ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ХIинжа-ГIаларчу аэропортера къепедацаршна тIехула бехктакхаман гIуллакх долийна 140 сов стагна дуьхьал


ХIинжа-ГIалара аэропортехь лелийна къепедацарш, 2023 шо гIадужу-беттан 29-гIа
ХIинжа-ГIалара аэропортехь лелийна къепедацарш, 2023 шо гIадужу-беттан 29-гIа

ХIинжа-ГIаларчу аэропортехь къепедацарш лелорна бехкашца шаьш дIалаьцначул тIаьхьа Дагестанерчу Лаккхарчу кхеле 143 стагера латкъам кхаьчна. Дуккха наха гулбелла къепедацарш лелорна бохучу артиклехула долийна гIуллакх – бехке лоручу нехан терахь кхин а сов хила тарло, хIунда аьлча, оцу терахьехь шаьш дIалацарна латкъам бийраш бен бац хьахийна. Керла латкъамаш хIинца а кхочу кхелашка.

Гучудаьлла, гIуран-беттан 15-хь дуьйна Дагестанан Лакхарчу кхеле коллективан латкъамаш кхочура: хIинцле а 10 гIуллакх долийна пхеа вахархочунна дуьхьал, цхьа гIуллакх – кхаанна дуьхьал, кхин а кхо гIуллакх – шина стагна дуьхьал.

Мел кIезга а кхо стаг, къепедацаршкахь дакъаларал совнаха, полисхошна тIехь ницкъбарна бехкевеш ву. Хьалхо билгалдаьллера, республикан вахархойх цхьаъ ницкъахочун дахарна тIекховдарна бехкевеш хилар.

Лаьцначех дукхахболучара бехкаш тIе ца лоцу. Масала, Ахмедулаев Гаджис чIагIдо, шен бехк хиларан цхьа а тоьшаллаш дац талламехь, цара бохург билггал дац, тIаккха ша чохь латточу цхьа бутт сов хеначохь ницкъахоша цхьа а талламан гIуллакхаш ца лелийна шеца. Кхечу бехкебинчу нехан адвокаташа иштта билгалдоккху, протестан барамаш боьдучу йукъанна "Уташ" аэропорте нисвалар – иза зулам дар дац.

ГIадужу-беттан 29-хь долийна долу бехктакхаман гIуллакх толлуш йу Оьрсийчоьнан Талламан комитетан пачхьалкхан Iедална дуьхьал долу зуламаш листаран урхалла. 2024 шеран охан-батте кхачалц дIабахбина йуьхьанца болу таллам. Бехкебийраш лаьцна латтор бу оцу хеначохь.

  • Дагестанан Лакхарчу кхело гIуран-беттан йуьххьехь дIахьедира, аэропортехь лелийначу талорашна тIехула 240 стаг жоьпалле озийна шаьш "митинган" административан артиклехула. Царех 104 лецира 10 дей-буьйсий чохь доккхуьйтуш. Кавказ.Реалии сайто кIоштийн кхелийн сайташкара гулбинчу хаамех къаьсташ йу Дагестанан Лакхарчу кхелан информаци: лахьан-беттан 28-чохь долчу хьолаца кхелашка 400 гергга гIуллакх кхечира, царех дукхахдерш оцу хенахь листина дара.
  • ХIинжа-ГIалин аэропорт дIалецира гIадужу-беттан 29-чохь суьйранна, Тель-Авивера пассажираш балош догIу транзитан кема лаха гIертара уьш. Гулбелларш дуьхьал бара Израило ГIаззехь лелочунна, цара тIедожийра регионера жуьгтий лахка аьлла. ЖIуга аэропортан гIишло чу иккхинера, цул тIаьхьа кема охьадусучу майдане а хьодуш. ХIинжа-ГIаларчу аэропортехь къепедацарш лелийначу "цхьанна а гечдийр дац" элира Дагестанан куьйгалхочо Меликов Сергейс йуьхьанца, амма гIурт эккхийтинчарна гечдар доьхуш, кхайкхамаш бинчул тIаьхьа шен риторика хийцира цо:"Хилларг хилла даьлла" аьлла, дIа а хьедеш. Кавказ.Реалиин сайто теллира, муха хийцайелира Меликовн оцу хаттарехула йолу позици.
  • Израилхошна дуьхьал ХIинжа-ГIалара аэропортехь гIадужу-беттан 29-чохь талораш лелор тидаме ийцира дуьненан зорбанан гIирсаша, цигахь хиллачара дуьйцура, эргIад йахначу тобана дан хIума а доцуш бисинера ницкъахой бохуш, ткъа Оьрсийчоьнан оппозиционераша хилларг "эхь" ду бохура. 20 сов стаг лазийра цигахь, бара царлахь полисхой а цхьаьна, ткъа аэропортана динчу зенийн мах хадийра 300 миллион гергга сом аьлла.
  • Йуьхьанца дуьйна Дагестанан Iедалша а, Кремло а дIахьедора, Украино питана динера аьлла. Доккхачу декъанна спикерш тIетуьйжура протестан акцеш йе бохуш, кхайкхамаш бинчу "Утро Дагестан" телеграм-каналана. Хьалхо иза йузура пачхьалкхан думин хиллачу депутатца Пономарев Ильяца.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG