ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ХIинжа-ГIалара аэропортехь къепедацарш лелийначу воьалгIачунна бехкаш чIагIдина


ХIинжа-ГIалара аэропортехь къепедацарш лелош, 2023-чу шеран гIадужу-беттан 29-гIа
ХIинжа-ГIалара аэропортехь къепедацарш лелош, 2023-чу шеран гIадужу-беттан 29-гIа

2023-чу шеран гIадужу-баттахь жуьгташна дуьхьал ХIинжа-ГIалара аэропортехь дIайаьхьначу акцихь дакъалаьцна ву аьлла бехкевечу воьалгIачунна дехкина хилла бехкаш кхин а тIе чIагIдина - транспортан кхерамзалла йохорна кхин а цхьа артикл тIетоьхна царна.

Дагестанан Лакхарчу кхелан сайтера карточкин тергойина "Медиазона" ресурсо. Хаамийн гIирсо билгалдоккху, оцу артиклах пайдаэцна хиларх хьалхо информаци йацара, гIуран-баттахь мехкан куьйгалхочо Меликов Сергейс цуьнца доьзна а гIуллакх айде баьхнехь а.

ХIинжа-ГIаларчу аэропортехь къепедацарш лелорна гIаттийначу бехктакхаман гIуллакхехула тIеозийнарг 140 сов стаг ву. Оцу йукъара мел лахара а кхо стаг акцих дакъалацар доцург бехкево полисхошна дуьхьал ницкъ баккхарна, цхьаъ – ницкъахочун дахарна тIекховдарна. Лаьцначех мел лахара а шиммо тIечIагIдина, лаьцна латтон йиш йоцуш, шаьш чолхечу лазаршца хилар.

Оцу гIуллакхехула хIинцале а 70 таллам бина, хилам хIоттийначу меттигах а, йохийначу гIишлойх а, машенех а хьоьвсина 200-зза. Талламхоша хеттарш дина 400 теше, 137 экспертиза йар тIедожийна.

  • ХIинжа-ГIалин аэропорт дIалецира гIадужу-беттан 29-чохь суьйранна масех бIенашкахь наха, Тель-Авивера пассажираш балош догIу транзитан кема лаха гIертара уьш. Гулбелларш дуьхьал бара Израило ГIаззехь лелочунна, цара тIедожийра регионера жуьгтий лахка аьлла. ЖIуга аэропортан гIишло чу иккхинера, цул тIаьхьа кема охьадусучу майдане а хьодуш.
  • Дагестанан Лакхарчу кхело гIуран-беттан йуьххьехь дIахьедира, аэропортехь лелийначу талорашна тIехула 240 стаг жоьпалле озийна шаьш "митинган" административан артиклехула. Царех 104 лецира 10 дей-буьйсий чохь доккхуьйтуш. Кавказ.Реалии сайто кIоштийн кхелийн сайташкара гулбинчу хаамех къаьсташ йу Дагестанан Лакхарчу кхелан информаци: лахьан-беттан 28-чохь долчу хьолаца кхелашка 400 гергга гIуллакх кхечира, царех дукхахдерш оцу хенахь листина дара. Дагестанан Лакхарчу кхелан зераш къаьсташ ду Кавказ.Реалии сайто кIоштийн кхелийн сайташкара гулдинчех: лахьан-беттан 28-чохь кхелашка кхаьчна 400 гергга гIуллакх, царех дукхахдерш оцу мIаьргонехь листина девлла дара. Дечкен-баттахь "Медиазоно" бинчу хаамца, 901 стеган хьокъехь административан протоколаш хIиттийна.
  • Израилхошна дуьхьал ХIинжа-ГIалара аэропортехь гIадужу-беттан 29-чохь талораш лелор тидаме ийцира дуьненан зорбанан гIирсаша, цигахь хиллачара дуьйцура, эргIад йахначу тобана дан хIума а доцуш бисинера ницкъахой бохуш, ткъа Оьрсийчоьнан оппозиционераша хилларг "эхь" ду бохура. 20 сов стаг лазийра цигахь, бара царлахь полисхой а цхьаьна, ткъа аэропортана динчу зенийн мах хадийра 300 миллион гергга сом аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG