ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Хийрачу  пачхьалкхашкара деана  молханаш чекхдолуш лаьтта. Нохчийчуьра берийн онкологи


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

Стохкалерачу официалан терахьна тIетевжина аьлча, Нохчийчохь рак цамгар йолуш 453 бер ду. Амма и бераш ду бохучул а дуккха сов хила тарло, аьлла дийцира Кавказ.Реалии сайтаца къамелехь хиллачу лоьраша.

"Вайн регионерчу онкологин терахьаш Къилбаседа Кавказан кхечу республикашкахьчул лакхара ду. Йеккъа цхьа берийн онкологи схьаэцча, хьал вуно чолхе го. ХIора шарахь кхин а дукха бераш даладо тхо долчу. Массо аьлча санна ракан тIаьххьарчу стадехь хуьлу уьш," - дийцира республикерчу онко-дипансеран шен цIе ца йовзийтанчу лоьро.

Тхо долчу схьадалийначу берана оха диагноз хIоттайо. Ткъа беран да - нана тхох теша ца теша

Цу лоьро дийцарехь, берийн дайша профилактика лелочух тера дац. Бер цомгуш дуйла хаарца, лоьрашка орца ца доккхуш, "халкъан дарбанаш" лелон буьйлало. ТIаккха хьал долчун тIе а генадолу.

Къамелахочо даре дира, Кадыров Ахьмадан фонд (ткъа иза хаамийн гIирсаша дийцарехь, нехан алапех лаьтташ йу; и фонд США-но шен санкцешна йуккъе а лаьцна - билг.) шен-шен хенахь цамгархошна оьшург латтош схьайогIу. Амма цамгарца долу хьал хийцалуш дац,"- элира лоьро.

"Дерг ду ала деза, Нохчийчуьра берийн онкологин Центр а, онкодиспансер а вуно дика йу бохучу медицинан таронашца, гIирсаца кечйина йу. Амма берийн онкологаш а, баккхий специалисташ а бац республикехь,"- олу онколого.

Коьрта кхачамбацарш дийца йоьлча, лоьро билгалдоккху республикехь реабилитацин центраш цахилар. Операцех чекхдаьллачу берана чIогIа оьшуш йолу. Цу тIехула тIе молханийн дефицит йу кестта хир йолуш.

"Берана операци йар ша ду, цунна оьшу молха, маха тохар а. Амма цул тIаьхьа цунна реабилитаци а, меттахIоттар оьшу. Кхечу пачхьалкхашкара дахьаш хилла молханаш тхан чекхдолуш лаьтта. Ткъа уьш ца хилча йа баккхийчеран, йа берийн ракана тхан дан хIума дац",- олий, тIетуху цо.

Цу боху, республикерчу цамгархойн билггал долу терахь хаа йиш йац - дукхачарна хIинца диагноз ца йина. Дукхах болучарна меттигера больницаш дош а ца хета.

"Берийн рак баккхийчеранчул сиха йаьржа. Тхайна тIедалийначу берана оха диагноз хIоттайо. Амма беран да-нана тхох тешаш ца хуьлу. Оха аьлла диагноз тергал ца йо. Царна шайн дарбанаш гIоле хета, йа цхьацца фондашкахула и бер республикал арахьарчу клиникашка дига лууш, арабовлу,"-олу ло

Дарба лелорах гIуллакх хуьлуш дац

Ши шо хьалха Веданан-кIоштан йахархо Iайшат А. Москварчу Блохин цIе лелочу Къоман Медицинан талламийн центре йахара. Шен кхо шо долчу йоIа корта лозу аьлча, нанна цо иза берийн беша цайахьархьама дуьйцу моьттинера. Цхьана дийнахь йоI дог гIелделла, охьайоьжча, лоьраш кхайкхира. Лоьро ша онкологи хиларах шек ву, йоI сихха Москва йига аьлла, хьийхира. Ден, ненан таро йацара иза дан. Амма лулахой дика хьаьвзина, сихха телефонашчухула кхайкхадина, оьшу ахча вовшахтоьхна, йоI центре йигира. Операци дика чекхйелира.

КхозлагIа химитерапи йинчул тIаьхьа йоьIан дог вуон хилира. КIира даьлча, иза йелира. - со тешна йу, - вайн лоьраш ледара хьовсарна.

ЙоьIан нанас шена билггал хаьа боху, Нохчийчохь шен йоIана таллам бан а, дарба дан хуур дацар. Iайшата дуьйцу, масех шо хьалха шен 10 шо долчу шичина онкодиспансерехь лоьраша харц диагноз хIоттийна, масех химитерапи йарах. КIантана цунах дарба ца хуьлий хиъча, волучара иза Астрахане вигира.

"Цигара лоьраш цецбевллера вайн лоьрашна шайн болх цабовзарах. КIантана йерг онкологи йац, пневмани йу элира Астраханерчу лоьраша. Ткъа хIинца, и харц дарбанаш даро кIентан могушалла дикка галйаькхна. Иза гIеллуш лаьтта, цуьнга спорт ца йалало, иза сиха кIадло. И харц дарбанаш дина лоьраш шаьш хьалха ма-хиллара болх беш бу, уьш цхьамма жоьпалле ца озийна,"- дуьйцу Iайшата.

2020-чу шо кхаччалц Нохчийчуьра могушалла ларйаран министралло махкара онкологи йолу бераш республикал арахьарчу клиникашка хьовсабора. Шайн цхьаьллиг цхьа специолизированны стационар цахиларе терра. Берийн лазартнашкахь ур-атталла оьшшучу кепара тоьуш маьнгеш дацара, гIирсаш а - иштта. Цу муьрехь республикан коьртачу гематолого Батаева Лейлас дийцира, 80 % ракаца долу бераш церан дай, нанойн таронаш цахиларна леш ду аьлла. Федералан центро лушдолу ахча тоьуш дацара.

2020-чу шарахь Соьлжа-гIалахь Глинка цIарах йолчу Республикан берийн клиникан лазартнан бух тIехь берийн онкологин гематологин центр схьайиллира. 50 маьнгана меттиг белла. Кавказ.Реалии цу клиникан белхалошца зIене йала дагахь хилира. Амма цхьа цаьрца къамел дан реза ца хилира.

Соьлжа-гIалан йахархо Лариса Р. Кхо шо дара цо шен коьртаца онкологи йолчу йоIана дарба лоьху. Амма йоI кхелхира. ЙоьIан нанас бехк республикерчу лоьашна тIебуьллу. Царна шайн болх бан ца хаьа боху цо.

"Кхечанхьа дарба лаха ахча сан дацара, аса квота йийхира. Цунна жоп луш 3 бутт дIабелира. Цу йукъанна йоьIан могушаллина талламаш кхузахь Нохчийчохь байтира ас. Массо меттехь сайн ахчанца чекхолуш. Квота суна йелира, амма шина кIирнахь Блохинан клиникехь хила а, операцина а сан айсса амал бан дийзира. Гергарчара дикка гIо дира. Операци чкхйаьлча, кхин д&а долу дарба Нохчийчохь лелон деза аьлла тхо цIахьовсийра. КхозлаггIа хиитерапи йича, сан йоI дог вуон хилла, йуьйжира. Цул тIаьхьа кIира даьлча, кхелхира. Со тешна йу, кхузарчу лоьрашна шайн болх бевзаш хиллехьара, сан йоI дийна йоI дийна хирг хиларах. Суна гуш дара, цара цунна лелочу молхано йоьIан хьал кхин а талхош. Гуш лаьтташехь корта бесташ бара цуьнан. Вуьшта а - и квота йаларе хьоьжуш а дикка хьеделира тхо,"- дийцира къамелахочо.

ТIеман лар

1999-чу шарахь Ичкерин президента Масхадов Аслана Гаагера Дуьнен-йукъарчу химин-герз цамагочу институте кехат яздира. Цу кехатехь цо Оьрсийчуьра эскархой бехкебора химин-герз Нохчийчохь лелорна. Цунна дуьхьала оьрсийн эскаран куьйгалхоша жоп делира: нохчийн тIемлой шаьш бу хлор лелхийтарца, нахана дIовш даржош аьлла.

Европехь веха бакъонашларйархо Ахъядов Iийса тешна ву, цу шинна тIамо Нохчийчуьрчу бахархойн могушаллина дикка эшам бина хиларах. Кавказ.Реалии сайтаца хиллачу шен къамелехь цо дийцира: республикан бахархоша дийцина, дIайаздина ду химин-герз цигахь лелош хаадаларан тоьшаллаш. Иштта - Курчалой-кIоштахь хи бехдар а.

Нохчийчуьра Австри дарбанна далочу нохчийн берийн дукхахьолахь генайаьлла рак хуьлу

Къамелахочо боху ша тешна ву, Кремло лечкъадо тIеман тIеIаткъамаш хийцина республикера бакъдолу хьал.Цундела а ду цигахь билггал онкологица берш мел бу хаьа хала. Республикера онкологин хьал дикка къайладаьхьна ду.

Бельгехь йехачу бакъонашларйархочо Газиева Фатимас боху - и онкологи а, кхинйолу цамгараш а Нохчийчохь цу тайпа кхиаран коьрта бахьана экологи бехйаларца а, тIамо ницкъ барца а доьзна ду.

"ДагадогIу,"- боху Газиевас, -" тхо долче Нохчийчу дукха журналисташ а, Iилманчаш а богIура. Цаьрца вара Канадера цхьа профессор. Шен къамелехь цо элира цкъа: "Нохчийчохь кхин а 50 шарахь тIом боццушехь тIамехь санна адамаш лийр ду."

Австрерчу цхьана клиникехь болх бечу Нохчийн терапевто Исрапилов Халида сих-сиха тIе а оьцу, йуха специалисташна тIе а хьовсабо шен махкахой.

"Сайна тусаделларг дуьйцур ду аса",- боху цо,"- Нохчийчуьра Австрe онкологица схьадалийна бераш вуно генайаьллачу цамгаро хьийзош хуьлу. Кхузахь наггахь бен ца хаалун цамгараш дикка хьееллачу стадехь, чолхечу хьолехь карайо"

Бакъонашларйархоша санна, и дерриге хьал республикехь хиллачу тIемашца доьзна ду, боху цо а.

  • ЧГТРК - каналехь гойтуш дара: 2017-чу шарахь Нохчийчуьра могушалла ларйаран министро Сулейманов Эльхана Кадыров Рамзане "Н.Н Блохин цIарах мидал а, диплом а дIалуш". И диплом, схьадийцарехь, республикера рак эшорна тIехь дикка кхиамаш барна делла дара.
  • 2022-чу шарахь Оьрсийчоь Украине чугIортарца оьрсийн лоьраша хаийтира 80 тайпа молха шайна ца тоьуш хилар. Цу декъехь - инсулин а, берийн нурофен а.
  • Дагестан а, ХIирийнчоь а Оьрсийчохь онкологица долчу хьолехь уггаре халабохкучарех пхианна йуккъебогIуш лерира. Къаьсттина- 2020-чу шарахь.
  • ГIебарта - Балкхархойчуьра онкологи йолчу цамгархошна шайн куьйгалхочуьнга Коков Казбеке видео-кхайкхам бира, шайна законаца догIу а, оьшу а молханаш доцуш ду аьлла. Цара бахара, и молханаш эца шаьш леррина Махачкаларчу клиникашка даха дезаш хуьлу.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG