ТIекхочийла долу линкаш

 
ХIусаме хьежначул тIаьхьа ГIалгIайчуьра вахархо лачкъийна ницкъахоша, тIаьхьо дIалаьцна иза
ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ХIусаме хьежначул тIаьхьа ГIалгIайчуьра вахархо лачкъийна ницкъахоша, тIаьхьо дIалаьцна иза


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

ГIалгIайчоьнан Малгобекан кIоштерчу Доьлака эвлахь дечкен-беттан 10-хь хIусаме хьежначул тIаьхьа ницкъахоша вадийна вигира меттигера вахархо Атаев Казбек. Дечкен-беттан 16-хь бен гергарчу наханна билгал ца делира и Малгобекерчу ИВС-хь латтош хилар, гIалин кхело и лаьцна латтош сацам бира.

ТIечIагIбина боцучу хаамашца, дуьйцу "Фортангано", Атаевна дуьхьал бехктакхаман гIуллакх долийна, цуьнан хIусамехь граната карийна, аьлла бехк биллина, зорбанан хьостано бахарехь, и ницкъахоша кIел кхоьссина йу.

Хьалхо Атаевс 17 шо набахтехь даьккхина Басаев Шемалан а, Умаров Докан а куьйгкIелахь Несарана 2004-чу шарахь герзаца тIелатар деш дакъалацарна бехкевеш. Цигахь вийнера, официалан хаамашца, 98 стаг, доккхачу декъанна МВД-н а, ФСБ-н а балхахой. 2021-чу шарахь ша маьршаваьлча даймахка йухавирзира иза, шен вешица телатан тхевнаш а, ремонтийн белхаш а деш леллара и стаг.

Атаевна керла тIаьхьбевлла леларан фабула дукха тера хилар билгалдоккху "Фортанго" Несарахь 2015-чу шарахь тIелатар дарна бехке а йина, чуйоьллина хиллачу Несарарчу йахархочун Чемурзиева Лайлан гIуллакхах. Чемурзиева 2021-чу шарахь маьршайаьккхира, тIаккха 2022-чу шарахь цуьнан цIийна хьийжира, цул тIаьхьа йевзаш йоцучу агIора дIийигира. ТIаьхьо ницкъахоша дIахьедира, цуьнан хIусаме хьоьжучу йукъанна граната карийна шайна. Оцу бехкаца долу гIуллакх кхеле хьажийра лахьан-баттахь, тIаккха дечкен-беттан 11-хь Магасерчу кIоштан кхело талла долийра и. Ша лаьцначул тIаьхьа Чемурзиевас шена тIехь ницкъбина аьлла дIахьедира.

  • ХIинжа-ГIаларчу Навальныйн штабан координаторан Атаев Эдуардан гIуллакх талла долийна Дагестанерчу Хасавюртан кIоштан кхело – наркотикаш а, герз а низамехь доцуш лелорна бехкево иза. Цо чIагIдо, низамехь йоцу хIуманаш ницкъахоша кIел кхийсина шена, тIаккха граната нуьцкъаха цунна куьйга йоьллина лаьцначул тIаьхьа.
  • 2022-чу шеран мангалан-баттахь Ставрополан мехкан кхело тIечIагIбира меттигерчу вахархочунна Суратов Казбекана дуьхьал Георгиевскан гIалин кхело наркотикаш а, граната а лелорна бехкаца гIуллакх а долийна, диъ, ах ше хан тухуш бина сацам. ГIуллакх харц бух тIехь кхоьллина ду, тIаккха низамехь йоцу хIуманаш ницкъахоша тийсина шена, бохура Суратовс.
  • Стигалкъекъа-баттахь къилбан тIеман гонан кхело йаккхийра хенаш йиттина ГIалгIайчоьнан виъ вахархочунна – 18 тIера 21 шерашка кхачалц – 2018-чу шарахь дуьненан футболан чемпионатехь теракт йан гIортарна бехкебеш. Хенаш йиттинчара чIагIдо, тIехь ницкъ а беш, йалийтина шайга кийтарлонаш. ГIуллакхехь граната йу йуьйцуш, доьзало дIахьедарехь, чувоьллинчу цхьаннан вийна волчу вешина ницкъахоша кIел кхоьссина йу иза.
  • Охан-баттахь ХIинжа-ГIалахь лецира жигархо Исаев Iабдулкъадир, хьалхо оппозицин политикан Навальный Алексейн "Оьрсийчоьнан кадыризацин" дуьхьал йолчу акцехь дакъалаьцна хиллера цо. Ша лаьцначул тIаьхьа Исаев хаам бан кхиира, шена наркотикаш а, граната а ницкъахоша тессина аьлла.
  • Низамехь доцуш герз лелорна бехктакхаман кодексо пхи шаре кхачалц хан тохар кхайкхадо, низамехь доцуш оьккхуьйтург лелорна – бархI шаре кхачалц.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG