ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Харжамаш тIекхачале Кадыровн суждане вахар: Путинан цIарах йу микрорайон а, университет


Кадыров Рамзан
Кадыров Рамзан

Путин Владимиран цIарахчу Соьлжа-ГIалара проспектехь йинчу керлачу микрорайонна а, Украинера тIаме хьийсораш кечбечу "Орсийчоьнан спецназан университетана" а Оьрсийчоьнан президентан цIе тилларх дIахьедина Кадыров Рамзана. И доьзна ду, президентан харжамаш тIекхочучу заманчохь Путинна кхин тIе а пиар йеш, кхин цкъа а Москвана муьтIахь хилар дIагайта, билгалдоккху Кавказ.Реалии сайтаца къамелдинчара.

Путинан проспектера Соьлжа-ГIалара керлачу микрорайонна "кху заманан уггар а тоьллачу политикан" цIе туьллург хиларх Нохчийчоьнан урхалхочо дIахааийтира чиллан-беттан 15-чохь, гIишлошйаран майдана веанчу хенахь. Дуккха а петарш чохь 130 цIа дийр ду, хир ду цигахь маьждиг а, цхьа могIа социалан гIишлош а, чIагIо йина Iедалхоша.

Цул а масех бутт хьалха микрорайонан майда йовзийтинера Соьлжа-ГIала веанчу Оьрсийчоьнан хиллачу вице-премьерна Мутко Виталийна. ХIетахь хаамбира 28-зза тIекIелдина 234 петар чохь хир йолуш "пайден" цIа дан дагах хиларх, ах хIусамаш Iедалхоша "льготникашна" йуьтур йу элира, вуьйш лелаш болчу мехах ханна нахе лур йу чохь Iен аьлла.

Пректан инвестор хилла пачхьалкхан "Дом.РФ" структура, цуьнан директор ву республике веана хилла Мутко Виталий. 2025-чу шарахь дина далийта дагахь бу цIа.

Меттигерчу риелторша 2023-чу шеран аьхка хаамбира, Путинан проспектехь деш долчу цIа чуьра петарш йухкуш йу квадратан метарх 59-65 эзар соьмах, гIат муьлха йу хьаьжжина. Соьлжа-ГIалин мэрино йаздора, и цIа деш бу "къаьсттина инвесторш", ца йехира компанийн цIераш. Хинйолчу гIишлонна тIулг буьллучу хенахь йаьккхина, Кадыровс йаржийначу видео тIехь гуш ду, гIишло йийриг ООО "Строй-13" хилар. Ткъа прект кхочушйарехь пайдаэцна, Iарбойн Эмираташкара бизнесо дакъа а лоцуш, 2017-чу шарахь кхоьллинчу шейх Заден цIарахчу Фондера ахчанах.

ДIахьедора, Нохчийчохь фонд йиллинарг, бизнес кхиорехула йолчу Халифан фонд (Khalifa Fund for Enterprise Development) йара бохуш, ткъа официалехь фонд схьайиллина боху - Абу-Дабихь регистраци йинчу "Талентс Инвестмент Эл.Эл.Си" компанино. Билгала ду кхузахь, 2017-2022-чу а шерашкахь фондан коьрта директор Черхигов Адам хилар. 2022-чу шарера схьа дуьйна Нохчийчуьра школазхойн дешарехула комитетан куьйгалхо ву иза.

Путинан цIарах йолахой

Оьрсийчоьнан кхерамзаллин Кхеташонан куьйгалхочун гIовс, экс-президент Медведев Дмитрий чиллан-беттан 20-чохь республике веача мехкан куьйгалхочо дIахьедира, "Оьрсийчочьнан спецназан Университето" а лелор йу Путин Владимиран цIе аьлла. Кадыровс бахарехь, иштта сацам тIеэцнера цо 2013-чу шарахь и кхуллучу хенахь, амма хIетахь организацин тахана санна репутаци йацара.

"Леррина тIеман операци йолайелчхьана (иштта олу официалехь Оьрсийчохь Украинерчу тIамах. – Редакцин билгалдаккхар) шеко йоцуш, даймохк Iалашбан тоьлла тIемалой вовшахтуху а, кечбен а йерриг Оьрсийчоьнан центр хилла дIахIоьттина РУС", - дIахьедира политико.

"Спецназан университет" олуш йерг документашца спортан-кхийсархойн клуб йу. Юридикехь коммерцица йоьзна йоцу организаци лору и. Оцу клубан йу Нохчийчуьра дешаран а, Iилманан а министраллин лицензи. Цхьана а ницкъаллин урхаллина чуйогIуш йац иза.

Украинана шуьйрачу тIамца тIелеттачул тIаьхьа "университетехула" чекхбевлла пачхьалкхан кеп-кепарчу регионашкара бIенашкахь йолахой, амма Кадыровс шен дакъош долуш санна дIагойту уьш. ТIом боьдучу хьалхарчу муьрехь дуккха а эшамаш хиллачул тIаьхьа, "университет" йерриг Оьрсийчоьнан йу элира, цигахь Iаморашкахь хилларш "Ахматан" дакъошка дIаоьцуш боллушехь.

Кадыров Рамзан куьйгаллехь волчу заманчохь дIахIоьттина система феодалан йу: йахначу ширачу заманах ма-аллара, "цуьнан шен долара уни" йу, и бохург ду шина феодалан йукъарло хилар, билгалдаьккхира Кавказ.Реалиин редакцица хиллачу къамелехь "Либеральная миссия" фондан кхеташонан декъашхочо Жаворонков Сергейс.

"Цхьатерра бакъонаш йолу барт хилар а дац хIара, кхеташ ду, воккхахаволчун – Путинан- жимахволчун а - Кадыровн а союз йу и. Цундела малхбален гIиллакхашца жимахволчо дIагойту массарна а хезаш дечу дIахьедаршкахь шен боккха ларам бес-бесарчу эпитеташца, кеп-кепарчу гIишлошна шен паччахьан цIераш тохкуш", - дерзийра эксперто.

Харжамаш хилале хIоттийна "эскарийн парад"

Европехь болх бечу нохчийн "Цхьааллин ницкъ" боламан куьйгалхочо Сулейманов Джамбулата дагадоуьйту, 2008-чу шарахь Толаман проспектана президентан Путин Владимиран цIе йалар (ишта цIе лелош йара цо 1995-чу шарера схьа 1996-чу шаре кхаччалц а, цул тIаьхьа 2000-чу шарера-2008-чу шаре кхаччалц а). И цIе тилларна шаьш реза дацар гайтира Ичкерин агIончаша а, бакъоларйархоша а.

И цIе тилларна цIеххьана шаьш дуьхьал хилар хаийтира хеттарш динчу Оьрсийчоьнан 22 процент наха, кхин а 25% а "реза боцчух тера дара", билгалдаьккхира Путинан цIе проспектана тиллинчул тIаьхьа Левада Юрийн Аналитикан центро бинчу хаттамехь. "Оцу кепарниг кхин хила луур дацара" шена Путинна, дIахьедира хIетахь президентан пресс-секретаро Песков Дмитрийс. ХIетте а Соьлжа-ГIалин йуккъерчу проспектан цIе хийца ца гIоьртира – тахана а йу и Путин Владимиран цIарах.

"ДIадахначу 15 шарахь дукха хиламаш хилла, цундела тахана адамаш ца даьхьа оцу кепара инициативех лаьцна шайна хетарг ала. Кадыровна-м цIе тиллар таро ма йуй кхин цкъа а ша цунна муьтIахь хилар дIагайта", - кхин дIа дийцира Сулеймановс.

Нохчийн политикан а, йукъараллин а гIуллакхдархочунна хетарехь, керла президентан хене воьдучу Путинан гонаш цIиндеш ду. Медведев Дмитрий вар, шахьарера лакхарчу кабинеташкахь стохка дина дийцарш а къайлаха хиллачу дийцарийн дакъа ду, шена догIучунна Нохчийчоьнан куьйгалхо коалици кхолла хьийза, политикан къийсамехь президентана тIетовжийла мегар долчех, аьлла хета цунна.

"Путин кхоьру хьал гурашкара даларна а, 2008-чу шарахь хилла рокировка ша йийр а йац аьлла. ХIинца тIаьххьарчу шерашкахь хилла Сталин дагавоуьйту цо, цхьаннах а ца тешаш, шен уллорчу гонашкахь йамартхой лоьхуш. Путинна гергара персонийн дог этIа, милла а нисвала тарло Путин резавоцчийн тептарехь. Цундела, Путинан синхIоттам дика бевзачу Кадыровс иштта чуьраваьлла дIагойту ша тешаме хилар", - тергалдо къамелдечо.

Соьлжа-ГIалара керла микрорайон а, "Оьрсийчоьнан спецназан университет" а Путинан цIарах хилар президентана муьтIахьалла дIагайтар ду аьлла, тешна ву Карловн университетан социалан Iилманийн факультетан белхахо Дубровский Дмитрий. Украинана дуьхьал тIом болабале хьалха экономикан Лаккхарчу школехь политикан кафедрин доцент вара иза.

"ХIара рогIера, эр ду вай, "эскарш гайтар" ду. Кхеташ ду, президентан харжамаша а цхьана а хIумана кхерам ца бохьу, даим а санна, Кремло луьстуш бу уьш, хилийта кечйина кризис йолуш санна. И йу "чIагIйан, кIаргйан, шорйан йезаш". Цуьнца доьзна, суна хетарехь, Путиннна уггар а тешам болчех нукер волчу Кадыровс дIаоьхьу шен тIех чIогIа муьтIахь хилар", - дIахьедира Кавказ.Реалиина йеллачу комментарихь эксперто.

Билггал, хIора а губернатор вац таро йолуш урамна, организацина президентан цIе тилла. Оьрсийчоьнан журналистийн лараршца, 2020-гIа шо чекхдолуш пачхьалкхехь а, цхьана декъана къобалйинчу Къилбан ХIирийчохь а 20 сов урам бара, президентан цIе лелош. Царех нийса ах – Къилбаседа Кавказехь. Нохчийчоьнан урхалхочо иштта тоьшалла до ша саннарг кхин цахиларан а, ша оьшуш хиларан а, и оьшуш ду цунна шена а, пачхьалкхан Iедалера элитан позицешкахь чIагIвала, кхин дIа дуьйцура Дубровскийс.

Кхечу губеранторел а кест-кеста кхочу Кадыров Кремле аудиенци, цул совнах, и цхьаъ бен вац, Путин Владимирца шен официалехь доцу цхьанакхетарш хуьлу бохуш, диллина дозалла дийриг, тидам тIеуьйзира къамелдечо. ТIаьххьарчу заманчохь цу шиммо къамел дина мел лахара а кхузза: 2022-чу шеран лахьан-беттан 25-чохь а, зазадокху-беттан 13-чохь а, мангал-беттан 28-чохь а. 2023-чу шеран зазадокху-баттахь Путина дуьххьара тIеийцира ша волчахь, оцу хенахь 17 шо долу нохчийн политикан воI Кадыров Ахьмад.

  • Гуьмсехь Iаморашкахь ду "Ахматан" дакъош, иштта цигахь тренировкаш йо Росгвардин а, ОМОН-ан а белхахоша. "Орсийчоьнан спецназан университетехула" тIом болабелчхьана чекхбуьйлу Оьрсийчоьнан кеп-кепарчу регионашкара "лаамхой". Нохчийчу Iаморашка дуьйла бохуш, 2023-чу шарахь "Госуслуги" порталехула кхайкхамаш бора.
  • 2022-чу шарахь "спецназан университетна" кхаьчна "лаамехь делла" 349 миллион сом – шо хьалха хиллачу барамца дуьстича, пхоьазза сов хуьлу и терахь. Оцу йукъанна организацина хилла пайда кхузза алсамбаьлла го Федералан йасакхан хьукматан сайтера зерашца.
  • Нохчийн "спецназан университет" санна тIеман кечамаш бен центраш гучуйийла тарло Оьрсийчоьнан кхечу регионашкахь а. Уьш кхоллийта аьлла президенте Путин Владимире дехар дина цуьнан администрацин куьйгалхочун гIовса Кириенко Сергейс а, Генарчу Малхбален федерелан гонашкарчу векало Трутнев Юрийс а, шаьш Нохчийчохь хиллачул тIаьхьа. Делахь а церан идей тергамза йитира.
  • Нохчийчохь хиллачу кхерамзаллин Кхеташонан куьйгалхочун гIовса Медведев Дмитрийс дIахьедира, цигахь Iаморашкахула 16 эзар сов "лаамхо" чекхваьлла, делахь а тIамтIе бахийта беза Къилбаседа Кавказан регионашкара алсам контрактхой аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG