ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ХIинжа-ГIалахь 35 стаг велла. Дагестанехь тезет кхайкхийна


Дагестан, ХIинжа-ГIала. Марсхьокху-беттан 14-чохь буса цIе йойуш
Дагестан, ХIинжа-ГIала. Марсхьокху-беттан 14-чохь буса цIе йойуш

ХIинжа-ГIалара автосервисехь а, бензин дуттучу меттигехь а цIе йаьлла, эккхийтар хилла, тIаьхьарчу хаамашца, 35 адам делла цигахь, хаамбина пачхьалкхан ТАСС агенталло, Оьрсийчоьнан МЧС-на тIетевжина. Беллачарлахь мел лахара а кхо бер ду. Хьалхо МЧС-о дIа ма хьедарра, зенаш хилла бIе сов стагана.

Дагестанан куьйгалхочо Меликов Сергейс тезет дIахьедина марсхьокху-беттан 15-чохь, иштта цо тIедиллина Кумторкалинскан кIоштан дозана тIехь чолхечу хьолан раж кхайкхайе аьлла.

Бохам хиллачу меттигехь гIишлош дIасайохуш бу хIинца а, МЧС-о бера-кема дахийтина лазийнарш арабаха махкара. Меттигерчу телеграм-каналаша видео зорбане йаьккхинера чевнашца нах дарбанан хIумсамашка кхуьйлуш. Оьрсийчоьнан МЧС-н Ил-76 кема а дахийтина ХIинжа-ГIала вон лазийнарш Москва дIабига.

Талламан версица, марсхьокху-беттан 14-чохь буьйсанна итт сахьт долучу заманчохь автосервисан гIишло чохь машенашка хьовсучу хенахь цIе йаьллера, бензин дуттучу АЗС-хь йаьржира и. Болчу хаамашца, иттаннах ши цистерна иккхина газ чохь йолу.

МЧС-ра шайн хьастана тIетевжина Shot тelegram-канало йаздора, эккхийтаран тулгIе бахьана долуш ягориг нахана тIехула йаьржинера аьлла. Йогучу автосервисе хьовса гулбеллеа хиллера и нах, цунна 50 метар уллохь хиллера уьш.

Билгалдоккху, йохка-эцаран "Глобус" центрана гена йоццучохь йу автосервис а, бензин, газ йутту меттиг а. Эккхийтар хилла диъ сахьт даьллачул тIаьхьа аьтто баьллера цIе йайа.

Талламан комитето бехкзуламан гIуллакх диллина, адамашна кхерамзалла а ца латтош, ларамза нах байарна аьллачу артиклехь. Оцу Iедалан къепехула колонихь даккха итт шаре кхаччалц хан кхачайо.

  • Марсхьокху-беттан 12-чохь Дагестанера Дербентехь нах бехачу хIусамехь газ иккхинера – пхеа адамна зен хиллера: шина берана а, хIусамдена-хIусамнанна а, 14 шо долчу кхиазхочунна а. ТIаьхьо реанимацихь кхелхира иза.
  • ХIинжа-ГIалара дукхазза тIекIелдинчу цIа чохь а газ иккхира марсхьокху-беттан 9-чохь, бахьана ду элира Iедалхоша газ дIаэхар. Цхьайолу петарш йохийра, гIишлон конструкцеш тIехь лелхийтарш дисира, кораш дохийнера. ХIетахь 150 стагана эвакуаци йира, цхьа бер дарбанан цIийнехь охьадиллира, баккхийчех ворхIанна а лоьраш эшнера.
  • Кху шеран чиллин-баттахь Дагестанехь иштта масийттазза газ иккхина меттигаш нисбелира. ХIетахь кест-кеста ток дIайоккхура цхьацца белхаш беш ду шаьш бохуш, цу тIе йовхо а дIайаьккхира.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG