ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ХIинжа-ГIалара полицин декъехь веллачух йиссинарг реза йац бехкебийраш цIахь лецна битарна


Далгатов Курбан, архивера сурт
Далгатов Курбан, архивера сурт

ХIинжа-ГIалара полицин декъехь 2023-чу шеран дечкен-баттахь веллачу Далгатов Курбанах йиссинчо тIедожийна иза валарна бехке мел хетарш СИЗО-хь бита аьлла. Цунах лаьцна хаамбина "Кавказский узел" хаамийн гIирсо Дагестанехула йолчу ОНК-н куьйгалхочун гIовсана Хадулаев Шемална тIетевжина.

"Оха хIинцале а кехаташ чуделла дIасабовлар дехкарца шога барам дуьхьалбаккха царна – чу бухкуш аьлла", - дийцина ресурсан корреспонденте Далгатова Аминас.

Далгатовн валарца доьзначу гIуллакхна йукъахь полицин 11 белхахо ву, царех виъ цIахь дIасавалар дихкина витина. Доккхачу декъана дечкен-баттахь цIахь витира Керимов Муслим а, Магомедшапиев Магомедшапи а. Советский кIоштан бехзуламан гIуллакхаш толлучу декъан белхахой бу уьш. ДIасабовлар доьхкуш сацам тIеоьцучу хенахь, кхело тидаме ийцира, бехкехетачех цхьаъ тIамехь дакъалаьцна хилар, вукхо лелош заьIапе да-нана хилар.

Оцу гIуллакхна йукъара Бабаев Марат, Советский кIоштара чоьхьарчу гIуллакхийн декъан хьаькам ву, талламца йукъахь болх беш ву иза, цундела дIасавалар дихкина дац цунна.

  • 35 шо долу Далгатов Курбан кхелхира дечкен-беттан 23-чохь стохка, ХIинжа-ГIалара Советский кIоштан полицин деккъехь масех сахьт даьккхинчул тIаьхьа. Герзаш деттарх лаьцначу гIуллакхех хеттарш дан валийнера иза де хьалха суьйранна.
  • Цул тIаьхьа шеконашца кхо ницкъахо лецира: Атавов Ислам, Маликов Магомед, Курбанов Магомедкамил. Охан-баттахь кхин а цхьа полисхо лецира.
  • Товбеца-баттахь гIуллакх толлучу йукъанна СИЗО хьажийра 2014-чу шарахь дуьйна полицихь болх беш хилла Меджидов Булат, иза вуьйчу буьйсанна балхахь хиллера иза а.
  • ГIадужу-баттахь, тIаьххьарниг лаьцна кхо бутт баьлча, оцу гIуллакхехь кхин а шиннах шеконаш хилира. Йуьхьанца бехкаш тIе ца дуьтура цара. Шайна дIасабовлар доьхкуш, сацам бан вовшахтоьхначу кхелехь къар ца лора уьш, Далгатов "дагах ка а йетташ, пена тIе тоьвжира, цул тIаьхьа корта лаьттах а кхеташ, охьавуьйжира" бохуш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG