UFC-н нохчийн латархочо, Нохчийчоьнан куьйгалхочун воIарийн тренеро Чимаев Хьамзата дехар дина Кадыров Рамзане, "Палестине ваха" пурба ло шена, "бусалба вежаршна хьалхара вала" аьлла. Социалан машанашкахь кадыровхошлахь, иштта Оьрсийчоьно Украинана дуьхьал болийначу тIамехь а дакъалоцучара оцу кепара ден дехарш даржийна. Бакъду, Гергарчу Малхбале цхьа а вахийта сих ца ло Кадыров, йа цуьнан бакъо а йац, шен куьйга кIеларчу "машарбархойн" гIоьнца Палестинехь "къепе дIахIотто" кийча хиларх хьалхо цо дIахьединехь а. Кавказ.Реалиин сайто къастийра, мехкан Iедалхошна стенна оьшу Израилан ХЬАМАС-ца тIом боьдучу йукъанна оцу тайпа информацин кампани.
Къилбаседа Кавказера бусалба регионаш баккъал а Iадийна йу ГIазза секторера кхочучу хаамаша. Цигара хьал ийгIина догIу радикалан ХЬАМАС тобанан тIемалоша гIадужу-беттан 7-чохь Израильна тIелеттачул тIаьхьа. Оцу тIелатарехь, официалан хаамашца, белларш 1400 сов бу. ТIелеттачара байина ишта карахь герз доцу маьрша нах а цхьаьна, 200 сов стаг закъалте лаьцна цара. Цул тIаьхьа Израило тIемалошца шаьш тIом бо а бохуш, тохарш долийра ГIазза сектарехь, оцу тIехула, ХЬАМАС-н векалша чIагIдарехь, ворхI эзар сов стаг вийна – и зераш талла аьтто бац.
"ГIаззин са дукъош ду, дуьне адамаллех даьлла"
ГIазза секторехь Израило операци йолийначу йуьххьехь тоьшаллаш гучудевлира, тохарш дуккха а нах бехачу кварталашна а, хIусамашна а, ООН_н метигерчу школашна а, динан а, бахархойн кхинйолчу гIишлошна а деш хиларх – цхьаьнатоьхна аьлча, зенаш хилла бохуш дуьйцу 14 эзар стагана йа хIаллакйина гIишлош, чIагIдо туркойн TRT медиахолдинга.
Оцу дукхахйолчу объекташна шаьш тохарш дар харц ца до Израило, амма кIелхьарабуьйлу уьш, ХЬАМАС-н тIемалоша леррина пайдаоьцу оцу бахархойн инфраструктурех шайна лоьчкъйила лоьхуш аьлла.
Цуьнца цхьаьна ши миллион гергга болу ГIазза секторера палестинхойн бахархой йуург, хи, ток, йагорг йоцуш бисина. Блокадина сагатдарх дIахьедира ООН-н коьртачу секретаро Гутерриш Антониуса гIадужу-беттан 9-чохь.
"Тхан бIаьргашна а гуш, цкъа а хилла боцу бохам бу хIара хуьлуш берг. ГIаззин садукъош ду, суна хетарехь, дуьне шен адамалллех даьлла", - дийцира регионера гуманитаран кризисах БАПОР-н (Гергарчу Малхбалера палестинхойн мухIажаршна гIо дечу ООН-н агенталла) коьрта комиссаро Лаццарини Филиппа.
ГIазза секторан дозана тIе кхоьссина 40 километар йеха, 6-нна тIера 22 километарна тIекхаччалц шуьйра эзар бомба. Регионехь ницкъбар кхуьуш хиларо а, йаьржинчу гуманитаран катастрофо а шуьйра реакци гIаттийна бусалбанашлахь, иштта Къилбаседа Кавказехь а.
ГIазза секторерчу хиламийн тергойира Кадыровс гIадужу-беттан 9-чохь. Цо дIахьедира цига "машарбархой" хьовсон а, шеггара мила бехке ву, мила бакъ ву талла а кийча ву ша аьлла. Кхин а масех де даьлча Нохчийчоьнан урхалхочо кхайкхамбира Израиле "адамашлахь питана ма де, доллу дуьненчуьра бусалбанаш дуьхьало йан меттах ма баха" аьлла.
ХЬАМАС-н тIемалоша тIелатар дар, маьрша нах закъалте эцарх а тахана а йемал дина дац Кадыровс. Оцу йукъанна цо масийттазза йаздора Оьрсийчоьнехьа тIемаш бечу "Хьамас" цIе лелочу "нохчийн командирах" Таймасханов Iийсах лаьцна, тIаьххьара иза хьахийнера Нохчийчоьнан куьйгалхочун телеграм-каналехь стохка марсхьокху-баттахь.
Ламазех тоамбар
Нохчийчуьра хьаькамаша Израила ГIазза секторехь лелориг шога йемалдахь а, амма дуьхьало йо палестинхошкахьа демонстраци йан. Масала, регионера Iедалхоша "фейк" йу элира социалан машанашкахь Соьлжа-ГIалахь гIадужу-беттан 22-чохь митинг дIайахьа дагахь бу аьлла, баьржина хаам. Оцу кепара муьлш бу ца хуучу, митинг вовшахтоха леринчарна дIахаийтира, Iедалхой реза цахилар акци хIоттон.
"Кадыров Рамзан Ахматовичан тIедилларца, бахархой майданашкахь гуллуш бац, доллу маьждигашкахь тахьаджуд-ламазаш дан вовшахбетталуш бу", - дIахьедира зорбанан министро Дудаев Ахьмада, дIайахьа леринчу митинге махкахой ца бахийта.
Кадыровна чIогIа дика хаьа, Москвано ша цхьанхьа а вохуьйтур воций
Дуьйцурш ду наха вовшахкхетта буса ден ламазаш. Палестинхойх къинхетам бар дехар доцург, маьждигашкахь, меттигерчу Iедалхоша бахарехь, ламазаш до мехкан урхалхочунна а, Украинана дуьхьал тIемаш бечу Нохчийчуьра эскархошна а. Делахь а, Оьрсийчоь шуьйрачу тIамца луларчу пачхьалкхана тIелатарца, социалан машанашкара церан хаамашца, кадыровхойн кхин башха бала а бац.
"Рамзан Ахматович, Украинера тхо схьа а дахий, Палестине джихIадан новкъа довлийтахьара ахьа…Мел хьежа деза тхо бусалабанашна йечу геноциде а, вайн дезачу Аль-Акса маьждиге а (Иерусалимера Килсан лома тIера маьждиг, бусалбанийн кхоалгIа деза лоруш ду.- Билгалдаккхар)", - аьлла ду Кадыровга бинчу цхьана кхайкхамехь.
Нохчийчоьнан куьйгалхочо цкъачунна ницкъахойн дехарш тергамза дуьту. Тидам ца бина цо оцу кепара социалан машанашкара акцин а, ткъа оцу тайпа UFC-н латархочо Чимаев Хьамзата дина дехар "дагах кхеташ" ду элира цо, кхоалгIа а цунна "Мерседес" луш.
Кхечара а санна, ГIазза секторера хьолах лаьцна шена хетарг элира иштта Нохчийчоьнан урхалхочун хьехамчас, Iеламчас, "Путь" ГТРК-н директоро Шахидов Адама. Цунна хетарехь, нохчийн къам декхаре дац Палестине а дахна, Израилан ницкъашна дуьхьало йан, хIунда аьлча, цуьнан "ницкъаш тахана тоьаш бац".
ГIаза секторе шен эскархлой бохуьйтур бу алар Нохчийчоьнан "йиллина ша шена йина пиар" йу, аьлла хета политологна Савва Михаилна.
"Ма-дарра аьлча, цхьа а кхочушдан дагахь воцу дIахьедарш ду уьш. "Бусалабанаш Iалашбийриг" ву аьлла, имидж кхолла хьажийна ду уьш. Оьрсийчоьнан дакъойн могIаршкахь Украинехь Нохчийчуьра тIемаш бечу нохчийн а, изза Iалашо йу. Церан дехаршна жоп лойла дац Кадыровн – цхьана а агIор царна гIо дойла йац шен аьлла, дIахьедан декхаре ву иза", - кхетадо Саввас.
Цхьа товш доцуш нисделира: шена муьтIахь долу эскарийн дакъош палестинхой Iалашбан дахийта бохуш, Нохчийчоьнан урхалхочо долийна дIахьедарш севцира, цига баха луурш гучубевллачул тIаьхьа. Альтернативин метта Кадыровс хьоьху махкахошна, йа Нохчийчочьнан Iедалхоша "гIазот" леринчу Украинерчу тIамехь дакъалаца, йа лакхахь хьахийначу бахархой вовшахкхетта маьждигашкахь дечу ламазашкахь дакъалаца аьлла.
Кадыровхойн дакъош ГIазза секторе а, йа палестинхойн Иорданан Малхбузера хIордайистера дакъош тIе а кхочур дац, боху Туркойчуьра Малхбале толлучу Сулейманов Руслана.
"ГIазза сектор блокадехь йу…Гуманитаран гIо эцца боьлхурш а халла кхочу цига. Арахьара ницкъаш Малхбузера хIордайистехь оьшу аьлла, ца хета суна. Йа Израило а могуьйтур дац и", - билгалдоккху къамел дечо.
Палестинан байракхаш йоцуш, сагIа а ца луш
Социалан машанашкахь йаржочу аудиошца, Нохчийчоьнан Iедалхошна ца лаьа ишта республикехь Палестинан символикаш ган а. Оппозицин NIYSO телеграм-канало зорбане хIоттийначу аудиоца "Ахьмад" ву ша бохучу полисхочо йуьртахошка кхайкхам бо, "вайн кIоштахь" дIатийсинчу хIусамаш тIе палестинхойн байракхаш ма тоха, йа машенаш тIе стикерш а ма летайе бохуш.
"Оцу тайпа хIума вайн эвлахь хила йиш йац. Лакхарчара вайна и магош дацахь, вайн Iалашо йу – и цадар", - боху аудиохаам тIехь, йуьйцург муьлха эвла а йу а ца олуш.
Ингалсан маттахь цо доллу дуьнене аьлла, дуьненна шегара хаза луург, ткъа нохчийн маттахь – нохчашна хаза луург
ГIадужу-беттан 24-чохь Соьлжа-ГIалара цхьана гимназин дешархойн дайша-наноша хаамбира Кавказ.Реалиин редакцига, оцу дийнахь гIалин дешаран хьукматашкахь палестинхошна гIоьнна ахчанаш вовшах ма детта бахарх. Туркойчуьра палестинхойн диаспоран куьйгалхочуьнца цхьаьна "Дийна дог" фондан векало ГIазза секторера нахана гIо дан таро хиларх хаамбеш видео гайтинера дешархошна. Берашка дIахьединера, нагахь санна, йа дешархоша, йа церан дайша-наноша цига ахча дахьийтина аьлла, гучудалахь, царна а, церан гергарчарна а "сингаттам боккхур бу" аьлла.
Кеп-кепара политикан хьежамаш болчу нохчашлахь халкъ цхьаъ ден хаттар ду палестинхойниг, мехкан Iедалхой цунах пайдаэца хьийза боху Истанбулехь гуманитаран а, социалан а талламаш бечу Центран (İNSAMER) талламхочо Ахиядов Мохьмада.
"Кадыровна чIогIа дика хаьа, ша Москвано цхьанхьа а вохуьйтур воций. ТIаккха стенна оьшу и къамелаш дар? Цунах атта кхетийла ду: палестинхойн хаттар – уггар а наггахь бен хуьлуш доцчу гIуллакхех ду, цу кейсехь нохчийн къам а, Москва а цхьана агIор ду. Цундела олийла ду, Москва а, нохчийн халкъ а шена тIетайта хьийза Кадыров", - аьлла хета къамел дечунна.
Социалан машанашкара спортхочун а, ницкъахойн а кхайкхамаш хьалхе дуьйна Iалашонца дина хIума хила тарло, боху Ахиядовс. Цо тидам тIеузу "бусалба вежаршна хьалхара" вала луучу Чимаев Хьамзата нохчийн а, ингалсан а меттанашкахь динчу къамелан башхаллина: "Ингалсан маттахь палестинхойн берех дог лозу шен аьлла, кхетийна цо, ткъа нохчийн маттахь цо аьлларг кхин дара. Цуьнан агIор дешнех ловзар дара и. Ингалсан маттахь доллу дуьненна хаза луург элира цо, ткъа нохчийн маттахь – нохчашна хаза луург"
- ГIадужу-беттан 21-чохь Абу-Дабихь дIайаьхьначу UFC 294 турнирехь Чимаев Хьамзата толам баьккхира. Спортхочунна жигара агIо лецира Кадыров Рамзана, Кавказ.Реалиин сайто къастийра, церан доттагIаллин бухехь дерг.
- ДIайоккхур йуй-те ХЬАМАС, Американ Цхьаьнатоьхначу Штаташа а, Махбузен дуккхаъчу пачхьалкхаша а террорхойн леринчу оцу тобанан урхалла дар а сацор дуй-те? 2007-чу шарера схьа дуьйна ХЬАМАС-о шайгахь латтош ду ГIазза секторера Iедал – хIетахь дуьйна цигахь хIуммаъ дар хIунда ца нисделла? Мича эрчоне кхачийна ХЬАМАС-а шен маьрша бахархой – тIемалойн закъалтхой бу олийла дуй ГIаззера бахархой?
- Нохчийн муфтиятан векалш хилира Оьрсийчоь дIалаьцначу Мариуполехь. Цигахь уьш хилира, чIагIдарехь, Кадыров Ахьмадан фондо йухаметтIахIотточу маьждигехь, цара "чулацам боллуш къамел" дира республикера эскархошца. Украинана дуьхьал бен тIом "гIазот" ду бохуш, - цунах лаьцна дIахьедора регионан куьйгалло, Нохчийчохь йолийна пропаганда дIайахьар ду ду цига лестар.
- Кадыров Рамзан "сийлахь КъорIан лардийриг", "исламан турпалхо", "Мохьаммад пайхамаран суннаташ Iалашдийриг" ву бохуш Нохчийчохь шуьйра пропаганда йаржийна. Мехкан куьйгалхо бахьана долуш, меттигерчу зорбанаша чIагIдарехь, Iарбойн дуьненца Кремль йоьзнарг Соьлжа-ГIала йу. И стенца доьзна ду къастийра Кавказ.Реалиин сайто.
- Францхойн Аррас гIалахь 20 шо долчу ГIалгIайчуьра вахархочо Могушков Мохьаммада хьехархо вийначул тIаьхьа пачхьалкхан йедалхоша дIахьедира, радикализмехь бу аьлла, шеконашкахь болчу нахана депортаци йийр йу шаьш аьлла. Церан могIарехь, чоьхьарчу гIуллакхийн министро бахарехь, "хилар тарло Нохчийчуьра бахархой а". Йуьхьанца хаамбора, Аррсасехь дина зулам нохчочо дина ду бохуш, амма информаци бакъ ца хиллера. Кавказ.Реалиин сайто къастийра, Могушковс дина тIелатар а, Iедалхойн депортаци йан Iалашо а муха тIеийцира нохчийн диаспорехь.