ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ХIинжа-ГIалара СИЗО-хь ша шена тоьхна велла Басаевн тобанехь хилла боху тIемало


ХIинжа-ГIалара номер 2 йолчу СИЗО-хь ша шена тоьхна велла Ставрополера вахархо Якубов Загир, 1999-чу шарахь Басаев Шемалан тобанхошца Дагестане чугIоьртина аьлла 14 шо хан тоьхна вара иза.

Якубовн валарх хаамбина Дагестанера Йукъараллин тергамчийн комиссин куьйгалхочун гIовса Хадулаев Шемала шен телеграм-каналехь. Цуьнан хаамашца, ши кIира хьалха хилла хIума ду и.

Хадулаевс йаздо, тIоьрмиган доьхканца Якубов СИЗО-н камери чохь ирхъоллавелла, камераша дIайаздина аьлла. Гергарчу хенахь шена тоьхна хан йаккха колони дIахьажон везаш вара Якубов.

Якубов Загирна а, цуьнан махкахочунна Майлубаев Расулна а таIзар кхайкхийра Дагестанан Лакхарчу кхело кху шеран дечкен-баттахь. Бехкбиллархойн версица, Нохчийчуьра "Исламан "Кавказ" институтехь Iаморашкахь хилла ву и шиъ "НогIийн джамаIат" тобанца. Цу шиммо "жигара дакъалаьцна тобано дечу тIелатаршкахь" боху, иштта 1999-чу шарахь Дагестанера БотIлихан кIоштахь оьрсийн эскархошна а кIелойинера.

Якубов а, Майлубаев а бехкевина герзашца вовшахтоьхначу тобанехь дакъалацарна а, бунт гIатторна а, оцу артиклашкахула бехк тIе а чIагIбинера, амма зуламхо жоьпе озон магийна хан тIехйаларна оцу таIзарх валийтира и шиъ. Оцу йукъанна кхел йира цу шинна эскархойн дахарна тIекховдарна. Цу шиммо дакъалаьцна бохучу тIелатарехь вийна 33 оьрсийн эскархо, кхин а 34 лазийра.

  • Басаев Шемалан а, Хаттабан а гIаттамхой Дагестане чубахара Нохчийчоьнан дозана тIера, цигахь тIемаш бира цара I999-чу шеран марсхьокху-беттан юьххьера гIадужу-беттан I5-чу дийне кхаччалц цкъа хьалха Ботлихан, тIаьхьо Новолакскан кIошташкахь. Официалан хаамашца, цигахь вийна 280, лазийна 800 сов Оьрсийчоьнан эскархой, полисхой, иштта могIарера нах а. И хиламаш цхьахдолчу коьртачу бахьанех хилира Нохчийчохь ШолгIа тIом боло, цуьнан гурашкахь Оьрсийчоьнан эскарш Нохчийчу далийра 1999-чу шеран гIадужу-беттан 30-чохь.
  • Бехктакхаман жоьпалла тIедожадо иштта, 1990-2000-чу шерашкахь федералан эскаршна дуьхьал тIом бина хилла, амма амнисти еллачарна а.
  • Адвокаташа а, бакъоларъярхоша а дечу тоьшаллашца, тIемалой хиларна бехкебеш жоьпе ийзиначу наха дукха хьолехь кхелашкахь хаам бо, шайга ницкъаша дареш дайтина, олий.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG