ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ХIинжа-ГIалара полицин декъахь веллачу вахархочун хьокъехь кхин а шиъ стаг лаьцна


Украинана дуьхьал боьдучу тIамехь дакъалаьцна 48 шо долу Джабраилов Ахьмад ХIинжа-гIалара Советский кIоштан полицин декъехь валарца доьзна гIаттийначу гIуллакхехула кхин а шиъ ППС-н белхахо лаьцна.

Уьш лацарх хаамбина республикера йукъараллин тергамчийн комиссин куьйгалхочо Хадулаев Шемала, полисхойн цIераш а, даржаш а хьахийна дац цо.

Хьалхо каравеана, цул тIаьхьа чохь сацийра кхин а цхьа полисхо – ППС-н полкан декъан командир Абдулганиев Гамзат. Цунна дуьхьал долийна тIехь ницкъ а беш, шегарчу бакъонел тIехвийлар, адам лечу хьоле дуьгуш, могушаллина чIогIа зен дар артиклашкахула гIуллакх.

Дахначу кIиранах дийца даьккхира, талламан комитетан белхахоша Хадулаев Шемале куьгйаздайтарх Джабраилов валарх лаьцна информаци хенал хьалха нахалайаккхар доьхкуш.

  • Джабраилов Ахьмад лаьцнера товбеца-беттан 9-чу дийнахь –иза хаавеллера кхетам чохь воцуш, цхьахдолчу цIийнан тховтIехула урс карахь ведда лелачу хенахь. Полицин декъехь Джабраиловна вон хиллера, гӀанта тӀера лаьтта охьавоьжнера иза. Куьйгаш дихкина доллушехь, дуьхьало йан волавелира иза цхьахволчу белхахочунна, цо иза лаьтта охьатаӀийра, голашца цунна тӀе а хиъна. Кхин а виъ полисхо йукъагIоьртинера царна, цара лаьцнарг когаш тIера а лаьцна, цунна электрошокер йиттира.
  • Веллачу Джабраиловн йишас дийцира Baza телеграм-канале, иза валаран бахьанах – цуьнан са дукъийнера аьлла цо. Оцу йукъанна доьзална бакъо ца йелира валаран бахьана тӀечӀагӀдеш йинчу экспертизан жамIаш довза. Цу тIехь цуьнан кхалхаран бахьана билгалдаьллера, наркотикех кхетта хилла боху верси йукъара а йоккхуш. Телеграм-каналаца къамел динчу зудчо дӀахьедина, шен ваша Украинаца хиллачу тӀамера цӀавирзинчул тӀаьхьа сица сингаттам болуш хиларх, цигахь цуьнан доттагӀий эгна хиларх, цунна шена а чевнаш йина хиларх а. И бахьана ду, бохура цо, иза лаьцна латточу муьрехь харцахьа леларан а.
  • Хьалхо Джабраиловн нанас латкъамбира мехкан урхалхочо Меликов Сергейс оцу гIуллакхан терг йеш цахиларна, иза эргIад йаханера, цхьа а чоьхьарчу гIуллакхийн белхахо лаьцна цахиларна. Ницкъаллин структурашкахь, республикин Iедалхоша а санна, хиллачух лаьцна олуш дош дац.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG