ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ХIирийчохь, ГIебарта-Балкхаройчохь, Адыгейхь, Кубанехь лоьцуш бу Украинерчу тIамна дуьхьал берш


Оьрсийчоь Украинана чугIортарна дуьхьал "Стоп рашизм" аьлла, хIоттийначу акцихь. Нью-Йорк, 2022 шо. Гайтаман сурт
Оьрсийчоь Украинана чугIортарна дуьхьал "Стоп рашизм" аьлла, хIоттийначу акцихь. Нью-Йорк, 2022 шо. Гайтаман сурт

Оьрсийчоьнан Къилбан а, Къилбаседа Кавказан а регионашкахь тIаьхьабевлла лоьцуш бу Оьрсийчоь тIамца Украинана тIелатарна дуьхьал берш. Кавказ.Реалии сайто оцу кепара нах лецаршна тIехь мониторинг латтон ши шо а ду.

  • Эскарна "дискредитаци" йарх полицино прокотолаш хIиттийначу Краснодарехь бехачу мухIажарийн цIераш гIарайевлла. Хьалхо ницкъахоша дIахьедира ши стаг лацарх, царех цхьаммо тIамна дуьхьал ролик зорбане хIоттийнера, оцу йукъанна миграцин низам дохийна вехаш хиллера иза махкахь; шолгIачо, армина "дискредитаци" йарал совнах, чоьхьарч гIуллакхийн министралло чIагIдарехь, полисхойн омра кхочуш ца динера. Хьалхарчу гIуллакхехь вуьйцург ву Арутюнян Арташес – цуьнан ший а протокол листира Прикубань гIаларчу кхелехь. ШолгIачун цIе йу Аракелян Артем. Церан хьокхехь бина сацамаш кхелан сайте хIиттийна бац цкъачунна.
  • Эскарна "дискредитаци" йарх протокол хIоттийра иштта Майкопан йахархочунна Никулинеа Полинина Адыгейхь а. Дечкен-беттан йуьххьехь административан гIуллакх гIалин кхеле кхачйира, карарчу хенахь листина даланза ду и, цунах лаьцна кхин совдаьккхина хоуьйтуш дац.
  • Нальчик гIалин кхеле дахьийтира Оьрсийчоьнан армина "дискредитаци" йарх Лакунова Раметин хьокхехь гIуллакх. ГIебарта-Балкхаройчоьнан йахархо хIун динчунна бехкейо, карарчу хенахь хууш дац.
  • Краснодар-махкара Туапсинскан кIоштара вахархочунна Аллоло Аскерана протокол хIоттийра Оьрсийчоьнан тIеман ницкъашна "дискредитаци" йарна. Социалан машанашкахь масех тIамна дуьхьал видео хIоттийнера цо. 2022-чу шеран товбеца-баттахь хIиттийнера уьш аккаунтехь, амма протокол хIоттийна шо даьллачул тIаьхьа. КIоштан кхело шозза полици дIахьажийра гIуллакхан материлаш, хIунда аьлча, низам дохийна хиларх тошаьллаш ца далорна. Цул совнах, тIечIагIдина дац, социалан машанашкахь нахана хIинца гуш йу видеош йа йац. Эххар а гIуллакх кхоалгIа а полици йухахьажийна.
  • Къилбаседа ХIирийчуьра Лакхарчу кхело дуьхьало йина экстремизмана дуьхьало латточу Центран хьаькаман Керашвили Эдурадан хьокъехь административан гIуллакхехула бинчу сацамна. Цо "дискредитаци" йина аьлла, шеконаш хиллера полисхочун. Протокол хIоттон бахьана хилира, Оьрсийчоь Украинана тIелатар йемалдина гуьржийн актер Кикабидзе Вахтанг тIехь волу роликах. Амма гIуллакх сацийра стигалкъекъа-баттахь зулам дина меттиг бац аьлла. ХIирийн "Э" Центран куьйгалхо хIетте а гIоьртира тоьшалла дан, Керашвили бехке ву аьлла; апелляцино сацам бира, гIуллакх йуха а толлийла дац аьлла.
  • 2023-чу шарахь иттаннашкахь къилбан регионашкара бахархошна дуьхьал дехира Оьрсийчоьнан армина "дискредитаци" йарх административан гIуллакхаш. Царех цхьаболчарна дуьхьал бехктакхаман гIуллакхаш дехира йуха а "дискредитаци" йарна а, эскархойх лаьцна "фейкаш" йаржорна а. Цхьаболчурна гIуданаш диттира, вукхарна стаг вийча санна хенаш йиттира, йа миллионашкахь кхаьънаш охьадахкийтира. Кавказ.Реалиин редакцино зийра репрессеш йар даржар.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG