сочихь доьшуш волчу студентана Отелли Жан-Мишельна а, ХIинжа-ГIаларчу автомобилан-механикийн колледжехь хьалхарчу курсехь доьшуш волчу 16 шо долчу кIантана а – цуьнан цIе йоккхуш йац.

Коррупцина дуьхьал талламаш бечу Ростовера журналистана Резник Сергейна хетарехь, оцу харжамийн кхачам боллуш терго йойла дацара, хIунда аьлча, партин цIарах кандидаташ хьалхатеттинарш а пачхьалкхах а, цуьнан структурех а боьзна хиларна, ткъа кIезиг болчу тергамчийн маса коча гIур бара полисхой.

"Дукха дика дагабогIу суна 2003-чу шеран харжамаш, хIетахь, тхо, журналисташ харжамийн каппашкара арадохура, ткъа оьшу кандидаташ оьшучу заманчохь, соцура цIеххьана ГАС "Выборы" система, цул тIаьхьа ток дIайоккхура, цул тIаьхьа бIостане хуьлура харжамийн жамI. Цул тIаьхьа а 21 шо даьлла, оцу хеначохь фальсификацийн технологеш кхин а тIе дика кечйийна", - кхин дIа дийцира Резника.

Цунна хетарехь, харцонаш лелорах дIахьедечу харжамийн комиссийн декъашхошна Iаткъам бо, царна кхаьънаш луш, йа уьш кхерош. Оцу йукъанна Ростовн кIоштара УИК-н декъашхой цхьа наггахь, фальсификацеш лелийна хилар тIечIагIдан церан аьтто хилахь, сурт хIоттош таIзар ца деш буьтура. Кхечарна масал а, царна кхерамзалла латтош хиларан гаранти а хуьлу цунах

  • Харжамхой Iалашбечу "Аз" боламо дIахьедар арахецна 2024-чу шарахь Оьрсийчоьнан президентан харжамаш бирзинчул тIаьхьа хьесап деш. Жигархоша бахарехь, оцу кхажтасаран лейтмотив хилла "имитаци" боху дош: низамехь хиларан, харжаман, агитацин, тергойаран, оппозицин, конкуренцин, цIена хиларан, маршонехь хиларан, халкъан суверенитетан имитаци. Халкъана тIехь цхьа ницкъ бар дацара имитаци, билгалдаьккхира "Аз" боламо.
  • Хинболчу харджамашкара шайн сатийсамех дийцира Кавказ.Реалиина хьалхо къилбан а, Къилбаседа Кавказан а регионийн жигархоша.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG