ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ХIинца официалехь: Нохчийчуьра йолахой Iамочу базана Путинан цIе тиллина


Russia’s President Vladimir Putin (L) and Head of the Chechen Republic Ramzan Kadyrov
Russia’s President Vladimir Putin (L) and Head of the Chechen Republic Ramzan Kadyrov

Украинерчу тIаме хьийсо йолахой Iамочу Гуьмсерчу "Оьрсийчоьнан спецназан университетана" (РУС) хIинца официалехь Оьрсийчоьнан президентан Путин Владимиран цIе тиллина. Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана цунах лецна хьалхо чиллан-баттахь дIакхайкхийнера, амма йукъаралло хIинца цIе кехаташ тIехь а цхьана хийцина.

Юридикан нахана регистраци йечу пачхьалкхан йукъарчу базера документашца а догIуш, структурин йуьззина цIе хийцина: корматаллин дешаран "Оьрсийчоьнан президентан, лаккхарчу буьйранчан Путин Владимир Владимировичан цIарах спецназан университет" АНО аьлла.

ЮГРЮЛ-на йукъара "Гуьмсера спецназан Университетан" цIе хийцарх скриншот
ЮГРЮЛ-на йукъара "Гуьмсера спецназан Университетан" цIе хийцарх скриншот

Дагадоуьйту, "Оьрсийчоьнан спецназан университетан" Нохчийчоьнан Дешаран министраллин лицензи йу, цхьана а ницкъаллин хьукматашна куьйгакIелахь а йоцуш.

  • Гуьмсехь кечамаш бо "Ахмат" дакъо а. Ишта кхузехь Iаморшкахь хуьлу Росгвардин а, ОМОНан а белхахой.
  • 2022-чу шарахь "РУС" клубана "лаамерчу гIоьнан кепехь" 349 млн сом делла - шо хьалха деллачул пхоьазза дукха. Цхьаьнакхетаралло ахчанца бахьа пайда кхузза лакхабаьлла.
  • Нохчийчохь йолчу "спецназан университетах" тера йолу тIеман кечаман центраш хенаца Оьрсийчоьнан кхечу регионашкахь хила тарлуш йу. Уьш кхоллийта шайга аьлла Путин Владимире дIахьедар деш бистхилла цуьнан администрацин куьйгалхочун гIовс Кириенко Сергей а, Гeнарчу Малхбaлера федералан гонан векал Трутнев Юрий а. Нохчийчу бахана йухабаьхкича хилла церан оцу тайпа къамелаш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG